ТIекхочийла долу линкаш

Машенийн некъашца а лаьтта уьш хIинца, инспекторшца цхьаьна. Маршо Радион корреспондент а сацийнера иштта лаьттачу низамхоша. Полисхо а воцуш, Iаьржа духарахь дуьхьалваьллачу кхелан пурстопо машенна дуьхьал кIайн-Iаьржа гIаж лаьцча, гIехьчул цецвала бахьана дара.

-Аш хIун леладо? Пурстоьпашна маца елла бакъо машенаш сецо? - хаьттича, инспекторан ю хIара, цуьнгара схьаэцнера ас, вела а къежна, жоп делира.

ГIуда а, декхар а тIехь доцийла къаьстича, хьоьца бала а бац иштта лаьттачийн. Амма иза делахь, я дIадала кисанахь ца хилахь, машен инспекцин керта дIаюьгу.

Коммуналан хьаштех ахча гул ца луш бала бара хIинцалц Нохчийчуьрчу Iедалехь. Амма масех шо ду наха шайн-шайн хенахь иза дIалуш долу. Бахьана? Алапаш а, пенсеш а ца ло коммуналан хьаштехь ахча дIаделла аьлла кехат ца хилча. МогIарерчу доьзалехь хьал иштта ду аьлла Маршо Радиога дийцира Соьлж-ГIаларчу яхархочо Шишханова Раисас.

Шишханова: «Коммуналан ахча дIаделла аьлла кехат дIа ца делча, хьуна алапа ца ло. Алапаш кIезиг ду. Буса, хан йоцчу хенахь, неI туху «дIарх, дIарх», олий. Кхера а лой, схьайиллича, лаьтташ хуьлу Iаьржачу ахь, коьртахь песнаш йолу, мажош хецна пурстоьпаш. Цара схьадоьху 100, 200, 500 сом гIуда. Массанхьа ду схьадоьхуш ахча: берийн бешехь а, школехь а..».

Оьрсийчохь кху аьхка, бераш школе доьлху хан тIекхаьчча, цхьайолчу банкаша кредиташ дала долийнера дайшна-наношна. «Схьаэца тхоьгара кредит - кечде хьайн бераш школе», бохучу кхайкхамашца. ХIинца Нохчийчу а кхаьчначух тера ду и керла кеп. Цхьайолчу банкаша Iедална дIадала IаьIна декхар дIакъовла ло кредиташ. Цунах дуьйцу Соьлж-ГIаларчу вахархочо Яндаров Лечас.

Яндаров: «Вайна гIийла нах дукха буйла хууш ма дуй. Коммуналан хьаштех декхарш муха хир дац, тIейогIуш хIума ца хилча. ХIинца суна хезна кредиташ луш ду бохуш, декхарш дIадала. Кредит доккхучул, вуьшта веза-вевзачаргара дIалург ахча даьккхар а гIолехьа хета суна».

Декхаршна тIехь ехаш ю Нохчийчоь. Зуда ялош а, стаг дIавуллуш а юхалург ахча доккху. Туьканашкахь а, кафеш чохь а, леррина тептарш ду ахча схьадала дезачийн цIераш тIехь а йолуш, дуьззина лаьтташ.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG