ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Юха а - "газ иккхина, лазийна, вийна"...


Нохчийчохь Iай стенна лелха газ?

Iа дуллушехь баржа буьйлало шийла кхаьънаш.

Стохка аьхка Теркйистехь, НогIамирзин-Юьртарчу цхьана хIусамехь газ иккхича Оьрсийчоь мел ю вадийна лелийра, амма лоьрийн дан хIума доцуш, велира кхо кIант. ЦIенна уллехула чекхйолучу биргIанах юьйлу газ хилла иккхинарг, боху Iедало, кхел йолийна бехкевечу "Чеченгазерчу" белхалочунна тIехь.

Шо доладаллале Гуьмсан кIоштарчу Нойбоьрахь дина далаза лаьттачу цIачохь иккхира газ, пхи стаг, шайлахь кхо бер а долуш, вагийра гIеххьачул. Мехкан Орцан урхалло, "23 стаг а, 9 леррина техника а хьийза бохам берзош", аьлла яржийра реляци.

Кху беттан юьххьехь Шеларчу хIусамехь иккхира газ, цIарах цхьана стагна хилира чевнаш.

Кху кIиранах, шинарийдийнахь, Эвтарахь иккхинчу газо 10 стаг лазийна (царех 4 бер ду). Цигахь нехан доларчу цIа чохь иккхинарг газан баллон ю.

Нохчийчохь баларш уггаре дукха некъахьовзамашкахь хуьлу. ШолгIачу меттехь иккхинчу газах баларш ду. Изза сурт лаьтта луларчу ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а.

Газ оьккху хьелаш стенна карзахдовлу Iай?

"Нах, газан техника йоьхча, лар ца луш, говзанчашка ца кхойкхуш, шаьш тоян гIурту, - билгалдоккху Маршо Радиоца къамел динчу шина а мехкан орцан урхаллийн говзанчаша.

Цхьайолчу ярташкахь ширачу пешаш чу газан керла гIирс хIоттабо, и эцна техника дукха хьолехь вониг хуьлу, цо газ дIаоьхуьйту, цунах дIовш долу, иза я оьккху, - боху орцанхоша.

Кест-кеста нисло газан пешаш лелхаш , ткъа ярташкахь – баллонаш. Газан гIирс леррина ехкинчу туьканара бен эца мегар дац. Чохь я арахь газан хьожу хааелча, сихха "04" телефон тоха еза, газ тергалъечу урхалле хаийта деза, хьоьху орцанхоша.

Ткъа нехан а ду шайн аьрзнаш – дукха ю Кавказехь чудалийна довха хи доцу хIусамаш, ярташ, иза газаца ца дохдича ца долу. Ткъа хIусамехь хIоттийна лаьтта газан гIирс шира нисло дукхахболучийн.

Газ балонашкахь оьцучийн и балонаш а нисло дуккхаза а лелийна, шира. Цара а бохьу кхерам, дийцира Маршо Радиога говзанчаша.

ХIун дан деза газ ца эккхийта?

1. Хьожа хааелча, сихха дIакъовла газ. Мегар дац чохь цигаьрка оза, сирнак я электросерло латон.

2. Кор-неI деллий, дIаяхийта чуьра хьожа. Хьожа дIаяллалц, чу ма гIо.

3. Газах дIовш даьлларг велахь чохь, араваккхий, охьавилла, корта когел лакхахь а нисбеш. Кхайкха лоьрашка.

4. Чуьра хьожа дIайолуш яцахь, сихха хаамбе "04" урхалле – газан орцанхошка.

5. Баллонашца газ ягочарна: чу хIо кхетачу меттехь ирахIоттийна хила еза баллон, ца мега ларми чохь кхаба я лаьттах йолла, маьлхан зIенарех, йовхонах ларъян еза. Керла баллон хIоттийча, сабин чопанца талла деза газ дIаоьхуш ю я яц.

6. Газан баллон пешах дIатосу шланг 1 метр бен беха хила йиш яц – иза леррина арахьоьцуш бу иштта.

7. Еса я юьзина баллонаш ма кхаба чохь.

8. Юург еш, хи, чорпа ма Iанадалийта газан пеша тIе. Лелийна ваьлча, дIакъовла газ.

9.Кест-кеста цIанъе газ-пешан милтанаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG