ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Норд-Ост -- йоьрзур йоцу чов


Оьрсийчоь -- 10 шо кхаьчна Норд-Остехь бохам хилла, 26ГIад2012
Оьрсийчоь -- 10 шо кхаьчна Норд-Остехь бохам хилла, 26ГIад2012

Суна хьалха Iуьллуш ю мажделлачу кехатан кийсаг. Цу тIехь язйина ю телефонан номер а, Бараев Мовсаран цIе а. 10 шо хьалха Москох Норд-Ост мюзикл дIайоьдучу Дубровкера театр дIалаьцначу деношкахь дина ду и йоза. Оха цу номерца телефон еттачу миноташкахь театран гIишлон штурм еш хиллера оьрсийн кхерамазаллин ницкъаш. Цундела аьтто ца белира тхан цун телефонах пайдаэца.

10 шо даьлла Бараев Мовсар коьртехь волчу тобано Москох театран цIа закъалтана дIалаьцнера герзашца хиллачу нохчийн тIемалоша. Йоьдуш спектакл а йолуш, сцени тIе хьалабевллачу тIемалоша дIакхайкхийнера, шаьш Нохчийчохь боьду тIом сацо Iалашо йолуш даьхкина аьлла.

Нагахь цхьана кIиранчохь Оьрсийчура Iедалша, шайн эскарш Нохчийчура ара а даьхна, тIом сихха саца ца бахь, я оцу хенал хьалха театрна штурм яхь, и гIишло оьккхуьйтур ю шаьш аьллера цара.

Амма Оьрсийчоьнан Iедал дагахь ца хиллера машарца кризис дIаерзо. Оьрсийн лерринчу ницкъаша театран цIа чу газ хеца кхо сахьт диссинчу хенахь нохчийн тIелатархой цхьацца Малхбузерчу пачхьалкхашка а, юкъараллашка а кхайкхам бан гIоьртинера, гIуллакх дIадерзорехь юкъарло лелор доьхуш. Амма Оьрсийчоьанан Iедалшна а, нохчашна а юкъагIорта лууш стаг ца велира.

Ткъа шаьш шайн дагахь юкъагIоьртинчу нахана, ша аьлча, нохчийн кIомах волчу политико Аслаханов Асланбека кхайкхам а бина, театран хьалха а веана, жигаралла гайтинчу Талхигов Заурбекана, иза бале делира.

Нохчийн тIемалоша Норд-Ост дIалацар емал дира дуьненаюкъаралло а, дуккха а пачхьалкхийн куьйгалхоша а. Царна юкъахь вара Ичкерин президентан векал волу Ахмадов Ильяс а.

Ахмадов Ильяс: «Президента Масхадовс а, тхан кьуйгалло а даиман а емал йора, хIинца а емал йо терроран акташ а, маьршачу нехан дахарна а, кхерамазаллина а дуьхьал лелош долу гIуллакхаш а. Тахана Москох хуьлуш дерг, цхьа а шеко йоцуш, Кремло болийначу тIеман къиза тIаьхьало ю.

Муьлхха а бохам хIинца хилахь, Оьрсийчоьнан Iедалан бехк хир бу иза. Кхин цхьа хIума а тIетоха луур дара суна. Оцу драмин массо а декъашхошка кхайкха луур дара суна, кхетаме хиларе».

ГIадужу-беттан 23-чу дийнахь суьйранна театре баьхкинчу нахана аьттехьа а дагахь хилла хир дацара, 2 эзар километр генахь боьдучу тIеман сурт Москох шайна хьалха хIуттур ду аьлла. Нохчийн тIемалоша мобилан телефонаш йолчу нахе уьш дIатоха бакъо еллера, дуьненна а театрехь хуьлрг довзийта дагахь.

Оццу буьйсанна тхан а аьтто белира театр чохь йолчу цхьана зудчуьнца телефонехула къамел дан. Цо иштта дийцира тхоьга театр чохь долчу хьолах лаьцна.

Закъалтана дIалаьцначерна юкъъара зуда: «Хьал сингаттаме ду. Массанхьа а эккхийтарш ю ехкина. Нах чIогIачу сингаттамехь бу. Ерриг а гIишло ю эккхийтарш ехкина. Тхоьца бала а кхаьчна, Iедало тхайх доладарна сатуьйсуш ду тхо. Жоьпаллехь болу нах а баьхкина, цара лортIехь дийцарш даре а, нах паргIат бахаре а сатуьйсу оха.

Дерриг а дан деза цуьнан дуьхьа. Уггара коьртаниг ду иза. Кху чохь дукха адам ду. Эзар стаг. ТIемалойн дехар цхьаъ ду – Нохчийчура тIом сацор. Дехар дIакхайкхийна ду. Коьртаниг и дехар оьшучу нахе дIакхачор а, къоманна довзийтар а ду. ХIунда аьлча, тхо кхузахь хьийзадо а, тхуна етташ ю бохуш а ца дуьйцуш, лортIехь проблема ерзор ду».

ХIоьттина хьал, дайина адамаш а доцуш, дIадерзо лууш болу нах а бара цу дийнахь театрна гонах хьийзаш. Царах цхьаъ вара Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан депутат волу Аслаханов Асланбек.

Цо телевизионехула кхайкхам бира, массо а Москох болчу нохчашка Дубровкерчу театрна го бан схьадьула аьлла. И план кхочуш ца елира Аслахановга. Цуьнан кхайкхамехь дакъалаца баьхкинарш дукха бацара. Амма баьхкинчарна бале делира цуьнга ладогIар.

Нохчийчн тIемалошца телефонехула къамел дина аьлла, лаьцна 8 шо ах хан яьккхира Шелара вахархочо Талхигов Заурбека. Шеца хилларг иштта дийцира цо Маршо Радионе, ша маьрша ваьлла дукха хан ялале.

Талхигов Зурбек: «Цо (Аслаханов Асламбека) кхайкхам бинчу хенахь, театр лаьцначу буса со Петарбухе вара. Сатоссучу хенахь бара цIерпошт. Цу тIехь со Москох дIакхечира. Цигара аса телефон туьйхира (Аслахановн) секретариате. Со веана ву, Асланбекана тIе стенга ваха веза со, аьлла хаьттира аса.

Цо (секретаро) Асланбекан телефон елира соьга. Юха цуьнга дIа а тоьхна, со хIара, хIара ву, со тIевогIур вара, дан дезаш долу накъосталла дийр дара аса, элира аса. Цо кольцо оцепления тIевола, тIевеъча, хаийта, элира. Со цига дIакхаьчча, дIаетташ йолу телефон схьаоьцуш стаг вацара.

ДIа-схьа лелаш, цигахь суна арахьара журналисташ бевзира Голландера а, кхеченхьара а. Цара суна тIе цхьа стаг валийра, цу чохь цуьнан зуда а, бер а ду, аьлла. Жиров вар-кх иза, Олег. Аса тIаккха, цхьа хIума а дац, бераш а, зударий а байа баьхкина бац и нах, цхьа хIума арадаьккхина лелаш бу. Царга ла ца доьгIча хуур дац, цара хIун боху, элира.

Са ма гаттаде, элира аса. Эшахь, (закъалтахойн метта) чудаха а, хийцадала а схьадаьхкина ду тхо, нохчий, элира аса. Юха, соьца «связаться» дира цхьана оьрсийчо. Иштта, оьрси ву ша, сотрудник ву ша, мичахь ву хьо, аьлла? Аса со волу меттиг йийцира

Цо, тIе а веана, со чувигира. Асланбекана тIекхачийра. Асланбека соьга цхьа кехат делира чохь (театрехь) долчу берийн номерш тIехь йолу. "Хьайн дIакхетачуьнга дIатоха, далург де" аьлла. Цхьа а контакт яцара церан. Уьш (тIемалой) хIун аьлла арабевлла бу хууш дацара цхьаннена а.

Телефон дIакхаьччи, со цхьанге а, шинне а вистхили. Цу чохь волчу Мовсаре (Бараевга) вистхила лаар суна, аьлчи, цара телефон Мовсаре дIа а кховдийна, со вистхилира. Аса элира, аша шаьш арабаьккхина некъ хIун некъ бу а, кхин дерг а хаийтичи, хIоккхузахь дийца а, лелон а атта хир дара, элира ас.

Цхьаъ и ду. ШолгIа, зударий а, бераш а, аш мелла а, цу чуьра (театрера) паргIатбаьхчи, тхуна а юьхькIам бара иза. Шуна а, арабаьккхина некъ лелон атта а хир дара, аьлла.

"Шаьш арабаьккхина некъ, чохь (Нохчийчохь) болу тIом сацабе, за стол переговоров ховша, кхин шаьш бохуш хIумма а дац" элира (Бараевс). "(ТIом) сацабахь, низам хилахь, шаьш цигара дIагIур ду", элира. "Ца хуьлий, шайна тIера докъан ламазаш а дина, лийр ду.

Шаьш дала даьхкина ду. Шаьш а ду, шайца зударий а бу" элира. Аса элира, соьга хIара номер елларг Асланбек ву... со вовза лууш бара уьш - мичара вуй, хIун дуй, бохуш хиттира. Со тIекхайкхина, тIевеана ву элира аса.

Асланбек Iедалан белхахо а ву, шу цуьнга дистхилча, цуьнца аш къамел дича, аша бохуш долу цхьадолу вопросаш решить далур дара аьлчи, цара иза тергал а ца вира. "Цхьа Асланбек а ца оьшу, оха дуьйцуш долу хIума цуьнга къаста а лур дац. Цуьнан карахь дац, шаьш арабаьккхина некъ къастор" элира цара.

"Чохь (театрехь) болчу нахе телефонаш дIасайоькъур ю, цара шайн цIахь болчарга а, массарга а телефонаш дIаса а тоьхна, тIом сацон уьш арабохур бу тIом сацабе аьлла", бохура. Цара иза дан а дира. Напряженный къамел а дацара иза, нормально, хаза дистхилира тхо.

Аса элира, (театр чохь) съемка а йина, хIума дича, чIогIа дика хир дара. Иза дан чувахийта иностранец везара, цара оьрсий воуьйтур вацара. Юха ас цигахь, Марк Франкетти бохуш ву иза, цу хенахь журналист вара иза, хIинца Санди Таймс шеф-редактор ву иза, цуьнца познакомиться а дина, цуьнга эли аса, иштта, чугIур варий хьо, аьлла?

Цо ша гIур вара, амма ша яздеш волу журналист ву, элира. Аса элира тIаккха, ахь камера яьхьча дIа а язъдийр дара ахьа. Цо тIаккха НТВ-ца договориться а дина, царгара камера яьккхира. Дукха подробносташ суна дага ца йогIу хьуна. Со схьалоцуш (ФСБено) сок (дIоьвше хилла) малийна, лаьцна ма вай. Дукха пробелаш ю сан».

НТВ телеканало гайтира цу камерица журналисто Бараев Мовсаран а, цуьнан накъостийн а яьккхина йолу видео. Бараевс элира, шаьш делла а, дисина а тIом сацо даьхкина ду аьлла.

Амма диканна кхойкхуш ца хиллера Талхигов Заурбек оперативан штабе. Цу хенахь Оьрсийчоьнан Iедалш штурмана кечам бина девлла хиллера.

Талхигов Зурбек: «ШолгIачу дийнан Iуьйранна а, Украинин Радин депутат вара иза Беспалов Олег Павлович, бохуш, изий, английский консул вара я цуьнан зам. вара, дага ца догIу суна, сой, виалгIаниг дага ца вогIу суна, тхо тIе хIун йоьхна хир ду аьлла барт а бина, Iуьйранна чудаха дезаш дара.

Цхьацца иностранный заложникаш бара цара схьалуш. Цу Iуьйранна иттаза веара суна тIе цхьа стаг. Цхьаъ вогIу, кхин верг вогIу, оьрсий бара уьш. Цхьа фотографеш хьажа везара, чувагIахьара хьо штаб чу, олу. ЧувагIахьара хьо, чувагIажара хьо... Ас эли "йиш яц сан".

Юха Асланбеке телефон тоьхна эли ас, иштта, и боху цара аьлчи, цо эли, чугIохьа, цхьана сурташка хьажа боху хир ду хьуна. ЧугIохьа, хIумма а дац, эли цо. Минус сан хIун ду хьуна аьлчи, аса журналисташка со юьхь тIера снимать ма ве аьллера.

Вуьштта, ши стаг суна тIе а веана, цаьршимма дIавигира со. Аса хаьттира со мича вуьгуш ву аьлла. Оцу хенахь туьйхир аса телефон Асланбеке. Цо хIумма а дац, суьрташка хьожур ву хьо элира. Штаб госпиталехь яра. Цхьана яьссачу палати чувигира со. ХIума кхоллий ахаь, элира соьга. Цхьа пакет яра иза. Хьакха тоьхна хIума яра. Булка а, хи а мер ду элира аса. Аса и хи «бисмиллахI» аьлла, къурд а бина, охьадиллира. ЦултIаьхьа хIумма а дага ца догIу суна.

Самаваьлча ИВС-ехь вара со. ШолгIа де ду иза. Штурм а хилла цигахь, нах а байина цигахь, дерриг а хилла цигахь. Цхьадолу хаттарш дагадогIу суна. Амма хIара ду аьлла, цхьа а хIума дага ца догIу суна.

Ястржембский, пхьарс тIера а лаьцна, чIогIа, "хьайга далуш дерг дахьара ахь" бохуш - Сергей Владимирович вара цигахь начальник штаба - до последнего кольца тIе а вигина, юха и накъост (Франкетти) неIарна (театран) тIекхаччалц, дIа а вигина, холл чохь мохь а биттина, "хIара тIевоуьйтуш ву шуна, тIевоуьйтий"? Юха цара (тIемалоша) тIеваийта аьлла, иза дIа а хаьжийна, ара а ваьлла, схьа а веана, чу а вахана со оцу здани (штабан) чу. Къайлаха лелла ма ваций со.

Цара суна бехке диллинарг ду, суна дага дан мегара царна гIо дан аьлларг. Аса, нохчаша олуш ма-хилла «сан ваша» бохуш къамел динера. Цара иза лаьрра цу чохь берш сан вежарий болущш санна. Цкъа дуьххьара I4 шо кхайкхийра суна. Амма тоьхнарг бархI шо ах шо дара. И бархI-ах чохь а даьккхина, араваьлла-кх со».

Дубровкехь хилларг толлуш, Оьрсийчоьнан талламхой тIаьхьакхиа аьтто ца болуш дисинарг ду театр чохь хилла нохчий боцурш, арахь а церан баккъалла а болу накъостий хилла хилар. Ишттачех цхьанца къамел динера ша 2003-чу шеран гурахь бохуш, дуьйцу карарчу хенахь Белгехь ехачу Милана цIе йолчу зудчо. Цуьнан цIе оха хийцина цуьнан дехарца.

Милана: «Шен декхар арахь сацар дара бохуш, дицира цу зудчо. Уьш набахташкара арабоьвлла бара бохург бакъ дац. Шаьш цига вахаранарг 40 стаг вара, царна юкъахь 19 зуда а яра, бисанаш къентий а бара бохура цо.

Аарахь йолу операци яр а ца нислуш юхаяр нисделлера цуьнан, цуьнца волчу накъосто омра а делла. Цига бахар Iалашо тIом сацабайтар дара. Москох а дахана, закъалтана нах а лийцина, дехар дича, тIом сацалур бац те, эскар арадоккхур дац те аьлла, Iалашо йолуш дара шаьш бохуш дийцара цо».

Дубровкехь хилларг цу кепара ирча тIаьхьалонаш а йолуш дIадирзинчул тIаьхьа Нохчийчоьнан президенте Масахадов Аслане хаьттира оха цуьнан хIун хьежамаш бу, цхьацца кхерамаш а туьйсуш, шайн аьлларг кхочуш дайта гIерташ болчу нахах лаьцна аьлла. Цо доццу жоп делира цу хьокъехь.

Масхадов Аслан: «Сан куьйгакъеллахь берш федералан эскаршна дуьхьал тIом беш болу нохчийн муджахIедаш бу. Аса царна цкъа а омар дина дац, хIусам экххийта аьлла а, я миска стаг ве аьлла а.

Аса дина омар ду тхайн муджахIедашна, герз охьа а диллина, дIаводахь, милцошна а тIе герз ма тоха аьлла, нохчо верах ларло аьлла. Къоманна дуьхьал диверсин белхаш ма бе аьлла».

10 шо даьллехь а, замано бай ца бина театрна штурм еш йийначу 14-шо хиллачу Нинин ден Миловидов Дмитрийн бала. ОьгIаз а оьхуш, дуьйцу цо 57 сохьтехь нохчийн тIемалоша закъалтана лийцина нах маьрша боху аьлла, цуьнан йоI а юьш 2002-чу шарахь ГIадужу-беттан 26-чу дийнахь кхимаза дIаяьхьначу кхелхьадахаран операцех лаьцна.

130 стаг вийра цу операцехь. Царах дукхах берш, шайна юкъахь Нина а йолуш, белира тIемалой эшор Iалашонца Дубровкеру театрна чухецначу дIаьвшен газах.

Миловидов Дмитрий:
«Лелийначу лерринчу газо Iаткъам бина садаIаран центрна. Цу гIуллакхо саций садаIар. Са а ца доIуш, мел Iалур ду адам? Таккха дог сецна. Цу тайпа дIаьвшах пайда эцнера тхан берашна дуьхьал».

Миловидов ша цу сарахь вацара 40 сов стага Дубровкерчу театрехь, Норд-Ост спектакл гойтучу сцени тIе а иккхина, цу чохь волу 700 стаг закъалтана а лаьцна, Нохчийчура тIом сацор Оьрсийчоьнан Iедалшна тIедожош.

Нина цу спектакле хьажа яханера шен 12 шо долчу йишица Еленица. Бераш дIахеца тIемалой реза хилча, Нинас дехнера ша а, шен йиша а араялийтар. Амма дIахецнарг яра жимах йолу Елена.

Миловидов Дмитрий: «Нина цу чохь йисира.Даиман а. Цара иза дарбанцIийне а ца йигинера, цара цунна дарба а ца лехнера, документаш гойтуш ма-хиллара. Цара автобус чукхоьссинера иза, телекамерех къайлайоккхуш».

Дубровкерчу театрехь беллачеран гергарачара дийцарехь, царах дукхах берш белла, шен хеннахь лоьрийн гIо цакхачар бахьана долуш. Цу наха бехке деш ду Оьрсийчоьнан Iедалш, и нах бойуш шайн бехк хилар даре ца дарна.

10 шо даьлча а талламхошна хууш дац уьш баларан билггала долу бахьана. Цу балех хьалхабевлларш а, беллачеран гергаранаш а оьгIаз оьхуьйтург ду Iедалшна шаьш лелийнарг хIун газ ю дийца лууш цахилар.

Оццу хенахь Iедалша чIагIдо цхьа а бер делла дац, театр гонехь латтош бохуш. Амама беллачеран доьзалша дуьйца, лаххара а 10 бер цу театрехь дийна, ткъа 69 бер да, я нана йоцуш дисина бохуш.

Iедалан векалша шаьш динарг дика гIуллакх дара бохуш, дIахьедарш дира. Массо а тIемало вийна шаьш, эскархошна юкъахь дараш а доцуш бохуш, дазаллаш дора цара. Амма тIаьхьо гучуделира баккъал а хилларг. Видео тIехь гуш ду кхетамчура бевлла закъалтхой, театрера ара а текхош, автобусаш чукхуьссуш.

Царна гIо деш хиллачу лоьрийн аьтто ца белира цхьаболу нах кIелхьара баха, Iедалша хецнарг хIун газ ю ца хууш.

Карпова Татьянас дуьйцу шен кIант, вевзаш волу композитор Карпов Александр, лоьрийн машен чохь веллера, 7 сахьт автобус чохь декъешна юкъахь даьккхинчул тIаьхьа бохуш.

Карпова Татьяна:
«Сан кIант велла суна мостагIчунна а хила луур доцучу Iожаллах. Цхьа а деш гIо а доцуш, 7 сохьтехь Iиллина иза беллачу нехан декъешна юкъахь. Цигахь цу тайпа хIуманаш дуккха а хилла. Тхо цкъа а къинтера девр дац, иза дарна».

Норд-Остехь байинчу нехан гергарачара а, цигахь эшам хиллачара а бехке во Путин Владмир, цо дIаьвшен газ лелон бакъо луш омра а делла, цултIаьхьа хилларг хьулдеш дакъалацарна.

Стохка ГIуран-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело сацам бира латкъам бинчу 64 стаганна 1 миллион 300 эзар евро барамехь компенсацми ло аьлла. Цо сатийсам беллачу наха кху баттахь юхаталлар дийхира Норд-Остехь хилларг. Амма 10 шо даьллехь а бакъдерг цаьрга дуьйцур ду олийла дац.

Иштта ойла йолуш ву, масала, кхерамазаллин хаттаршкахула волу эксперт Сухов Иван.

Сухов Иван: «Юкъараллан балакхачар а дIадаьлла, тIехула тIе, оццула дукха шераш девллачул тIаьхьа, цхьаъ каро хала а хир ду, таллам беш хилча а. Амма и гIуллакх дижа ца дуьту, масала, Оьрсийчоьнан Федерацехь адаман дахаран оццул бораха мах хадорца йоьзначу проблемина тIе тидам бахийта гIерта тоба санна болчу наха. Амма таллам беш цаьрга цхьа а хIума далур ду аьлла, ца хета суна».

Амма Дубровкехь беллачеран гергарачарна шаьш деккъа бакъдерг лоьхуш къийсина аьлла ца хета.

Карпова Татьяна: «Цхьаьнгге а алалур дац, цу тайпа хьал юха хIуттур дац аьлла а, цу наха иштта ледар кIелхьардахаран операци дIахьур яц аьлла а. Оха иза до цу тайпа, оха лайнарг санна бохам, кхин ца хилийтар Iалашонца. Иза ду оха къуьйсуш дерг».
XS
SM
MD
LG