ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойн махкара цIа баха гIо лоьхуш бу цигара цхьаболу нохчий


Туркойчоь – Урамашкахь мах беш лолош йолу декъаза варданаш ю Истанбулерчу цхьана хIусаманна уллехь лаьтташ, Истанбул, 26Чил2012
Туркойчоь – Урамашкахь мах беш лолош йолу декъаза варданаш ю Истанбулерчу цхьана хIусаманна уллехь лаьтташ, Истанбул, 26Чил2012

Оьрсийчоьнан регионаш кхиоран министраллан куьйгалхочо Басаргин Виктора дийцарехь, махкал арахьа бехаш болу Оьрсийчоьнан махкахой цIабига дагахь ду Iедалш. Цо чIагIдарехь, церан терахь хир ду хIора шарахь 50 эзар стаг. Цу Iалашонна дайъа дезар ду хIора шарахь цхьа миллиард сом, аьлла, хеташ ву министр.

Нагахь Басаргин Виктор баккъалла а шайн махкахошна накъосталла дан лууш валахь, иза дан меттиг тахана болуш бу. Масала, иттанаш нохчий бу тахана тIамах къаьхкана а, кхечу цхьацца бахьанашца а Туркойн махкахь цIабаха аьтто боцуш бисина. Тахана а новкъа бовла кийча бу и нах. Амма туркойн дозанхоша ара ца бовлуьйта уьш шайн махкахь, кехаташ а доцуш, хан яккхарна гIуда ло бохуш. Царах ю Маршо Радионе ПIераскан дийнахь телефон тоьхна йолу Зарган цIе йолу зуда. Цо шен истори иштта йийцира тхоьга.

Зарган: Тхо кху Турце догIучу хенахь цIийнда валош еанера со. ЦIа яха бух ца хиларе терра а, деккъа тхайн догIмашца тхой дисина хиларе терра тхо кхузахь севцнера. Тхан паспорташ дIадевлла а ши шо хан ю. Оха консультве чуделлера (кехаташ) паспорташ дахийта. Суна паспорт делира, сан цIийнаденна а, сан къантана а цара паспорташ ца делира. ТIаккха кхеран Iедална прописка яийта тIе дахча, паспорташ чекхдевлла ду, шуна дала йиш яц шайн, боху. Балха даха бакъо луш яц тхуна. Цхьа а агIо яц. ЦIа гIур дара тхо. Тхайна депорт йича а магийтара оха, тхо цIа гIур дара штраф ма яккха алахьара аша, аьлча, иза шайн бала бац боху цара. Аэропортехь болчерца дийца боху. Аэропорте а дахана, тхо дехьа довлийта аьлча, I8 эзар доллар ца делча тхо дехьа ца довлуьйту.

Кхеташ ду радион аьттонаш боций цу нахана ахчанца-бохчанца гIо дан. Амма и таро а йолуш, шайн махкахошна гIо дан а лууш нах бовлахь шу муха лаха деза, аьлла, хаьттира оха Заргане.

Зарган: Тхо цIа дахча кхузахь буьсуш болчу нахах къахета. Оха ма-дарра дуьйцур дац кхузахь долу хьал. Даладелла хьал дац. ЦIа дах лаар ду-кх кхин хIумма а дац. Тхо цIа дахарх ма ца тоьа... Бухубуьсуш болчу нехан меттиг йохо ца лаьа.

Ткъа муха хене бовлуш бу махках бевлла Туркойн махкахь бехаш болу вайнах? Заргана дуьйцу.

Зарган: ХIоккхара нах чIогIа халчу хьолехь а бу, во хьал долуш а бу. ХIокхера Iедало абсолютно тергал беш нах а бац. Ца боьвллачу денна шайн са дадийна баьхкина нах бу кхузахь берш. Дукха гIаддайна хене довлар ду тхан. Делахь а кхузахь, валар-висар а хилла, дакъа цIа хьучулла а, вайна цIа дахар гIоле ду, мел хIуъа дийцича а бухулахь берш вайнах бу-кх, аьлла, цIа даха девллера тхо.

Нагахь хIара гIуллакх дагах кхетна стаг валахь тхоьгахь йолуш ю цу нехан контакташ.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG