ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь дарба лаха оьхучу нохчийн терахь алсамдолуш ду


Германи, Шарите дарбан хIуман, Оха82014
Германи, Шарите дарбан хIуман, Оха82014

Лоьрийн дарба дар Нохчийчохь а, йоллучу Оьрсийчохь а Малхбузерчуьрга хьаьжча дикка тIаьхьадисина ала мегар ду. Коьртачу декъехь иза лоьрийн говзаллехь гучудолуш ца хуьлу, амма цу лоьрийн лазархошца йолчу юкъаметтигашкахь - уьш цомгашчу нахаца юьхьаза хиларца а, церан ларам ца барца а. Цундела а хила мега тIаьхьарчу шерашкахь алсам вайнах Европе дарбанаш лаха оьхуш хилар.

„ЦIена а, сакхтех ларлуш сайн дахар а, сайн исбаьхьалла а дIакхоьхьур ма ю ас. Муьлхачу а хIусаме ас ког баккхахь, лазархочунна болчу пайдана боккхур ма бу ас иза, цIенадоцучунна а, нийса доцучунна а, зуламечунна а хийра а волуш...“

И Гиппократан дуйна юккъера дешнаш, лоьрийн дешар доьшучуш волчу хIоранна а девзаш а, цуьнан, олуш ма-хиллара, тIамарах доьлла а хила дезаш долу, дукха хан ю цхьа деса, чулацам боцу, ткъа дукхахболчарна-м беламе а, хета аьзнаш хилла дIахIиттина.

Уьш муха ца дайло, вайнзаманахьлерачу дуьненан лоьрийн Iилманий бух билина волчу бусулба лоьро Ибн Синас лоьрийн лазархошца хила езачу юкъаметтигехь дитина весеташ а, цуо бина хьехамаш а бицбина хилча. Ткъа цуо лазархочунна дарба хилийтархьама оьшучех уггаре мехалчарна юккъехь хьахийнера лор къинхетаме хилар а, дархочуьнца кIеда-мерза хилар а. Иштта мехала леринера цуо лоьран оьзда хилар а, иза ша шех тоам бина ца хилар а.

Амма и аматаш, халахеташ делахь а, вайнзаманахьлерачу дукхаъчу лоьрашца доцуш ду. Къаьстина, Нохчийчурчаьрций, цара масала оьцучу Оьрсийчурчаьрций. Наггахь стаг висина хир вац, цигарчу лоьраша дера бисхиларца юхь ягонза я цавашарца я тергалцаварца вас янза.

Нагахь санна Нохчийчохь болчу лоьрийн дералла тIеман тIаьхьалонашца цхьана агIор кхетон а, туда йиш елахь, кхоьтийла дац, Оьрсийчохь лоьрийн кхерчашкахь адамашна дарба дан а, цаьргара бала лахбан а декхарийлахь болчу наха, мелхуо, шайн кIоршамаллийца я къиза, дегаза куьгтохарца лазархошна кхин а алсамох ницкъ бар.

Иза дуккхаъчу шерашкахь, Iедалера хаддаза еш терго а йолуш, лоьрийн кхерчийн белхахошна, цаьрцарчу цу амалийн хIу даллалца, Iамон а, хьеха а дезаш хIума ду.

Цундела а хила мега Европе дарба лаха оьхучу наха, коьртачу декъехь, шаьш оьрсийн я нохчийн лоьрийн къизаллех а, церан ларам ца хиларх а бевдда баьхкина бу бохург билгадоккхуш хилар.

Ткъа цу нехан, Малхбузерчу пачхьалкхашка лерина дарбанашна оьхучу нохчийн, терахь тIаьхь-тIаьхьа алсамдолуш ду. Дукхахьолехь, шайн хьалхехьуо мухIажарш санна дIабаха болу гергарнах бехачу мехкашка оьху нохчи лоьрашна тIе, уггаре а хьалхарчу меттигашкахь Германий, Австрий а йолуш, хIунда аьлча карарчу хенахь, Цхьанатоьхначу Штаташций, Израильций цхьаьна, и ши пачхьалкхе уггаре а кхиина медицина йолу меттиг дуьнентIехь ларалуш ю.

Австрехь дарба динчарех ю Соьлжа-ГIалара Сацита а. Цу пачхьалкхехь дарбан хьалхара дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа Москоха процедурашка иха дийзира шен, бохуш дуьйцу цуо, ма йоккха башхалла а яра шина пачхьалкхашкарчу лоьрашна юккъехь, бохуш.

Сацита: „Цигахь, операци а еш, цхьадолу дарба дира ас, юха Москоха юха а йирзина, цхьадолу дарба Москохахь дира. Дозанал арахь болчу лоьраша чIогIа со хьостуш, суна дарба хир ду бохуш, ахь хьайна цхьа а Iаткъам ца бичахьана толур ю олуш, дан йиш дина тойийр ю шаьш олуш, иштта хаза бистхуьлура соьга.

ТIаккха Москоха схьаеъча, цхьа тамашийна дера бара цигара и лоьраш, ванах, хIорш схьаган ца безаш хан йогIур юй те аьлла хеташ. Вайнехах волу стаг цавезаш бу те хIорш иштта дера аьлла хетта, дIаладоьгIча, бен а дацара царна, оьрсишца а бара уьш иштта дера а, юхьйойъуш а. Муьлхачу къомах стагца а иштта бара уьш – оьгIазе, дера, шайгара цхьаъ деха хьо веъча санна. Малхбаленний, Малхбузенний юккъехь санна башхалла яра цигарчу лоьрашний, кхузарчанний юккъехь“.

Нагахь санна шен таро елахь, хIора стаг а Малхбузе ваха везар аьлла хета Сацитина дарба лаха, хIунда аьлча цигахь лоьраш дан йиш ерг дийриг хиларх тоьшийла долун дена.

Сацита: „Дала цхьанна а стагах лазар ма тухийла! Делахь а, цхьацца бахьанашца кхеташ ма хуьлий лазар а. Тахана муьлхачу а цомгуш а хилла, шен дегIе ладоьгIуш волчу стаге, шен аьтто а белахь, шегахь рицкъ делахь, кхечу пачхьалкхехь бен, сайн ницкъ а кхочуш, дарба дойтур дацара ас“.

Изза аьлла хеташ ю масех шарахь Берлинерчу Шарите клиникехь шен кIантана бIаьрсина дарба дан оьхуш йолу Бусана а. Цуо дийцарехь, механа Европера клиникаш езох елахь а, амма ког баькх-баьккхинчехь кхаьънаш дала дезаш йолу оьрсийн лоьрийн система а яц боху цуо кхин башха йораха.

Бусана: „Ишттаъ-вуьштаъ а мах лучу Москохарчу доларчу клиникашкахь лелош болчу нехан ахча дIа мел долу суна дика хаьа, хIунда аьлча, со суо а дукха лелла, ахча а луш, цигарчу цу клиникашкахула. Iедало ковта а елла, цига хьажийна хилча-м ша ду иза. Амма шен чотах Оьрсийчурчу лоьрийн цIийна воьдуш волчу стагана кхуза вар а, цига вахар а йоккха башхалла яц харжана тIехь.“

10 шо долу Ахьмад шен доцачу дахарех пхиалгIа веана ву Германе дарба дан. Цунна дика дагадогIу, ша Европе кхачале Москохара лоьраш шеца муха бара. Тамашийна а дац цундела, цунна Берлин Москохал товш хилар.

Ахьмад: „Москохахь со вогIуш лаьтташ охьа а виллина, когаш-куьйгаш дIа а дихкина, бIаьрга чу мехий диттира суна. Кхузахь суна дикох хета, когаший, куьйгаший схьа а ца лоцу кхузахь“.

Дарбанаш дан Европе оьхучу нохчийн терахь хаддаза лакхадолуш ду. Сацитас Маршо радиоца ша динчу къамелехь хьахийна ма-хиллара, лазархочун бухахь тIеваха гергар нах хиларо хааъалла аттачу доккха и хIума. Дорахчу а доккху.

ХIунда аьлча ишттачу цомгушчийн лоьрийн цIеношкахь, ахча а луш, буьйсанаш яха ца еза, ткъа, хууш ма-хиллара, Европерчу лоьрийн системехь боккхох болу мах, операцеш дIаевллачул тIаьхьа, цу лоьрийн цIеношкарчу маьнгех, я вуьшта аьлча, цигахь буьйса йоккхуш висарх луш хуьлу. Цул совнаха, царна гочдархойх бала безаш болу мах а чохь буьсу, шайн гергарчара я доттагIаша талмажалла шайна тIеоьцуш хиларна.
XS
SM
MD
LG