ТIекхочийла долу линкаш

Масех де дара ватсапехула а, кхечу социалан машанашкахула а орца доьху хаам дIасалела, Германехь Айзен бохучу жимчу гIалахь нохчашна йиттина, царах леттачарна бекхам бан беза, кегирхоша схьа а гулбелла, цхьаъ дан деза, бохуш чулацам а болуш.

И санна болу хаамаш Европехь бехачу вайнахана юккъехь кест-кеста баьржаш хиларна а, доккхачу декъахь царна тIехьа лаьтташ питанчаш хуьлуш хиларна а, ткъа чакхенгахь царах доккха зулам хуьлуш хиларна а, Маршо радионо масех дийнахь теллира, хIун ду-те немцойн Заарланд лаьттахь Iуьллучу цу жимчу гIалин кепарчу меттехь хилла бохучунах бакъ -харц?

Билгал а шен цIе ца йовзийтинчу орцадехархочо ма-дийцара хиллий-те цигахь тасдаларш? Ткъа дийца цу стага иштта дийцира, шен хабар ватсапехула даржийна ца Iаш, тIехула тIе Ютюб сайтанехь а эфире а доккхуш.

Анониме хаам: „КIентий, Айзенехь цхьа „кипиш“ яьлла боху, вайн нохчийн цхьа кIант вийна боху цигахь, шиъ лазийна биркеманца дIавигна боху. IАьржачара дина боху иза. Доцца аьлча, вайн кIенташна гIело еш ю боху цигахь. Вай цхьаъ дан деза, вовшахкхетта, хаза дика коьрто болх бечара ойла а йина, вайн вежарий охьатеIор могуьйтур доцийла цу нахана дIахаийта деза“.

Цу стага шен хабарна тIе теснера кхин а цхьана накъосто Айзен гIалахь хиллачех дуьйцуш йолу аудио а, ткъа цул совнаха шен хIусамда а ву Айзене гIело лайначу нохчашка гIодаккха баха кечлучу махкахошна юккъехь бохучу цхьана зудчун хабар а. Иштта бара церан чулацам.

Анониме хаам: „Айзенехь мухIажарийн лагерехь хилла ду боху и хIума. Албанхой, африкахойн вовшех летта хилла боху, ткъа вайн нохчийн кIентий уьш къастон гIеташ хилла боху. ТIаккха нохчий а шайха лата гIерта моьттуш царна арсаш диттина боху...“

И къамелаш орца доьхуш волчо Ютюбехь Айзен гIала Германин карти тIехь мичахь Iуьллу гойтуш гугл-мап сайта тIера сарташ а даьхна, цига муха кхача веза хьоьхучу иллюстрацешца гайтира, хетарехь, и жима меттиг гIоьнна арабевллачу кегирхошна ца карор кхоьруш.

Хаам баржийнарг мила мичара ву бохург къастон масех дийнахь иза лехарх ка ца делира, амма Маршо радионо бинчу талламо гайтира, цо бинчу хааман лорах Германерчу нохчийн диаспорин векалш цу Айзен гIала бахана хиллийла а, царна цигахь карийна сурт анонимечу хабарчано дийцинчунах дикка къаьсташ дуйла а.

Немцойн коьртачу шахьарахь вехаш волу нохчийн диаспорин жигархо Дантиев Iумар а, цуьнан накъостий а и хаам баржа болабелча дуьйна схьа цуьнан духе кхиа арабевлла хилчарех бу. Цо дийцира Маршо радионе хиллачух лаьцна.

Дантиев: „Цигахь латарш хилла. Цхьаъ велла бохург бакъ дац, цхьа а вийна вац цигахь. Цигахь, гучу сартаца, уьш цу албанхошца маларш молуш Iаш хиллачух тера ду, тIаккха цигахь довдаьлла, нохчи албанхошна тIе а хIиттина, леттачух тера ду. ТIаккха Iедал схьа а деъна, уьш дIасакъастийна. Цига цхьа а гулвала оьшуш хIуммаъ дац, цу лагерехь Iаш болчу вайнаха цига цхьа а схьагIерта оьшуш дац, шаьш цигахь кхин дIа а даха дезаш ду, шайна оьшуш хIума дац иза аьлла“.

Гуш ма-хиллара, я вуьшта аьлча, ишттачу хьелашкахь даима а хуьлуш ма-хиллара, нийса ах долчул а эрча доккхуш, паника яржоран хьесапехь дийцина ду Айзенехь хиллачух дерг анониме хаам баржийначо, цхьаъ велла бохуш чIагI а деш.

ТIейогIучу хенахь а и санна болу хаамаш шайна хезча, ларлуш хила беза нохчийн кегирхой бохуш дуьйцу Дантиев Iумара, муьлш бу а ца хуучу анониме хабарш даржорхоша аьллачух теша а тешна, цхьа цхьанхьа а ваха ца оьшу, хIунда аьлча цунах кхин а алсамох питана хилар бен пайда ца болу.

Ткъа цхьанхьа кегирхой а, кегийра боцурш а гулбала безаш меттиг хилахь, Германехь а, кхечу Европерчу меттигашкахь а бехаш болчу бакхийхачара я юкъараллин жигархоша и хIума талла а теллина, кхайкхам я хаам бийр бу дан дезачух лаьцна.

Дантиев: „Вайн бераш сема ма буй, цундела цига баха лууш берш а хилла хир бу, шайна ма-дарра цигахь дерг ца хаарна. Цундела цаьрга дIадуьйцуш ду тхо, цига даха оьшуш хIума дац. Цхьанхьа уьш баха оьшуш меттиг нислахь, тхо хьовсур ду, дахадезаче гIур а ду. Иштта метте сихвелла дIахьедча, цунах мелхо а зулам хуьлу. Ла а дугIуш, баккхийчара бохучуьнга а хьовсуш хIума дан деза иштта хьал нисделча“.

Хьомсара “Маршо Радион”доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьатаса: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG