ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Думера нохчийн депутаташ – Кадыровн политикан десант


Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума. 2017.
Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Дума. 2017.

Депутаташ лелориг къайладаьхьна ду уьш хаьржиначарах. Цара цхьацца деза деношцца вовше декъал а бо, Кадыров Ахьмад-хьаьжин курс дIакхоьхьуш ду шаьш бохуш, дIахьедарш а до, амма уьш хIун лелош бу хууш бац Нохчийчуьра бахархой бохуш, яздо Кавказ.Реалии сайто.

Нохчийн Республикан цIарах болчу депутаташна юкъахь дош лелаш а, цара лоруш а ву Делимханов Адам. Иза ву Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан кхерамазаллехула а, коррупцина дуьхьало яран а комитетан декъашхо.

Рамзан Кадыров а, нохчийн депутаташ а
Рамзан Кадыров а, нохчийн депутаташ а

Делимханов хаьржина цхьана мандатан харжаман гонехь. Иза депутат волу 10 шо ду. Кхаа Думехь депутат хилла ву Делимханов. Иза иштта хиларх цецвала оьшуш хIумма а дац. Делимханов даим Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна улле ваьлла лелаш ву. Цуьнан лаам чекхбоккхуш ву иза, цхьана а шеконе иза ца буьллуш.

Делимхановс куьйгалла до Кадыровс тIедиллинарг кхочуш дарна терго ечу цхьацца комиссешна.

Кхин а кхо депутат ву Нохчийчоьнан цIарах Пачхьалкхан Думехь. Уьш цига кхаьчна «Цхьааллин Оьрсийчоь» партин цIейозанна юкъахь хиларна.

Уьш бу:

- Саралиев Шамсаил, Думан информацин политикехула а, информацин технологешкахула а, зIенехула а йолчу комитетан гIантден хьалхара когаметта. Думехь ву Саралиев 2011-чу шарахь дуьйна

- Селимханов Мохьмад, Пачхьалкхан Думан юкъараллан вовшахтохарашкахула а, динан вовшахтохараллашкахула а йолчу комитетан гIантден когаметта.

- Догаев Ахьмад, Пачхьалкхан Думан къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан декъашхо.

Нохчийчоьнан цIарах ши декъашхо (сенатор) ву Федерацин Кхеташонехь. Царах цхьаъ ву 2008-чу шарахь дуьйна цигахь волу Сабсаби Зияд (вина Шемарчу Алеппохь). ШолагIа ву – Геремеев Сулейман.

Иза цу дарже хьажийна 2010-чу шарахь, хан чекхъялале цигара дIаваьккхина волчу Джабраилов Iумаран метта.

Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думан а, Федерацин Кхеташонан а сайташна тIехь халкъан векалех а, цара бечу балхах а лаьцна дуьйцуш дукха дац.

Царах уггар а кIезиг вевзарг ву Догаев. Хууш ду и стаг вина хилар Нохчийчохь, Гуьмсан кIоштарчу Иласхан-юртахь. Депутат харжале Догаевс дина гIуллакхаш а, цо дIалаьцна хилла даржаш а дIоггара тIе бIаьрг хIуттуш дац. Лаккхара дешар дешна ваьлла иза стохка 2016-чу шарахь.

Догаевс цкъа а къамел ца дина Думан кхеташонашкахь, дIоггара карх долуш вац иза керла низамаш юкъадахаран болх бан. Кхузза хилла иза дакъалоцуш низам кечдеш, амма и кхо низам дукха генара хьакхалуш дара Нохчийчоьнах.

Депутато Саралиевс тIаьххьара тIехь болх бинарг ю Луговой Андрейс кечйина низаман проект. Еха цIе а йолуш, цо дакъалаьцна низаман тIехь хийцамаш бар дара Оьрсийчура юкъараллехь Iедалш интернет дIакъовла гIертар санна тIеэцна.

Думехь 6 шо доккхуш Саралиевс дакъалаьцна 30 низаман проект кечйеш. Цо 8-зза къамел дина Думан кхеташонашкахь. Бакъдерг дийцича, цо къамел деш юьйцуш хиларш яцара Нохчийчоьнца йоьзна проблемаш.

Депутат Селимханов Мохьмад уггар а чIогIа жигаралла гойтуш ву Пачхьалкхан Думехь. Цо дакъа а лоцуш кечйина 29 низаман проект. Амма цуьнга хьажна доцуш, цкъа бен ца дина цо Думана хьалха къамел. Иза хилира «дешан а, дин лелон а маршонах» лаьцна низам тIеоьцуш. Селимхановс даима а къобул йина «Цхьааллин Оьрсийчоь» партино кхоже ехкина низамийн проекташ.

Нохчийчоьнан цIарах волу сенатор Сабсаби Зияд 1997-чу шарахь дуьйна Кадыров Ахьмадан хьехамча вара, цундела баш тамашина хIума а дац, Кадыровс цунах шен Iалашонашка кхочуш пайда оьцуш хилар.

Сабсаби къомах Iаьрбо хиларх терра, цуьнан коьрта декхар долчух тера ду Нохчийчоьнан куьйгалхойн Гергарчу Малхбалехь йолчу пачхьалкхашца уьйраш дIатасар. Сабсаби бахьана долуш, Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралла реза а йолуш, Кадыров Рамзанах хилла Исламан пачхьалкхашкахь Оьрсийчуьра бусулбанийн официалан векал.

Кхин цхьа «нохчийн» сенатор, Геремеев Сулейман ву Федералан Кхеташонан дешаран а, Iилманан а комитетан декъашхо. Иза чекхъяха гIерташ хуьлу Оьрсийчоьнан Iедалхошна юкъахь Кадыровс кечйеш йолу цхьайолу проекташ.

Нохчийчоьнан цIарах болчу депутаташа шаьш Москох дIадаьхьначу шерашкахь цхьана низаман проект ца кечйина нисса дIа Нохчийн Республикаца йоьзна йолу.

Царах цхьаммо а къамел ца дина Федералан Гуламехь Нохчийчоьнца йоьзна халонаш юьйцуш.

Цу наха цхьа а хIума ца хьахийна Пачхьалкхан Думехь а, Федерацин Кхеташонехь а нохчийн халкъана оьшучух лаьцна.

Нохчийн депутаташ, коьртачу декъана тера бу Кадыровн планашна гIортор ян а, уьш кхочуш ян а Москох хьажийначу политикан десантах бохуш, яздо Кавказ.Реалии портало.

XS
SM
MD
LG