ТIекхочийла долу линкаш

Кадыровс хIоттийна кхерамзалла оьшучух тера дац Европерчу нохчашна


Кадыров Рамзан.

Цкъачунна Европе ма гIо аьлла, нохчашка кхайкхам бина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цо шен Telegram каналехь дитинчу йозанца, иза саготта ву карарчу хенахь Европехь болчу Оьрсийчоьнан Федерацин махкахошна цхьа вониг хила мегар аьлла. Ткъа ца бевллачу денна цига боьлхучу нохчашка ларлуш хила аьлла хьехам бина Кадровс.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун хетарехь, Европерчу пачхьалкхийн ницкъаллин структурашка ца ларло я шайн а, я кхечу пачхьалкхашкара баьхкинчу нехан а кхерамазалла.

Цо чIагIдарехь, Европехь теракташ хуьлуш ю, цигара Iедалша Оьрсийчохь йоцу проблемаш юьхьарлаьцна лелаш а долуш, цара шайн «къаьсттина тидам» Нохчийчоьнна тIебахийтина а болуш.

Кадыровс кхайкхам бина Евробертана юкъайогIучу пачхьалкхийн Iедалшка, Оьрсийчуьрчу туристийн а, Европехь мухIажирийн статусехь бехачу нохчийн а кхерамазалла ларйе аьлла.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо и тайпа дIахьедарш даран бахьана ду Британин коьртачу гIалахь, Лондонехь, кIирандийнахь, Мангал-беттан 4-чу дийнахь, хилла теракташ.

Микроавтобусна тIехь хиллачу кхаа стага иза тIетоьхна гIашлошна Лондонан тIай тIехь, тIаккха цара арсаш диттина нахана Боро олучу базарахь.

Кадыровн дIахьедарш бухе а дехкина, ткъа шу кхоьрий Европехь даха аьлла, хаьттира оха, масала, Германехь а, Австрехь а, Францехь а бехачу нохчашка, вайнах алссам цу пачхьалкхашкахь бехаш хилар тидаме а эцна.

Исраилов Джамболат Францехь вехаш ву шен доьзалца. Европерчу пачхьалкхашкахь-м хаац, Нохчийчуьрчу кхерамазаллана сагатдича дика хир дара Кадыровс бохуш вара иза.

Исраилов: "Европехь болчара а, кхечу пачхьалкхашкахь болчара а цхьаъ дийр дара. Оцу Нохчийчохь йолчу кхерамазаллана сагатдахьара цо... Дуьххьара и дехар дар-кх цуьнга. ХIунда аьлча, Европехь-м наггахь шеран коьртехь цкъа хилахь, цхьа хьерабевллачу наха, лортIехь боцучу наха тIе машен тухий а, урс тухий а, герз тухий а, цхьаъ оьккхуьйтий а, наггахь бен ца хуьлура иза.

Нохчийчохь цхьаъ дIавигина вийна, ваьккхина, тIепаза вайна бохург хIора дийнахь ца хезча доккхадеш Iаш хуьлу адам. Цундела, цхьаъ ша алале, деладахь кхузахь хIун ду-те аьлла, юха а хьажна, ала дезар цо ша олург".

Тасуев Увайс Германехь веха лаххара а 15 шо ду. Малхбузерчу бахархошна кхераме дерг Оьрсийчоьно лело политика ю аьлла хета цунна. Цуьнан бахьана иштта дуьйцу Тасуевс.

Тасуев: "Кхузахь массо а заманчохь оьрсаша кхерамаш туьйсуш Iаш хилла хIорш. Кхузахь цхьа а кхерам бац, Iедал болх беш а ду, гIазакхий санна кхаьънаш оьцуш а дац кхузара Iедалш.

Кхузарчу адамашна цхьа а кхерам бац. Маьрша дехаш адамаш ду хIорш. Ша цхьа кхерам гIазакхашкара бу. Цара шайн агенташ кхузара арабаьхчхьана кхузахь цхьа а кхерам бац. Путина шена агенташ дIабигчахьана... ПаргIат шай маьршша бехаш нах бу-кх хIорш".

Сайдаев Булат Австрин коьртачу гIалахь Венехь веха а ду иттех шо. Кхерам бу аьлла ца хета шена цу махкахь, амма шен кхолламах цхьа а вера вац, цундела лардала бахьанаш лелор ду нахана тIехь бохуш вара иза.

Сайдаев: «Кху дуьненан еъа меттехь велахь а, яздинчух вер вац хьо. Ца хаьа, кху дуьнентIехь массо а маьIIехь лелхаш ю-кх уьш. Вай цу юккъе нислахь, вай а цуьнан декъа хир ду-кх, цу юккъе а нисделла вайна цхьа зулам хилахь. Дала яздинчун реза ду-кх вай, Дала мукъалахь. Лардала бахьанаш лелор ду вай".

Цу хеннахь, Кадыровс дIахьедарш до шаьш «даима а кийча ду терроризмаца къийсам латтош кхечу пачхьалкхашна гIо дан а, хьехарш дан а» бохуш. Шайн территори тIехь терроризм эшийна шаьш боху Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен Telegram каналехь.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG