ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъ дац нохчийн шансон елла бохург


Нохчийн музыкант Дежиев Асланбек.
Нохчийн музыкант Дежиев Асланбек.

Шансон лара мегар ду, масала, Сулейманов Бауддис дIаолуш хилла «Анзоран Зазу» санна иллеш.

Интернетехь таллам бича гуш ду уггаре а кIезиг шансон ладугIучу меттигашна юкъахь Нохчийчоь а, ГIалгIайн мохк а, Дагестан а хилар.

И хьал иштта дуй аьлла, хаттар делира ас музыканте, "Орга" ансамблан декъашхочуьнга Дежиев Асланбеке. Цо дийцарехь, шансон езаш а, цуьнга ладугIуш а кIезиг нах бац Нохчийчохь.

Дежиев: «Шансон тахана чIогIа ладугIуш ю-кх вайн цIахь. Телехьожийлехь кIезиг ю иза, амма радиохь ю. Цхьа кIорге йолуш эшарш а яц уьш. Дахарах а, ненах а ойла йойтуш-м хуьлу уьш, амма дукхачу хьолехь и эшарш иштта ю олийла дац».

Нохчийн артисташа коьртачу декъана лоькхурш шансон олу эшарш ю аьлла хета Дежиев Асланбекан.

Дежиев: «Тахана нохчийн эшарех хьалхалера вайн шира иллешка ладугIу ас. Сулейманов Баудди масала. Ахмадова Хьава а, Токкаев Сулейман а, Дадашева Тамара а. Ахмадова Хьавас локхурш-м билггала шансон ю ала мегар ду».

Музыканто Дежиевс халахетарца билгалдоккху тIаьхьарчу хенахь музыка магийна яц, пондар а, кхиболу гIирс а хьарам бу бохуш, кегирхошна коьрта чу дуьллуш хилар. Оцу бахьанца дуккха а нах къехка элира цо.

Дежиев: «Мегаш дац, мегаш ду бохуш, чIогIа дийцаре даьккхина ду културица доьзнарг. Вайна юкъахь чIогIа айдина ду иза. Хьалха-м мага а мегаш схьадеана дара иза, ткъа хIинца галдаьлла-кх».

Илланча Сулейманов Баудди.
Илланча Сулейманов Баудди.

Шансонан кеп йолу эшарш французийн къоман културера ю. Оьрсийчохь галдаьккхина цуьнан маьIна, шансон набахтерчу тутмакхашкахь бен йоцуш санна. Ткъа нохчийн бакъйолу шансон лара мегар ду-кх, масала, Сулейманов Бауддис дIаолуш хилла «Анзоран ва Зазу» санна долу иллеш а.

XS
SM
MD
LG