ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малхбузехь кхуьучу вайнехан берашна муха го къам дохор.

please wait

No media source currently available

0:00 0:04:10 0:00
Линкана тIе

„Вай дохийначу хенахь я вай Сибрехахь долуш“, – иштта хуьлура Нохчийчохь кхиинчу нехан депортацих лаьцна я цу хенахь хиллачух лаьцна дийцарш дIадолор. Шаьш нохчийн къам дохочу хенахь хиллане а дуьненчу бевлла ца хиллачара а иштта „вай“ олура.

Ткъа карарчу хенахь Малхбузехь кхуьучу вайнехан берашна муха го-те къам дохор? Царна хIун хаьа-те шайн дендай, деннаной, ненандай, ненаннаной бохорех лаьцна? И хIума толлуш проект ю Венерчу Нохчийн нанойн цхьаьнатаралло йолийнарг.

Вайнехан кхиазхошка шайн дай-нанойн, шайн доьзалийн истори талла а таллийтина цкъа хьалха. Цу историйн бух тIехь кхиазхошка дийцарш яздайтина проект дIахьочара. Ткъа цу дийцаршна тIехь театран хьесапехь гайтам хIоттор болуш бу тIедогIучу пIераскан дийнахь Венехь депортацин де карладоккхучу цхьаьнакхетарехь.

Маршо Радио цхьаьнакхийтира проектехь дакъалоцучу кхиазхошца. 15 шо долчу Раянига а, 19 шо долчу Аделинига а, 16 шо долчу Аминига – цаьрга шайга дийцитира оха шаьш бинчу балхах лаьцна.

Раянина цкъа а шен дахарехь гина вац шен дийцаран турпалхо – цуьнан ненан да, иза Европехь дуьненчу яьлла. Раянас дуьйцу: „Суна хаьара нохчий а, гIалгIай а муха дIабохийна. Иза инзаре хIума хилла. Дицдан мегар дац иза. Цундела оха и истореш дIа а язйина, кхузарчу нахана йовзуьйтура ю. Сайн ненан дех лаьцна яздина ас. Иза 7 шо долуш хилла дIадохочу хенахь. Цуьнан дуккхаъ гергарнах белла цигахь“.

Аделинас шен ненан а, ден а агIор дIадохор шайх хьакхаделлачу нехан дийцарш гулдира, «Нохчийн кхиазхоша шайн дайн, нанойх дIадаьлларг толлу» проектехь дакъалоцуш. Иштта дуьйцу цо: „Ненан агIор а, ден агIор а тайп-тайпана хIуманаш гул а дина, царах цхьа дийцар дира ас. Цигахь и истори юьйцура ю ас“.

Аминин дийцарин турпалхо цуьнан ненанда ву. Нах дIабохучу хенахь „халкъан мостагI“ санна ГУЛАГ-е хьажийна волу иза маьрша ваьллачул тIаьхьа Нохчийчу юхаверза йиш а йоцуш, Iедало деш ха а долуш, Казахстане дIавохийра.

Цигахь цунна шен доьзалах дийна висина цхьа вешин кIант бен цхьа а ца карийнера: „Ас сайн ненан да Iабдул-Iазим ву цигахь вуьйцуш. Иза нах дIабохучу хенахь лагерехь хилла чувоьллина, цо Сталинан режиман дуьхьал къовсамехь дакъалацарна. Цул тIаьхьа иза а Казахстане дIавахийтина. Ткъа цигахь цунна шен вешин Халидан цхьа кIант бен цхьа а стаг дийна ца карийна шайн гергарчарех“.

Литературехь а, талламаш бан хаарехь вуно даккхий похIманаш долуш нохчийн бераш Австрехь кхуьуш хилар гайтина цу проекто. Цара яздлина дийцарш вуно тIеIаткъаме а, амма цул совнаха исбаьхьаллин агIо схьаэцча вуно говза а яздина хиларна и дийцарш зорбане даха лиъна австрихойн цхьана зорбантана. И бохург ду кеста нохчийн берийн дийцарш тIехь долуш киншка немцойн маттахь араер ю бохург.

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG