ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Малар дуьтуьйтуш а лела шалхенаш


Урхаллехь болучара аьлларг а, низамхоша бахархойн, машенийн долахой жоьпе боьхуш, дIа мел йоккху гIулч биста кхаччалц, массо хIума а гIардаккхарехь маса хьийзаш бу хаамийн гIирсашкахь къахьоьгурш.

Махкахошна «беркате,хьанал» тIеIаткъам барехь, некъан низам лардеш,корта бахо хIума аьттехьа ца дуьтуш,уьш ийманехь сов бохуш,кхетош-кхиорехь шатайпа дагалацаме ю 30-чу дийнахь,телевизионехь шуьйра гайта а гойтуш, урхаллехь болчара дIаехьна кхеташо. Ву мел боху хьаькам а волуш дIадаьхьначу цу цхьаьнакхетарехь хадам боллуш билгалдаьккхина мелла бехначу нахе машенаш ца хехкийта дан догIург.

Юха а, буха цIарул цIен сиз а хьокхуш тидаме эцна къаркъанах а кхетта машен хоьхкург талорхочуьнга нисса зуламхо лара эшар а, и санначуьнгара а,ур-аттал и мела а воцуш,цунна юххе хиънарг кеп йолуш велахь тIаккха а цаьргара машен дIаяккхар тIехь хилар а.

«Баха а бехха машен хохчуьнгара луьра жоп деха а деза,кхечеран дахар кхерам кIел латточаьргахьа озабезам бан а ца беза. И санначунна низамо ма бохху кхел ян а еза, цу тIе юкъараллехь нахалаваккха а веза. Цхьа нацкъар Iан ца веза,стенна аьлча и бохам хьенна а керта бан тарло». Ишта дIахьедина мехкадас.

Оццу кхеташонехь билгалдаьккхина Соьлжа гIалахь малар духкуш 20 меттиг хилла хилар а, «Кавказ» федералан некъаца хьовзам хиллачул тIаьхьа ,туьканийн долахоша шайн лаамехь корта бахо маларш дохкар сацадар а,Iедало шайна уьш дохка елла бакъо –лицензеш хIаллакйина дIаяхар а.

МаьхькIамхоша чIагIдарца, тахана Нохчийчохь къаркъа, чагIар, коньяк-муьлхха а корта бахош малар духку туька йисна а яц. Совдегаршна лаац къаркъанна тIера болчара дечу зуламийн,лач хилахьа ,декъехь хила, боху Iедалдайша.

Тамаше хеталург,бахархой тIаьхьа цакхуьург а ду, Iедалхоша беш хьулам а боцуш, ницкъаллин структураш Оьрсийчоьнан низам талхоре боьххушехь,нийсо-бакъо ларьярехь хьалханчаш хила богIу динан урхаллин хьаькам а,прокурор а ,дош аьлла а бист цахилар.

Цу хьокъехь, ша мила ву а хоуьйтуш,дош ала лаам болчеран кхузахь къоьлла хиларна, оха гIо дехна цхьана ханна Европан вахархо хиллачу, цIера хиламашна само ечу байтанча-гочдархочуьнга Хатаев Хьусайне.

Хьусайн: «Соьга хаьттича, ницкъала шен лаам чекхбаккха лерина стаг вуй, иза цуьнан сонта къамел ду-кх. Дахар оцу кепара нислуш хилча, хIара доьхкур ду,хIара дIахоьцур ду аьлла,мел атта хир дара! ТIаккха иза бен а болх а бацара. Дахарехь массо агIо тарлуш ма ю. Дера адамашка баха мА деза,вониг дича таIзар дан а ма деза. Амма и дIа а даьккхина уьш паргIат а бевлла Iийр бу бохур бакъ ма дац.

И дIадаккхаро кхин, цул а зуламе хIуманаш дебор дуй хаа ма деза коьртехь волчунна! Царна муха моьтту? Вайн чуьра дIадаьккхича арахь дерг даккхалур дуй цаьрга дIа? Ницкъала дехкаро кхин хIума дестадо. И некъ бац. Уьш сонта къамелаш ду. Ишта нислуш ма дац дахар. Коьртехь волчуьнгахь ондда кхетам хила беза.

Цунна ловзар доций хаа деза пачхьалкхан декъехь ша тIелаьцна дукъ. Леш нах бу мацалла,лоьраш тIе ца кхочуш лазархой бу балехь, болх-некъ боцурш бу..мел ду уьш. Уьш нисде тIаккха уггар хьалха! Хьалха дан догIурш чот йоцуш дукха ма ду».

Бахархойн лааме хьажна а доцуш, нехан бакъонаш тергамза йитареха,низамаш аатта талхорех дийцина байтанча,ненан меттан говзанча Хатаев Хьусайнна моттарехь кIошташкахь хена жерахь хIумма а хийцаме дер дац Кремал хIайттархо а хилла бакълена нийсонан некъ юьхьар ца лацахь.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG