ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iуьргара лаьхьа баккха деха дийца а ца оьшу Нохчийчохь


10 шарна набахте йолла мега Шелан кIоштара яхархо. Цунна бехке дуьллуш ду цо цхьа хан хьалха махлелочу стагера йохка хIума схьа а эцна, цуьнах ахча дIаделла цахилар.

Шена динчу зенан барам оцу стага лерина цхьа миллион 300 эзар сом, цуьнах хаам бина республикин прокуратуро. Нагахь санна хинйолчу кхиэло иза бехке ларахь, лакхахь юьйцучу ханна чуйолла мега и зуда.

Нохчийчохь тIом сецначул тIаьхьа дуьйна жигарабевлера цхьацца бозбуунчаллаш Iедало республике чутоьхна ахча дукха долу дела, царна атта дара кехаташ нисдеш а, компенсацеш а схьаоьцучу нахана юкъахь лела.

Царах цхьаберш, уггаре а хьекъал дерш даржашка а бахана, амма дуккха а нах царах тахана а шайн каяьлча, нехан кисанна куьг дохуьйтур долуш бу. Бозбуунчаллаш дукха хилар, оцу хенахь кхиам санна а лорура меттигерчу цхьана журналистийн могIанашкахь. Иза, цунна хетарехь маьрша дахаран ца хила йиш йоцу билгало ю.

Мах лелочу стагана гонах даима хилла ахир а бу, цуьнгара хIума ца южу теша, я гал ца волу теша бохуш, ша чагIалкхаш санна лела нах, бохуш оцу хьолах иштта элира совдегархочо Омаев Салмана.

Омаев: «Йохка-эцар лелочу нахана нислуш хIума ду иза. Хьоьгахь сурсат далахь, иза дIа а духкур дара, хьоьгара бен иза оьцур а дацара олий, хийла стаг тIе а веъна. Иттанах бархI стаг шаьш деллачу даш тIехь чекх а ца волу. Суна мел нисвелларг шаьш аьллачу хенахь ахча схьалуш а ца хилла, я сурсат а схьа ца делла».

Бозбуунчийн кепаш тайп-тайпана хуьлу. Амма коьрта низам – Iехочу адаман тидам бижор,хийца ца делла. Iадатехь ма-доггIу, шайн вежаршкара а, дегара а жоп дехарна а ца кхоьруш лела. Масала, Соьлжа-ГIалара яхархочо Мустаева Зинаидас юьйцу зуда санна.

Мустаева: «Цхьаьннан неIарга вахана стаг, шегахь долчу кехатца. Ахь соьгара даьккхина декхар ма дара аьлла. Аш хIун дуьйцу аьлла оцу зудчо. Хьо нийса ца веъна. Хьажал сан паспорте аьлла. Иза гайтича, цу тIехь и фамили а ца хилла.

Ванах, зуда, хьо а ма ю ас ахча делларг, ткъа паспорт иза ма дац аьлча, хIан-хIа, аьлла цо. Иза талла волавелча, и зуда маре а яхана, фамили а, цIе а хийцина къайлаяла гIоьртина и. Иштта «хьекъале» нах а бу-кх вайн».

Бозбунчалла лелочу нехан коьртаниг ду хаза къамел а, иманехь духар а. Коча суьлхьанаш а оьхкина, бусалба духар лелочу стага шаьш муха Iехийра дуьйцу Соьлж-ГIалара яхархочо Минкаилова Залинас.

Минкаилова: «Бусалба духар дуьйхинчу стагах теша ма теша хьо. Цо Iехор вац аьлла хета-кх. Амма дукха бу вайн бозбуунчаллаш. Тахана йишин петар яра оха мехах нах чубуьтуш. Иштта стаг витнера цу чу. Iан а Iийна, шина баттана ахча дIа а ца луш, телефонаш дIа а яйъина къайлаваьлла иза. Хьанах теша деза вай хIокху дуьненчохь?».

Хьалха санна, Нохчийчохь даккхий ахчанаш лелаш доцу дела, курхаллаш дечу нехан таро а лахъелла. ТIаккха а, цхьацца агIо йой, стаг Iехош а, харцдуйнаш дууш, ца хуьлчу даьлча, лачкъадой а хIума хуьлуш ду тахана а. Ас къамел динчу полисхочо даре дира, и санна зуламаш гIеххьа жимделла хиларх, амма шайна шортта бан болх бу бохуш вара иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG