ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пирвелин Мехала Мисси


Австри -- Нохчийн юкъараллин жигархой Нохчийчурча тIаманна дуьхьал хьажийна акци дIахьуш бу Венехь. 23Стиг2007
Австри -- Нохчийн юкъараллин жигархой Нохчийчурча тIаманна дуьхьал хьажийна акци дIахьуш бу Венехь. 23Стиг2007

Нохчийн мухIажарш цIабахийтарехь жигара хьийзаш ву Австрехь вехаш волу гуьржийн оппозицин политик.

Нохчийн къам махках даккхарна леринчу митинге гулбеллачу Венерчу мухIажаршна тIевеанера Пирвели Леван, шеца масех стаг а валош. Дукха хан йоцуш Австрин Маьршачу Партин делегацин декъехь ша Нохчийчу вахар а, цигарчу куьйгалхошца шен хилла цхьаьнакхетарш а, цу цхьаьнакхетарийн жамIаш а довзийтира цо.

Цул сов, меттигерачу вайнахалахь юха цIехьаберзаран хьокъехь агитаци ян а, Нохчийчурчу тоделла, кхиинчу хьолан исбаьхьалла йийца а, цIаваха резахиллачунна Австрин Iедалша дан кечдина долу дикнаш довзийта а дагахь вара иза.

Ткъа Австрехь вехаш волу и гуьржийн совдегар мича Iалашонца араваьлла меттигерачу нохчийн мухIажарийн гIуллакхаш дIанисдан бохучунна цо ша иштта жоп делира.

Пирвели: Цкъа делахь, со со а ву мухIажар, бархI шо ду суна сайн Даймохк ганза, цундела и тема суна хийра яц. ШозлагIа делахь, сан гергара юкъаметтигаш ю Штрахеса куьйгалла дечу Австрин Маьршачу Партица.

Со цу партина массо а хIуман тIехь гIо деш ву. ХIокху хьолехь вайн политика дукха чолхе хIума долундела, иза а ца хьехош, иза юьстах а дитина, оха сагатдеш долу хIума цхьаъ бен дац Австрехь бехачу нохчийн хьал муха тодийр дара теша, бохург. Иза Австрина а санехь хир дара, иза кхузарчу нохчашна а санехь ду.

Пирвелис дийцарехь, Австрерачу Маьршачу Партин куьйгалхойх цхьаъ волу Гуденус Йохан а, цуьнан накъостий а Нохчийчу бигар цуьнан идея яра.

Пирвелис нохчийн мухIажаршка дийцира, хIора а шен лаамца Нохчийчу юхаверза кийча волчу мухIажарна Австрин Iедалша цIахь бизнес йолон кредиташ лург хилар а, царна цIехьа боьдучу некъанна харжаш лург хилар а, ткъа цул сов Нохчийчурча Iедалша цIехьа бирзинчаьрна массо а оьшу хIума, ур-атталла чохь Iен хIусамаш а тIехь а, нисдийр долуш хилар а.

Ткъа нагахь мухIажаршна цIаберза ца лаахь, иза а мегаш ду, элира цо. Кхузахь, Австрехь, шуна лерина культуран центр кхуллур йолуш ю, шун шайн Даймахкаца зIенаш чIагIъярхьама а, шу шайн махкахошна пайдена хилийтархьама а, аьлла.

И доллу диканаш, Пирвелис дийцарехь, Австрерчу Маьршачу Партино деккъа цIена гуманитаран бахьанца деш ду меттигерачу нохчашна.

Пирвелица Нохчийчу вахана хилла волу Маьршачу Партин куьйгалхойх волу Гуденус Йохан Австрехь бусулба динца а, кхечу махкарчу, къаьстина Нохчийчурчу, мухIажаршца уггаре а гома болчу политикех цхьаъ ву.

Масала, Гуденусан уггаре а шуьйра девзачу дешнех ду, цо шен цхьаьна къамелехь Австрехь вехаш волу массо а нохчийн боьрша стаг кисан дилина нана-доккха урс а долуш лелаш ву аьлла чIагIдар.

Ткъа иштта Австрехь беха нохчийн мухIажарш социалан системаца жоьлгаллаш лелош бу алар а. Ткъа и стаг, Пирвелис дийцарехь, хIинца цIеххьана вайнехан мухIажарийн бала бадийна араваьлла.

Ша Пирвелис Гуденус нохчашца гамо йолуш вуй боху хаттар жоп ца луш дитнехь а, амма Маьрша Парти бусулба динна гома ю бохург бакъ дац элира.

Пирвели: Иза данне а бакъ дац, Маьрша парти бусулба динна дуьхьал ю бохург. Иза эладитта ду. Царна ца дезарг бусулба дин дац.

Царна ца безаш берш, олуш ма-хиллара, шайн Iадаташ а дохьуш хийрачу килсе леларш бу. Ткъа антиисламизм иштта дIа кхин а бохуш долу хIуманаш, уьш церан мостагIаша даржош хIуманаш ду.

Ткъа меттигерачу аналисташна хетарехь, Маьршачу Партин куьйгалло бусулба пачхьалкхийн векалшца гергарло лелоран бакъдолу бахьана – иза цу партино бусулба пачхьалкхашкара шен харжамийн кампанешна ахчанаш эцарехь хила мега.

Изза хилийте хIинца цу партин векалш Нохчийчу бахаран бахьана аьлла йолу шеконаш йовзийтира, масала, „Винер Бецирксблатт“ газетин агIонашна тIехь цу газетин коьртачу редакторо Ландграф Томаса.

Цо дийцарехь, оцу кепарчу шеконашна хIинцалца схьа цкъа а кхоччуш жоп ца делла Маьршачу Партин векалша.

ХIора а меттигера политик ша официала дозанал араволуш Австрин арахьарчу гIуллакхийн министралле хаам бан декхарийлахь ву низамца. Ткъа ГуденусгIара шаьш Нохчийчу доьлхий ца хаийтина, шаьш цигара юхадерззалц.
XS
SM
MD
LG