ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчоьно 100 процент Гергга Кхаьжнаш Тесна Путинехьа?


Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан самукъадаьлла тlaраш детташ ву шен Соьлж-гlаларчу офисехь, 05Заз2012
Нохчийчоь -- Кадыров Рамзан самукъадаьлла тlaраш детташ ву шен Соьлж-гlаларчу офисехь, 05Заз2012

Москохана муьтIахь долчу Нохчийчура Iедалдайша дIахьедар дина, Путин а хоржуш, даладелла дIабирзина республикехь президентан харжамаш, аьлла. Къоман боккъалла а болу лаам иза хилар бакъ ца до шаьш бахархоша. Маршо радион корреспонденте Хасимиков Iусмане латкъамаш бина цара, шайн кхаьжнаш Путинна дерзийна, шаьш и ца хаьржинера, бохуш.

Оьрсийчоьнан рогIера президентан харжамаш тIекхача кIира хьалха дуьйна а Нохчийчохь официалан дIакхайкхош дара, цуьнан жамIаш стохка чекхбевллачу парламентан харжамел лахара хила йиш яц, бохуш.

Тахана Iорабаьккхинчу хаамца кхузахь кхаж теснарг 100 % гIертташ нах бу. Вуьшта аьлча, ах процент а бац, кхаж а ца тосуш биснарш : шайн аьзнаш дIадала мало йина цIахь Iийнарш а, цу кампанехь дакъа лаца ца лиънарш а, махках бевлларш а, цхьана ханна цIерабевлларш а, лазарнехь я цIахь цомгаш берш а.

Цу юкъахь бу Путин Владимирна а ца луш, кхечу кандидаташна кхаьжнаш дIаделларш а. Дуьйцург кхачо йоллуш кхето атта хилийтархьама аьлча, Нохчийчохь 100 харжамхошна юкъахь цхьаъ ца ваьлла цуьнца къовсабеллачаьргахьа дог-ойла лаьтташ я кхаж тосийле ца воьдуш а.

Нохчийчохь урхаллехь болчарна юьхькIаме, Путин Владимир нохчийн къоман воцуш ца терг волчуха, Москохана гергахь, бIаьрла сурт кхуллуш дIайирзина махкахь рогIера Оьрсийчоьнан президент харжаран политикан кампани.

Цхьана юьртара масала

Оццул лакхара гайтам муха кхоллабелла аьлла ахкаме а ца волуш, цхьана а юьртан я кIоштан цIе а ца йоккхуш дуьйцу ас цхьана билггалчу юьртахь чекхбаьхначу харжамех.

Изза сурт-хьал, кеп а ю кхечу меттигашкахь ларъйинарг а. Шиъ харжаман туп йолуш, виъ эзар сов кхаж таса бакъо йолуш стаг веха эвла ю со кхаьчнарг. Цу виъ эзар сов харжамхочух цхьаъ бен ца ваьлла цигахь Зюгановгахьа кхаж тосуш, вукхара массара а, Путин хаьржина президент. Цунна тоьшалла до,суна цIе йоккхийла ца луъчу, аса ларамаза дIаязвинчу цу эвларчу юьртдас.

«99,9 харжамхоша кхаж тесна юьртахь. Цхьамма Зюгановгахьа кхаж тесна, кхечара массара а Путинехьа. ХIинца санна нийса харжамаш хилла а бац кхузахь»

Iедалийн хIуьттаренна Прохоровгахьа, Зюгановгахьа а кхаж тесна

Воьдуш лаьтташехь, харжамех масех дош аьллачу юьртдас, бIаьрган негIар а ца тухуш къаро йо, хIинца санна, адам меттах а даьлла, цIена харжамаш махкахь хилла а бац бохуш. Цо дуьйцург мел бакъ ду я дац аьлла, шеконе а ца доккхуш даладо аса цуьнан юьртахь кхаьжнаш тийсинчу нехан тоьшаллаш.

Цара дуьйцург инзаре дацахь а, тамашийна хетало. ДIа ладоьгIча, кIезиг бац могIарерчу юьртахошлахь Прохоров Михаилана шайн аьзнаш дIаделларш.

- Ахьа Прохоровна кхаж тасар бахьана хIун ду?

«Валлай тесна кхузахь болчу Iедалдайн хIуьттаренна. И Путин бIаьрга схьаван ца везаш мел дукха адам ду хаьий хьуна кхузахь. Аьхка белхаш беш хилла со ШуьйтIа кIоштехь. Иза хьахийча дог керча церан»

«Телевизор чухула цу харжамех дуьйцуш цхьаъ ду, ткъа бакъдерг кхин ду. Аса а, суна хууш, сан чуьра гергарчара а – иссаммо - Прохоровна дIаделла аьзнаш. Ткъа кхузахь цунах цхьаммо а кхаж тесна а бац боху. И муха хуьлу? Тхан аьзнаш тIома а девлла, Москох дIадахна? Ша-ша и хаьржина бохуш мел дукха бу кхузахь…»

Оццу юьртахь иттаннашкахь, ткъаннашкахь багарбаллал бу Зюгановна кхаьжнаш дIаделларш а.

«Аса а, тхан чуьрчара а Зюгановна кхаьжнаш тесна. Дера тесна, кху Iедалан пуьташ, харцонаш кIорда а йина. Суна и коммустийн Iедал кхарел а гIолехь дар-кх. Балхахь боцчех, дукхахболчара цунна а, Прохоровна а дIаделла шайн аьзнаш. Ткъа Iедалан балхахь болчара Путин хаьржина»

Ала дашна кхаж таса ца лиънарш а бац кIезиг. Ма-дарра аьлча, уьш массарел а алсам буй техьа, аьлла бу. Иштачех ву хIара къамел деш вверг а.

«Со харжамашкахь хилла вац. Хилла вац, Iедалехь болчара лелориг гуш, церан жамIаш хьалххехь дуьйна а хууш долун дела. Сан кхожах цара хIун дина ала суна ца хаьа. Амма со Далла а, нахана а хьалха цIена ву. Харцонаш лелийнехь, цара шаьш жоп лур ду. «Хьан умматехь пуьташ буьттурш хир буй? – аьлла хаьттича, Пайхамара аьлла боху: «Ледарлонаш йийр ю амма сан умматехь пуьташ буьттурш хир бац» аьлла. Хьарамлонаш лелийнехь царна шайна ду-кх. Iедалехь берш бусалба ца хилар гойту-кх цо…»

Политикашка а, Iилманчашка а жоп ца дала даллал доккха хIетал-метал ду бахархой кхаьжнех хилларг. ХIиттийна веб-камерш а йолуш, бIаьрг ирбина само еш, тIехьоьжуш тергамхой а болуш, гIамаро хи санна дIахуьйдина я Iаь хилла хIаваэхь дайна церан аьзнаш, хууш дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG