ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирма яккха бахийтинчаьрца "кадыровцаш" а хилла


Волонтерашна социалан машанаша аьтто бина Оьрсийчоьно ГIирма яккха хьовсийначу ницкъхошлахь нохчий а хиллийла Iорадаккха

2014-чу шарахь дуьйна талламаш беш схьабогIучу эксперташа гулдинчу тоьшаллаша шеко ца юьту Оьрсийчоьно ГIирма яккха шен эскарш хьовсийна хилла хилларх. Мохк лаца бахийтинчу эскархойн терахь ду 20 эзарне кхоччуш.

Украинан иччархошна ГIирмехь хааделла Оьрсийчоьнан ницкъашкара дуккха а дакъош. Масална йоху хIара цIерш: Iаьржа хIордан гIаш-эскаран 810-гIа бригада, десантан эскаршкара 45-гIа лерринчу Iалашонийн дакъа, десантхойн-тIелатархойн 76-гIа дивизи. Хилла церан могIаршлахь Нохчийчохь лаьтта шакъаьстина гIагIадиллинчу мото-ницкъийн 18-гIа бригада а.

InformNapalm цIе йолчу Дуьненаюкъарчу талламийн гонан волонтераша зийна эскархойн социалан машанашкара эзарнаш агIонаш, карийна ГIирма яьккхинчаралахь нохчийн къоман нах а.

Imail-пошта йохийча

Волонтераш талламашка бехира цхьана жимчу хиламо – Украинерчу хакерийн киберальянсо, чу а бевлла, яьстира Нохчийчуьрчу тIеман декъан кхачан урхаллин куьйгалхочун Попов Александран imail-пошта. Оцу чохь царна карийнера ши омра.

"ЦIерш яьхна лерринчу Iалашонийн батальонан бIаьхой 2014-чу шеран Зазадоккху-беттан 7-чу дийнахь дуьйна тIеман декхар кхочушдан арабевлла лара, декъан хIусамехь кхача боучийн могIаршкара баха, карало 11 денна (Зазадоккху-беттан 7-чуьра 17-чу кхаччалц) бекъа кхача", аьлла, охьаягарйина ю эскархойн цIерш.

1100 гергга ю цIерш. ТIемаш беш ша янне а яц бохучу Оьрсийчоьно хIун тIеман декхар кхочушдан хьажош бу эскархой 2014-чу шарахь?

Украинан Иччархойн коьрта урхаллан векало Скибицкий Вадима дийцарехь, "Анаперчу аэропорте еза техника дIасалелочу ИЛ-76 кеманашца десантхойн эскарш кхуьйсуш хааделла Украинан тIеман иччархошна".

Анапера а, Краснодарера а эскарш хIордан кеманашца кхачош хилла ГIирме. Масала, Нохчийчуьрчу 18-чу бригадера кегий дакъош, бурамашца Украинан доза а хедош, дIакхачийна ГIирмин бердашка.

Шаьш долу меттигаш гойтуш, кест-кеста суьрташ дохкура социалан машанашка Оьрсийчоьнан эскархоша. Масала, "Николай Алексеенко" бурам тIехь селфи йина яккхийн тоьпийн эскаршлахь хиллачу Хаматаев Мохьмада а, машенлелорхочо Мустафаев Айдамара а.

"Къилба федералан тIеман гонера ГIирме эскарш дуьгура десантан хIордакеманашца. 31-чу шакъастийначу бригадан дакъош ГIирме дигира, масала, "Азов" хинкеманца", билгалдаьккхина Скибицкийс.

ГIирмехь лаьттачу шен базанашка Оьрсийчоьно тIеман дакъош кхачадо хIаваан кеманашца а, беракеманашца а, боху Украинан тIеман прокурораша 2014-чу шеран бIаьста шаьш баржийначу хаамашкахь.

Нохчийчуьра эскарш (18-гIа бригада) Iорайоккхуш видео а лела интернетехула: Оьрсийчуьрчу RA-78805 ноьмар йолчу хIаваъ-кеманна уллехь лаьттачу эскархоша нохчийн маттахь охьадагардо шайгара девлла тIеман хьуьнарш.

Къилбаседанехьа некъ

18-чу бригадерчу яккхий тоьпийн декъан векало Лукъянцев Владимира социалан "Одноклассники" машане диллина шен сурт, тIеяздина – "ГIирмехь". Лаьтта иза БТР-82А цIе йолчу гIагIадиллинчу машенна хьалха – и тайпа техника цкъа а ца хилла Украинан эскаршкахь.

2014-чу шеран бIаьста шаьш долу меттиг лечкъа ца еш йовзуьйтура 18-чу бригадин векалша. Церан цхьа бIо лаьттина оцу хенахь "Армянск-Джанкой" трассица йолчу Воинка юьртахь. И юьрт евза цигахь лаьттах йоьхкина ягочун цистернаш хиларца. Иштта дуьйцу InformNapalm юкъараллан пресс-гIоьнчас Макарук Михаила.

Воинка юьртарчу цхьана яхархочо а бакъдо шаьш долчохь оьрсийн мотт а, кхин шена бевзаш боцу мотт а буьйцу эскархой латтар. "ЦIенчу дагца, сагIадеш, чайна тIекхалла хIума елира оха. Оьзда лелара уьш, ала хIума дац,", - дагалоьцу йокккхачу стага.

Эрна дац къастийнарг Воинка юьрт хилар. Кадыров Ахьмадан цIарх маьждиг ду цигахь. Дина иза 2010-чу шарахь. Цигара дукхахболу эскархой Нохчийчуьра бу.

Социалан машанехь

"Крым.Реалиин" проектерчу журналисташа схьалехна imail-пошта йохийча девзинчу эпсаран Попов Александран омрано яьхна цIерш. 18-чу бригадерчу эскархойх иттаннашка хеттарш хьийсийча, шингара бен ца деана жоп. Кхеташ ду уьш ГIирмехь хиллийла, амма ца лаьа царна прессица къамелдан.

"Дуьйцур дац ас шуна хIумма а, со эскарехь ву хIинца а, ткъа эскарехь лелачу низамаша доьхку пачхьалкхан къайленаш йийца!" – жоп делира шега деллачу хаттарна Дмитриев Александр цIе йолчу стага.

2014-чу шарахь дIалаккъарх лаьтта машанашкахь оцу эскархойх йисина агIонаш.

2014-чу шарахь Украинехь беллачу Оьрсийчуьрчу салтийн цIерш йовзийтира "Информационное сопротивление" ("Информацехула дуьхьало") тобан координаторо Тымчук Дмитрийс. 18-чу бригадера 29 стаг ву царалахь.

Ала дашна, Нохчийчуьра бара Донбассе кхийсинчу Оьрсийчуьрчу эскархойх хьалхарнаш а.

Агрессех тоьшалла деш латтайо Киевехь Украинан эскаршна Донбассехь караеана ГРАД. "ХIара тIемаш а буьйлабалале яьккхина иза. 18-чу бригадин цхьацца кехаташ а карадаьхкира кхуьнца", - дуьйцу Украинерчу тIеман эксперто, журналисто Бутусов Юрийс.

Хаьхийна долу а, кхин эзарнаш документаш а ду Украино агресси ярна ша Оьрсийчоь кхеле йоьхуш Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхеле чуделла.

Дмитрий Евчин

Назар Сытник

Анастасия Бобкова

Виталий Панасюк

Инна Аннитова

Крым.Реалии

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG