Маршо радио: Хьан вовшахтухуш ю конференци? ХIун Iалашо ю цуьнан?
Рахьман: Вай нохчийн къоман дерриг дуьнентIехула дIасадахана ду. Шаьш бехачу пачхьалкхашкахь школашкахь доьшуш нохчийн бераш. Лакхарчу школашкаь, университеташкахь доьшуш бу. Баккхийнаш шайн белхашкахь бу. Ткъа кегий нах вовшах а кхетта, нохчийн мотт биц ца бан а, кхин дIа бийца а и ойла йолуш цара шаьш вовшахтухуш ю иза.
Маршо радио: Мотт боцург кхин хIун ду аша дуьйцур дерг?
Рахьман: Тхан коьрта Iалашо маситта ю.
Нохчийн кегийрхой вовшах а кхетта, нохчашна а, оьрсашна юкъахь барт-машар карабар - иза цхьаъ ду.
Кхин дIа йолу Iалашо нохчийн гIиллакх-гIуллакх лардар, диц ца дар, карладаккхар - иза шолгIа ду.
ТIаьххьарниг - кху дуьненчохь нохчийн къомана гIо лахар. Къоман бух чIагIбар а, нисбар а. Иза кхолагIа а ду-кх.
Маршо радио: Бераш муха карйира шуна массо а Европерчу а, кхечу а пачхьалкхашкахь?
Рахьман: Муха карийна аьлча, ша-ша организацина юкъавазве бохуш 6 эзар кIант-йоI ду. Бакъдерг дийцича уьш лах оьшуш а бац. Массо меттехь болуш бу.
Маршо радио: Бераша уьш мотт буьйцур бу конференцехь? Ахьа ма-алларра, иза бийцар галдаьлла ду. ДIа бах-баханечехь бухара мотт буьйцу я оьрсийн мотт буьйцу нохчаша шаьш гулделлачехь. Аша буьйцур болу юкъара мотт хIун мотт бу?
Рахьман: Оцу конференцехь оха буьйцур берг тхайн ненан мотт бу. Иза нохчийн мотт бу. ХIунда аьлча, мел волу нохчийн жимастаг, Нохчийчуьра уьш арабовларх, нохчийн мохк цара дIа ца тесна. Шайн махкаца йолу зIе дIа ца хадийна. Иза дIа ца хадийта йина а ю и организаци. Цуьнан шен цIе а ю "Нохчийчоь" аьлла. Оха буьйцур бен нохчийн мотт бу, Дала мукълахь.
Маршо радио: Кхин дIа планаш муха ю шу? Шу хIинца дуьххьара цхьанакхеташ ду.
Рахьман: ТIейогIуш йолу планаш Эстонехь хир йолчу конференцино къастор ду. Иза къастон гуллуш а ду тхо. ХIоранна иза къастийта. Цига баьхкинчара шайна хетарг дуьйцур ду, шен хила езара боху Iалашо йовзуьйтур ю. Шена луучуьнан шена хетарг ала йиш хир ю цу конференцехь. Цигахь къаьсттинарг хир йолуш ю тхан Iалашо.