ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхин а цхьа жима стаг вайна Нохчийчохь


Нохчийчоь -- Нохчийн полицин дакъо Соьлж-гIалин урамашкахь.
Нохчийчоь -- Нохчийн полицин дакъо Соьлж-гIалин урамашкахь.

ГIалгIайчоьнца дозанехь йолчу Эха-Борзехь вехаш волу 24 шо долу Магамаев Iийса ву меттигерчу низамхоша лоьхуш верг.


Иза дан долийна цара, оцу кIентан нанас орца даьккхинчул тIаьхьа. И жимастаг масех де хьалха ГIалгIайн махкахь йолчу Сипсо-гIалахь бехачу шайн гергарчаьрга воьду аьлла, цIера ваьлла хилла.

Сарахь иза дIакхаьчний хьажа цуьнга телефон тоьхча, дуьхьала жоп луш ца хилла цхьаммо а. Цул тIаьхьа телефон а дIаяйна. Сипсо-гIалахь болчу цуьнан гергарчаьрга, телефон а тоьхна, хаьттича, цара иза шайга кхаьчна вац, аьлла жоп дела.

Шен кIантана сагатдечу нанас Магамаева Лизас, шаьш дехачу Сунжа-кIоштарчу полице арз дина а ца Iаш, луларчу ТIехьа-Мартан а, Хьалха-Мартан а кIошташкарчу полице а дина шен кIант лахахьара, аьлла дехар.

Полицерачу хьостано даре деш ду, шайга и арз кхаьчна хилар. Цу тIехь болх беш ду шаьш, бохуш хаамаш бо цара. Амма хIара коьрта ю аьлла цхьа верси билгал яккхина яц низамхоша.

Хууш дерг ду, масийта верси толлуш хилар. Царна юкъахь ю и жимастаг, шен цIера нах Iеха а бина, тIемалойн тобанех дIакхетна хила мега бохург а. Амма, цуьнан нанас, Магамаева Лизас, иза аьттехьа а бакъ дац, бохуш чIагIдо. Сипсо-гIалара ша юхавирзича, шен воккхах волу ваша вехачу Пермь-гIала болх бан ваха дагахь вара иза, боху цо.

Мухха а далахь а, кIоштан полицин белхахоша, шаьш оцу хьолехь дан дезаш дерг дийра ду аьлла, и гIуллакх тIелаьцна. Амма бакъонашларярхой башха дегайовхонца ца хьоьжу Нохчийчохь болчу талламхошка, ишштачу хьолехь муххале а. ПIераскан дийнахь «Къизаллашна дуьхьала комитет» цIе йолчу бакъонашларярхойн вовшахтохаралло зорбане яьккхина, шаьш кечийна йолу талламан артикал.

Цу тIехь, кIорга чулацамца, баккъалла а хилларг бен бухе а ца дуьллуш, мах хадош бу таханлерчу Нохчийчохь болх бечу низамхойн. Полицерчу а, прокуратурерчу а, талламан комитетерчу а талламхойн аьтто бац, тахана шай белхан декхаршца богIуш болу болх дIабахьа, бохуш чIагIдо бакъонашларярхоша.

Цундела, боху цара, кIоршаме зуламаш, стаг лачкъор санна дерш, гучудовлуш дац дукхахьолахь. 5--6 масал а даладо цара шайн артикалехь. Царах цхьа а гIуллакх, теллина, чекхдаьлла дац, талламхошна леррина еш йолу новкъарлонаш бахьанехь бохуш, тидам бо «Къизаллашна дуьхьал комитет» цIе йолчу бакъонашларярхойн организацино.

Нохчийчохь нах бовш хиларх лаьцна дуьйцуш хилча, хьахо богIу Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖаIаран Комитетан Къилбаседа Кавказехь долчу декъо гIарбаькхкина болу хаам. Цо дийцарехь, оцу комитете шайн стаг вайна аьлла, 2300 сов арз дина цу регионерчу бахархоша. Царах мел лаххара а 2000 стаг Нохчийчохь вайна ву.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG