ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIом биначийн а, тIом боьдуш къахьегначийн а доьзалшкахь - леткъамаш


Советан Iедало дуккха а дика терго йора ветеранийн аьлла хьажам болчех ву Австри пачхьалкхе кхаччалц тIом беш дIавахначу Добриев Мусан кIант Хаваж.

Хаваж: «Хьалха совгIаташ лора, хIинца мичахь бу а ца хаьа ветеранаш. ХIинца 9-гIа май тIекхаьчча суьрташ дIа а хьой, мукъабовлу. Баккъал а тIом бинчу цхьаболчарна цхьа хIума ца елла, ткъа кхечарна машенаш а, хIусамаш а елла. Тхан дена-м ца елла цхьа хIума. Советан Iедал долуш лерам чIогIа бора».

Тахана Нохчийчохь бехачу къаношлахь Iаламат дукха бу Гитлеран Германица тIом бечу шерашкахь и луьра тIом толаме берзо Iалашо а лаьцна, де-буьйса ца лоруш къахьегнарш.

Царалахь къаьсттина дукха бу Iедалдайша кIадбоццу бахьанаш а хIиттош, бIаьрзе а хилла, цхьана кепара гIо а ца деш, битина къинхьегамхой. Иштачех цхьаъ ю Теркйистера 90-гIа шо долу Джениева Маруса а.

ТIеман хенахь дуьйна, яла хIоьттина болх беш схьаеънехь а, боху цо, пенси далар доцург, сом делла а, шена гIодина дац Iедало. ТIом болабаларна тIера долийра цо шен къамел.

Маруса: «ТIом герга кхочуш со Мазалкехь яра, гергара нах болчохь. Говр-ворданахь тIаьхьа веъначу дас дIайигира со. Тхан да мехкадаьттадаккхархо вара, ткъа со эсий кхобуш балхахь яра. Суна-м ца делла цхьа сом а».

ГIалгIайн махкахь, йоI йолчохь дIаязйина йолуш, хIора а шарахь Оьрсийчоьнан президенто къинхьегаман ветеран хиларе терра, декъалъеш довха дешнаш а яздора, ткъа кхузахь тергал дIа а ца йо, дуьйцу Марусин йоIа Хьулимата.

Хьулимат: «ГIалгIайн махкахь яра хIара цхьана ханна ехаш. ХIетахь кхуьнан лерам а бора къинхьегаман ветеран ю бохуш. И бахьнехь Путина а, Медведевс а масийтта шерашкахь дахкийтина, грамоташ олу декъальярш а ду тхойгахь. Кхуза Нохчийчу схьадаьхкича бух-тоьшаллаш дац бохуш, кхуьнан ветеранан тоьшалла а, я и декъалдарш а чоьте оьцуш а дац.

Кхо 1944-чу шерера дуьйна эсий кхобуш белхаш даран тоьшаллаш дац бохург ду юьхьарлоьцуш. Кхунна, цIарца бийца а буьйцуш, шен хьаькамаш дага а богIу, амма бух ца бисина аьлла, нанна-м ца делла цхьа сом а».

КхиндIа шен цIийндас «къинхьегаман арми» олуш хиллачу белхалойн эскарехь хьегначу къинах дийцира Джениева Марусас.

XS
SM
MD
LG