Шаройн лаьмнашкарчу Кенхира пхи вахархо лаьцна низамхоша. Цара наркотикаш лелийна боху. Цигарчу бахархоша "Кавказ.Реалиига" дийцарехь, 30-тех стаг ву полицино зуьйш.
Кенхи Iедал дахначу пIераскан буса кхечира. 3.00 гергга хан яра кхо вахархо, лаьцна, юьртарчу школин спортзале вигича. ТIевалийра царна Iуьйранна кхин а шиъ.
«Аьшпаш ду, лецначех цхьа а вац наркотикца гIуллакх долуш, иза иштта дIа тхуна тIейожийна «рагI» ю, хIоккхул наркоман лаьцна ала. И санна рейдаш массанхьа а йо. Иштта гойту полицино ша «наркоманица къийсалуш юйла», - элира тхоьца къамел динчех цхьамма.
Цо дийцарехь, полисхой юьртахула чекхбовлуш, нахана гина цаьргахь Кенхерчу бахархойн 30-тех цIе тIехь йолу кехаташ. Лецначаьрга, кхерамаш а туьйсуш, даредойту шаьш наркоманаш хилар.
"Кавказ.Реалиица" къамел динчу кхоалгIачо, лецнарш оршот тIедаллац кхобур бу спортзалехь, царна неIалташ бохуьйтур ду юьртахошка, гулам а бина, элира.
«Оршоьтадийнахь гулам бу хир болуш. Цига муфтиятан векалш а богIур бу. Лецнарш балор бу гуламхошна тIе. Цара шайна бехк тIеоьцур бу, нахе къинтIера довла а бохур ду. Ткъа церан гергарчара шайна къинхетамбар доьхур ду Кадыров Рамзане. Иза евзаш сценари ма ю!» - бохура кенхичо.
"Кавказ.Реалии" Шаройн полице кхача гIоьртира зIенехула – эрна хилира, схьа ца ийцира телефон цхьаммо а.
Кенхи гIараелира ерриг а Оьрсийчохь цигара Джалалдинов Рамазан баханехь. Иза стохка гIоьртира, Путине видео а яхьийтина, шайн юьртан кIоьлла цунна дIагайта, гIо деха.
ГIо юьртанна мелла а дира, боьхна некъ тобеш, хица, цхьаболучийн хIусамийн тхевнаш тобарца. Амма Джалалдинов шен цIера вада декхаре вира, са Iалашдеш, дагийра цуьнан цIенош.
Юха, телевидене а вигина, Кадыровга шена къинтIеравалахьара бахийтира. ТIаьхьо, полицин министран гIовсца Алаудинов Аптица цхьаьнакхетча, ведира Нохчийчуьра а.