ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Массара а лело мегарг Кадыровна а маго деза-кх


Нохчийчохь лаккхара даржаш, дерраш а санна, Кадыров Рамзанан гергарчийн карахь ду. Оцу бахьанийца цунах, дан а догIуш, кхаьрда. Амма доьхнарг ду, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь хьал изза дацахь а, цунах тера хилар – цхьаболучара хIилланца къайлахьо иза, кхечара – ца хьо.

Каракхаьчначуьра

Хьалхара нах: мехкан администраторан нана Аймани, фондан куьйгалхо; кхочар Делимханов Адам – Пачхьалкхан Думехь депутат; маьхча​Кадыров Ислам мехкан вице-премьер вара беттанаш хьалха.

Оццу хьесапехь ду йижарца дерг а: Кадырова Зарган шен вешин гIоьнча ю балха тIехь; Зулай – Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIуллакхийн урхалхочун гIовс ю.

Черхигов Рамзан, Зарганан майра - транспортан, зIенан министр. Цу шиннан воI Черхигов Идрис ву Экономикан, юкъараллан кхерамзаллин кхеташонан секретар.

Закриев Салман, Зулайн майра – Нохчийчоьнан парламентан спикеран хьалхара гIовс.

Закриев Якъуб а, йишин воI, вац ненавашас вицвина – цунна мехкаден хьалхарчу гIовсан дарж кхаьчна.

​Кадыров Рамзана ца хеддаш дуьйцу шен гергарчех лоций. Цундела коррупцица къуьйсучарна хIумма а ца дуьсу талла – лаамийн конфликт инстаграм чохь ерриг а ю гуш.

Стенгара ду Кадыров Рамзан шегара ницкъ, бахам даима а дестийна гойтуш хьийзар?

Иза гарехь цуьнан беркъачу бераллера схьа ду – дацара цуьнан хIетахь дашо Iайгаш, еза машенаш, басковгIар-лопыревагIар. Дуьххьара цуьнга кхачна машен а яра Басаев Шемала совгIатйина.

Кадыровца дуьстича, Оьрсийчуьрчу хьакамийн берийн «шайн хеннахь» хилла дерриг а: 90-чу шерашкахь Финляндера «папас» еана сникерсаш, шаьш дас-нанас Малхбале дигар-далор, дизайнерша духарш тегар. Цундела иштачу хьаькамийн бераш дац нахалахь чIагIдала хьаьгна – дай-наноша бахаховшийначех бу уьш.

Кадыровна хасталуш деза. Оцу бахьанийца Оьрсийчуьрчу хьаькамашлахь ког хеццна вехаш и цхьаъ бен воцуш санна хетало. Амма ерриг а пачхьалкхехь ду и сурт, "катухуш" бу дукхахберш.

Иза ган хала а дац. Масала, хьовсур вай луларчу Дагестане.

«Папин дозалла»

Нохчийчуьрчу «паччахьан» бераш кхуьуш бен дац цкъачунна (шиммо-м дукха хан йоццуш 20 миллион сом а деара доьзале), ткъа Абдулатипов Рамазанан бераш шайн махкахь административан ирхенаш йохуш ду.

Воккхахволу воI Джамал Каспийскан мэран гIовс ву. Да Дагестанан куьйгалхо хIоьттина ши бутт боллушехь, вира цунах хьаькам.

Жимахверг, IабдулатIип, мехкаден администрацехь аппаратан куьйгалхочун хьехамча вара.

Дуккха а гергара нах а бу Абдулатипов Рамазанан.

Ваша, Раджаб, миграцин урхаллехь коьрта хьаькам вара, хIинца мехкан парламентехь дешаран, Iилманан, синбахаман комитетан куьйгалхо ву.

Абдулатиповн нуц ву Гитинов Маьхьди. Яхначу аьхка цунах «Россетьна» юкъайогIучу "ДЭСК" компанин куьйгалхо вина.

Тлярата кIоштан да хIоттийна Абдулатипов дарже веъча цуьнан цIийнах волу Раджабов Раджаб.

Дагестанан парламентан спикеран воI Шихсаидов Даниял хIоьттина кхушара Буйнакскан депутатийн кхеташоннна коьрте. 2015-чу шарахь иза зуьйш вара низамхоша, бозбуанчалла цо лелор толлуш. Берийн беш ян Iедало делла 14,6 миллион сом лачкъийна цо а, цуьнца цхьаьна накъосташа а, бохура хIетахь талламчаша.

Бехк толлуш лаьттира. ЦIера аравала а дихкинера. Ткъа цул тIаьхьа талламхоша бехктакхамах хIун дира хууш дац.

Изза ду массанхьа а

Юьтур вай Кавказ. ЧIара, хууш ма-хиллара, коьртера телха: президентан Путин Владимиран йоI Тихонова Катерина йоккхачу корпорацин-проектан «Иннопрактикан» куьйгалхо ю. 452 миллион соьманна пачхьалкхан контракташ кхаьчна цунна 2015-чу шарахь, коррупцина дуьхьалояран Фондо бахарехь. «Роснефто» хьажийна цига 179 млн. сом, «Транснефто» - 221 млн, «Росатомо» - 59 млн. .

Тихонова Катерина
Тихонова Катерина

Вице-премьеран Рогозин Дмитрийн 33 шо долу воI Алексей ву Ильюшинан цIарх йолчу авиакомплексан коьртехь. Ткъа Рогозинна уллера гергара йолу журналист Филиппова Дарья Iийра ГIирмехь экологин, маьIданийн министран гIовс, деношкахь, доккха дов а оьккхуьйтуш, хIоьттина Сочехь халкъан паркан директор.

Яхначу гурахь Оьрсийчоьнан президентан администрацин куьйгалхочун хьалхарчу гIовсан Кириенко Сергейн воI Владимир хIоттийна «Ростелекомехь» коьрта вице-президент. Топ-менеджер вара иза цигахь хьалха, амма кхиа вуьйлира да Кремле кхачча.

Федерацин Кхеташонан спикеран Матвиенко Валентинин воI Сергей а ву кхиаме бизнесмен. Нана Петарбухахь губернатор йолчу шерашкахь иза гора бахархошна «СВМ» ("Сергей Владимирович Матвиенко"), ноьмар йолу машен хоьхкуш. ХIетахь дуьйна а вара иза миллиардерийн рейтингехь. Цуьнан $1 млрд ду бохура цуьнан (халкъалахь цуьнан оцу ахчанах «ненан капитал» олура).

…Баккхийчу хьаькамийн «безачу» гергарчийн могIа яхьаязбина ца валлал боккха бу. Кадыровца а, цо дIахIиттийначаьрца а дуьстича, Оьрсийчоьнан элитано мелла а къайлахьой леладо шаьш лелориг, уьш ца лела «тхо ца гучун ши бIаьрг балийла», бохуш, цара меллаша хьоьхку шайгара Porsche, уьш тийна-таьIIина беха шайн гIопашкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG