ТIекхочийла долу линкаш

Юххерчу Малхбалерчу Шеман пачхьалкхера тIом бахьанехь Къилбаседа Кавказерчу кегийрхошна чот йоцуш дукха таIзарш ду деш. Кегийчу къаьмнашлахь уггар алсам бахархой набахте хьежочех цхьаъ ю Нохчийчоь. МогIарерчу наха а, тергамхоша а тидам тIебохуьйтург ду, кху тIаьхьарчу хенахь кхела хьалха а хIиттош хенаш кхайкхош тутмакхийн дарже бохуш болчу махкахойх дукхахберш цкъа а цкъа Шема пачхьалкхехь хилла а цахилар. Коьртачу декъана массаьрга а кховдош болчу бехкан чулацам ишта бу – Шемарчу тIаме ваха лаам хиллера,ойла кхобуш хиллера, тIаме ваха луучунна ахчанца гIо динера иш. кх. дIа а. ХIинцца Соьлжа гIалин Октябран кIоштан суьдо луьрчу хьелашкахь чохь даккха кхоккха шераш хенаш кхайкхийна чуволлийтина жима ши стаг. Стохка гурахь дуьйна,эха шарахь сов лаьцна а латтийна маршонех хербинарш бу 23-шераш долу Сайдулаев а, Ибрагимов а. Царна бехке диллина Шемарчу тIаме кховча Iалашонца Хонкар мехкан дозане бахар.

Харц кехатийн бух тIехь паспорт а даьккхина,Iаьрбоша шайлахь бечу тIаме хIотта дагахь хиллера аьлла,оццу Октябаран кIоштан кхело кху оханан беттан 10-чу дийнахь,кхо шо хан,I0 эзар сом гIуда а тоьхна, набахте хьажийна,стохка гурахь дуьйна лаьцна латтош хилла Чатаева Хеда а. Цхьа кIира хьалха Ленинан кIоштан суьдо изза 3 шо хан а яккхар тIе а дожийна, набахте хьажийна соьлжагIалахо Эльсанукаев Ахьмад а. Цунна бехкедуьллург а дац керла-Шемарчу тIеман декъашхо хила гIортар.

Iаьрбийн пачхьалкхерчу тIамах а, и бахьнех нахана буьйлучу сингаттамех а бен-бен дуьйцу юкъараллехь. Мехкан а, къоман а сий лардеш, нийсонан, бакъонан новкъахь болчарна гIоьнна тIаме вахар ша ду боху Соьлжа-гIаларчу тергамхочо Халилас.

Халилас: “Муьлхха Iедал а халкъан цIарх хIуттуш ду дIа. Низам а цо лардан деза. Дала хIоранна а са маьрша кхоьллина ду салаьттачу метте ваха а, кхача а. Шен мехкан а, халкъан а сий айа, цхьана бакъонца, деллахь цу гIаттамна орцах гIур ду вай аьлла тIамтIе дахар ша гIуллакх ду.Иза сийлахь ду”.

Соьлжа гIаларчу тергамхочунна Халилина хетарехь вайнехан кегийрхой, мисар болато санна, Шема пачхьалкхан тIамо тIеийзабар кхин цхьа бахьана а ду - мискалла, дан амал цахилар,шайгара ледара хьал-де хийца лаар. Халила ву вистхуьлуш юха а.

Халил: “Цхьа шен доьзалеххь хало йолу дела,дуьненан рицкъ бахьнехь кхача а тарло цу тIаме цхьаберш. Кху махкахь дерг гуш ма ду. Болх-некъ бац оха мел бу баьхчи а. Ницкъаллин структураша а лело хIилланаш а,бозбуанчаллаш а хууш ду. Кегийрхой цхьаъ ца дича бовлий? Зуламе агIонаш дукха ю. Халкъан, эшам хилахь бен, хуьлуш дика болх бац. Стаг нагахь санна вахнехь а, веънехь а, цуьнан бехк белахь,цуо зулам динехь,и зулам билгалдаьллехь,цунна таIзар дехьа низамо ма бохху. ХIорш махках баха безий,цIийнах баха безий бохуш эвхьазалла ю лелош. Низамхочунна ша эла хетта-кх къаночунна хьалха а,дешначу,лерамечу стагна хьалха а. ХIунда аьлча, тоха а, Iотта а, и вен а шен йиш ю моьттуш, оццул сонта нах дебна-кх тахана.”

Беккъа кху карахьболчу баттахь оцу Юххерчу Малхбалехь кхехка тIом бахьнехь,низамхоша шаьш хааме а доккхуш, таIзар дина кхин а масийтта жима стаг ву.

Оьрсийчохь тIаьхьий хьалхий нисдинчу лелхийтарех тера,цаьрца лач хилла а зIе йолуш хIума ду, Шемарчу тIамах бахьна а дина, Къилбаседа Кавказехь кегийрхой набахтешка хьежор. Оьрсийчохь кхолладелла хьал мух-мухха а дац. Ницкъаллин структураша лерса ирдина само ян езаш, чолхе, карзахе хьал ду алархьама деш ду и цхьадолу таIзарш. Ишта хьажам берш а бац цуьрриг кIезиг

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG