... Бакъволу тIеман ветеран массех бен а вац нохчашлахь дийна. Царех цхьаъ ву 90 шаре ваьлла Абацаев Нажмудди. Шен къам махкахдаккхарна Советан Iедална оьгIазвахначу цо цкъа а ца лаьцна парадашкахь дакъа. Иза волчу, цуьнан Аьрга-Хишкарчу (Серноводск) хIусаме сагIадоккхуче баьхкира кху дийнахь юьртахой. Маршо Радио/ Чабаев Мохьмад.
9 Май, Нохчийчоь: Тардинарг а, Бакъдерг а
70-гIа Толаман Де цкъа а ца хиллачу иллюминацешца, тIех еза харжаш еш дIадаьхьна ерриг а Оьрсийчохь. Ткъа Нохчийчоь юха а совъелира кхечу мехкел даздаран кепашца.
17
18
19
Наггахь бен вац ветеранех дийна. Иштачех цхьаннан кертах у тоьхна Iедало, цуьнан цIе лелайо вехачу урамо а.
20
Абацаев Нажмудди (Арга-Хишка), иза цкъа а ца вахана Толаман Дийнан параде - васъеш ваьхна ша тIом бечу муьрехь шен къам махкахдаьккхинчу Iедална.