ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къиза десте


23 шо долчу дестечо, шен мера берашна дегIах мехий чуэхитина зулам гучдаьлла Нохчийчохь. И зулам хилла Жимчу АтагIахь, хIинцалца, цхьа тийна а , бертахь бу бохучу доьзалехь. Нах доьххьара ца тешнера, оццула и бераш дезаш хичлу зудчо, муха латтийна шен мера берашна тIехь и таIзар.

4 беран дести йолчу 23 шо долчу Шабиханова Маккас, царна къайлахь мехий дегIах доьхкуш хилла аьлча, дукха нах ца тешнера. Лулахошна а, кхечарна а, иза Шамаев Андарбекан дола яьллачу дуьйна, эсала а, уьш ца хилча ца мегаш санна гора.

Амма, и доьзал, цIено а дина, шай хIусаме дехьбоьвлча, тIаккха цуо ша ма ярра гайтина. Къайлахь жимчу кIантана а, йоIана а, мехи дегIах чу оьхуьйтуш хилла цуо. ДIа ца дийцита, ша урс хьокхура ду бохуш кхерамаш а тиссина. Дуьйцу оцу берийн дейишас Заремас.

Зарема: «Вайгахь уьш Iачу хенахь, и бераш ца хилча ца мегаш санна яра иза, кертахула, бай тIехула уьдуш а, новкъахь машен сац а йойтий, царна яа хIума оьцуш а. Адам-йилбизан тIаьхь кхуьура ма ваций. Кхин гучдера долуш а ца хилла иза,дарбан хIусаме бигча, иза шайна уллехь йоцийла гича дийцина цара, Маккас шайна мехи дихкина аьлла».

Дестичо шайна мехий Iиттина аьлла, бераш дийцина дарбан хIусамехь. Пхьарс кIелахь а, букъ тIехь а, гай тIехь а, цуо мехий чу эххийтинчу меттехь, буьччалгш а яьлла, лоьран тIе а бигина, рентгенехь гайтина, дегIаца мехий дахкаш дуйла. Бераш дукха кхерийн долуш, халла бен дIа ца дийцина баккхийчаьрга цар иза.

Мел масс маха баьккхина Маршо радиога дийцира церан денанас Зулпаъа.
Зулпаъ: «Ши маха бисина кIента дегIа чохь. ХIинца ялх шо кхочура долуш ву иза. ЙоIана схьабаьккхина ши маха, ткъа кIантан биъ баьккхина. Ша берг ялх маха бу схьабаьккхинарг. И зуда чуйоьллина ю гIалахь».

Ша динарг гучдаьллий ма хиънехь, дести цIера едда дIаяхна, шен цIа. Иза цигахь дIалаьцна полицино. И гIуллакх, йоккха гIовгIа яла мегаш долун дела а, иза, кIоршме зуламан кIела доьдуш долун дела а, талламан комитето шен Iуналле эцна. Доьххьара цигахь динарг, и къона зуда коьртаца дика хилар дуйла хьожуш экспертиза йина.

Цуо жоп делла, цу хьокъехь, цхьанна а тайпа, цуьнан кхачамбацарш дац аьлла. Иза хIинца-хIинца кхела кIела йохуьйтура йолуш ю, амма, берашна тахана а, и хIума хилла массийта бутт баьллехь а, дагахь лаьтта хилларг, бохуш кхин дIа а дуьйцу церан дейишас Заремас.

Зарема: «Кхоьруш кхин хIума дац. Вовшах дуьйцуш Iаш-м хуьлу и шиъ. Ши-кхо де хьалха, чохь дуьйцуш дара цу шиммо, Маккина иза эра ду ша, важа эра ду ша бохуш. ЙоIа боху: «ма ала, хьуна Маккас мехий доьхкура ду хьуна»».
ШамаевгIеран оцу доьзале, нах эца буьйлабеллера, шай йоI, кхела кIелхьара яьккха лууш, и мехий бераш шаьш вовшех дихкина алийтахьара бохуш.

Иза аьттехь а ца дитина вукхара. И санна долу хIума хилла аьлла хезча, доьххьара наха олуш дерг ду, и куьйга бехке ерг а, ен езара олий. Нехан коьрта чохь ца тарло, и хIума муха далура ду, берашна тIехь. Иштта, боху, масла, Соьлжа-гIаларчу Раиса цIе йолчу зудчо а.

Раиса: «Валлай яра тоьпаш тоха езаш. Кхин цунна догIуш хIума дацара. Цкъа а нохчашна юккъахь хилла хIума дац иза. Дестичо, я лула-кулахь а дина аьлла а ца хезна суна. Эхь хилла а ца Iаш, эхь ду иза. ша иман ца хилар ду-кх иза. Делахь тешаш ца хилар ду. Кийрахь дог долчу адамо беран маха муха буллура бу? Суна-м ца хаа. И хIума дан, цхьа адамалла доцуш хила еза».

ХIинца талламан низамашца, Шабиханова Маккас, дина долу зуламаш луьстуш ду зулам къасторан низамашца II9 артикалца. Цуьнца тухуш йолу хан ю, массийта баттан тIера, шина шаре кхаччалца набахтехь яьккха. Цигара араяьлча, цуо шен дахар муха нисдийра ду хууш а дац.

4 беран дести йолчу 23 шо долчу Шабиханова Маккас, царна къайлахь мехий дегIах доьхкуш хилла аьлча, дукха нах ца тешнера. Лулахошна а, кхечарна а, иза Шамаев Андарбекан дола яьллачу дуьйна, эсала а, уьш ца хилча ца мегаш санна гора.

Амма, и доьзал, цIено а дина, шай хIусаме дехьбоьвлча, тIаккха цуо ша ма ярра гайтина. Къайлахь жимчу кIантана а, йоIана а, мехи дегIах чу оьхуьйтуш хилла цуо. ДIа ца дийцита, ша урс хьокхура ду бохуш кхерамаш а тиссина. Дуьйцу оцу берийн дейишас Заремас.

Зарема: «Вайгахь уьш Iачу хенахь, и бераш ца хилча ца мегаш санна яра иза, кертахула, бай тIехула уьдуш а, новкъахь машен сац а йойтий, царна яа хIума оьцуш а. Адам-йилбизан тIаьхь кхуьура ма ваций. Кхин гучдера долуш а ца хилла иза,дарбан хIусаме бигча, иза шайна уллехь йоцийла гича дийцина цара, Маккас шайна мехи дихкина аьлла».

Дестичо шайна мехий Iиттина аьлла, бераш дийцина дарбан хIусамехь. Пхьарс кIелахь а, букъ тIехь а, гай тIехь а, цуо мехий чу эххийтинчу меттехь, буьччалгш а яьлла, лоьран тIе а бигина, рентгенехь гайтина, дегIаца мехий дахкаш дуйла. Бераш дукха кхерийн долуш, халла бен дIа ца дийцина баккхийчаьрга цар иза.

Мел масс маха баьккхина Маршо радиога дийцира церан денанас Зулпаъа.

Зулпаъ: «Ши маха бисина кIента дегIа чохь. ХIинца ялх шо кхочура долуш ву иза. ЙоIана схьабаьккхина ши маха, ткъа кIантан биъ баьккхина. Ша берг ялх маха бу схьабаьккхинарг. И зуда чуйоьллина ю гIалахь».

Ша динарг гучдаьллий ма хиънехь, дести цIера едда дIаяхна, шен цIа. Иза цигахь дIалаьцна полицино. И гIуллакх, йоккха гIовгIа яла мегаш долун дела а, иза, кIоршме зуламан кIела доьдуш долун дела а, талламан комитето шен Iуналле эцна. Доьххьара цигахь динарг, и къона зуда коьртаца дика хилар дуйла хьожуш экспертиза йина.

Цуо жоп делла, цу хьокъехь, цхьанна а тайпа, цуьнан кхачамбацарш дац аьлла. Иза хIинца-хIинца кхела кIела йохуьйтура йолуш ю, амма, берашна тахана а, и хIума хилла массийта бутт баьллехь а, дагахь лаьтта хилларг, бохуш кхин дIа а дуьйцу церан дейишас Заремас.

Зарема: «Кхоьруш кхин хIума дац. Вовшах дуьйцуш Iаш-м хуьлу и шиъ. Ши-кхо де хьалха, чохь дуьйцуш дара цу шиммо, Маккина иза эра ду ша, важа эра ду ша бохуш. ЙоIа боху: «ма ала, хьуна Маккас мехий доьхкура ду хьуна»».
ШамаевгIеран оцу доьзале, нах эца буьйлабеллера, шай йоI, кхела кIелхьара яьккха лууш, и мехий бераш шаьш вовшех дихкина алийтахьара бохуш. Иза аьттехь а ца дитина вукхара.

И санна долу хIума хилла аьлла хезча, доьххьара наха олуш дерг ду, и куьйга бехке ерг а, ен езара олий. Нехан коьрта чохь ца тарло, и хIума муха далура ду, берашна тIехь. Иштта, боху, масла, Соьлжа-гIаларчу Раиса цIе йолчу зудчо а.

Раиса: «Валлай яра тоьпаш тоха езаш. Кхин цунна догIуш хIума дацара. Цкъа а нохчашна юккъахь хилла хIума дац иза. Дестичо, я лула-кулахь а дина аьлла а ца хезна суна. Эхь хилла а ца Iаш, эхь ду иза. ша иман ца хилар ду-кх иза. Делахь тешаш ца хилар ду. Кийрахь дог долчу адамо беран маха муха буллура бу? Суна-м ца хаа. И хIума дан, цхьа адамалла доцуш хила еза».

ХIинца талламан низамашца, Шабиханова Маккас, дина долу зуламаш луьстуш ду зулам къасторан низамашца II9 артикалца. Цуьнца тухуш йолу хан ю, массийта баттан тIера, шина шаре кхаччалца набахтехь яьккха. Цигара араяьлча, цуо шен дахар муха нисдийра ду хууш а дац.

Кхунах тера

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG