Нохчийчоьнан къилбехьарчу лаьмнашкахь бу къоман исс тукхумах болчу ТIерлойн мохк. 18 бIов лаьтта оцу махкахь. ТIерлойн бIаьвнийн суьрташ даьхна Маршо Радионо кху деношкахь.
ТIерлой-махкара бIаьвнаш
![ТIерлойн чIож - изза цIе йолчу тайпан мохк. ](https://gdb.rferl.org/60c5527b-8d7f-4fe4-af9e-5e0574b449d3_w1024_q10_s.jpg)
1
ТIерлойн чIож - изза цIе йолчу тайпан мохк.
![ТIерлойн бIаьвнийн херцарш. 1944 шарахь вайнахана депортаци йинчул тIаьхьа йохийра цигара ярташ. ](https://gdb.rferl.org/58bcb070-a107-4540-bc6f-52e99b74645e_w1024_q10_s.jpg)
2
ТIерлойн бIаьвнийн херцарш. 1944 шарахь вайнахана депортаци йинчул тIаьхьа йохийра цигара ярташ.
![Замано а херцийна бIаьвнаш. Амма алссам зен дина царна Оьрсийчоьнан эскарийн ракеташа. ](https://gdb.rferl.org/5cad7171-9cd9-4f0a-945b-52d57d7275f3_w1024_q10_s.jpg)
3
Замано а херцийна бIаьвнаш. Амма алссам зен дина царна Оьрсийчоьнан эскарийн ракеташа.
![Шайн дай баьхначу махка нохчийн кхочийла дац Оьрсийчоьнан дозанхошкара пурба доцуш. Лаьмнаш къевлина ду туристашна. ](https://gdb.rferl.org/48eba4b7-8c37-48d6-a18c-4b5a064467c8_w1024_q10_s.jpg)
4
Шайн дай баьхначу махка нохчийн кхочийла дац Оьрсийчоьнан дозанхошкара пурба доцуш. Лаьмнаш къевлина ду туристашна.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832