ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Була а, цIоькъа а схьадало деза шаьш даьхначу лаьмнашка


Къилбаседа Кавказерчу пхеа республикан урхалхоша куьг таIийна, шаьш акхаройн терахь меттахIотто хьелаш кхуллур ду аьлла. Оцу хьокъехь бартбина «Кавказан Iаламан центр» цхьаьнатохараллица. ХIора махканна тIедожийна шайн-шайн дозанехь цхьацца-шишша дийнат даржор.

please wait

No media source currently available

0:00 0:03:14 0:00
Линкана тIе

Таркхойн хIордачохь тюлень дебор Дагестано тIелаьцна. Нохчийчоьно яьржо еза махкахь хьалха хилла йолу була а, цIоькъ а.

Iалашоне кхача хьелаш ду хIинца Нохчийчохь, элира Маршо Радиога Органан Iалам лардечу хьукматан куьйгалхочо Джабраилов Сайд-Эмис.

Джабраилов: «Була а, цIоькъа а хилла вайн махкахь. Хьелаш а дукха дика ду вайн цIахь уьш лело».

Була Нохчийчохь йоцу дукха хан ю. 80 шо ца кхоччуш хьалха тIаьххьара йийна за нахана. Ала догIу, була кхиоро жижиг делла ца Iаш, шех цIе яла тарлуш йолу буц юу цо. Цундела буланаш йолчу хьаннашкахь а, аренашкахь а атта цIе ца йолу боху говзанчаша. ХIинца, иза юха а кхузахь йолийча, Iалам а денлур дара, боху Джабраилов Сайд-Эмис.

Джабраилов: «Наха лейина уьш хьалха. Царех цхьа тонна хиллал жидиг ма долий. Хьаннашний, аренашний юккъахь ежа уьш. Чанах а, барзах а шаьш ларло. ХIинца ГIебарта-Балкхаройн махкахь а, Белоруссехь а йисина уьш».

ЦIокъа Нохчийчохь дIадаьлла лоруш дара, амма тIаьхьарчу шерашкахь иза тусаделла меттигаш ю. Органан Iалам лардойлан куьйгалхочо Джабраилов Сайд-Эмис бахарехь, дукха хан йоццуш Веданан кIоштахь гина иза нахана. Иза дика кхаъ бу, элира цо.

Джабраилов: «ЦIоькъа долуш ду вайн махкахь. Веданан а, Шелан а кIошташна юккъехь гина иза некъах дехьадолуш. Сурт ца даьккхина, амма цIоькъан чIож олучу меттехь гина».

Акхаройн терахь Нохчийчохь лахделла. Яьккхий-тоьпийн а, хIаваъ-кеманийн ракетийн а гIовгIанаш ца лайна, дукха акхарой Нохчийчуьра дIаяханера луларчу мехкашка. ХIинца, схьадийцарехь, мелла а юхаяьхкина уьш шайн цIа. Черчий а, берзалой а массарел хьалха яьхкина. ХIинца-м уьш тIех сов а евлла, адамашна гергагIерта йоьлла, цундела царех хьалха санна лар а луш, сема хила деза, дагадоуьйту таллархоша.

Хьажа комменташка (4)

ХIара форум дIакъевлина ю.
XS
SM
MD
LG