ТIекхочийла долу линкаш

Кегийчу адамашца доьзна самукъане даздарш дIадахьна Нохчийчоь. Массо кIошташкара бераш Соьлжа-ГIала дIа оьзна, декъалдаран цхьаьнакхетарш а хIиттош, гайтина концерташ, спектакалш, совгIатна декъна ахчанаш.

Дуьненаюкъарчу берийн дийнан сий-лерамна байшна, эшамехь болчу заьIапан берашна лерина дIаяьхьна «Лаьтта тIехь мел долчу берашна машар» цIе йолу акци а.

Ткъа муха ду-те оцу самукъанечу пардонна тIехьара берийн бакъ дахар?

Дарба леладайта, цомгуш йоI юьгуш, Европе кхача а гIиртина, 200 эзара харжйина, новкъара хьаша хилла юхайирзина Соьлж-ГIалин кIоштера Ганаева Луиза.

И цIахь а ца карийна, цуьнан цIийнда Ширван ву лазархочуьнца шаьш хьоьгучу къих дуьйцуш.

Ширван: « ЙоI заьIапхо ю. Цунна дарба леладайта аьлла, хIусамнана Европе яха йоьллера, амма 200 эзар соьме кхаччалц харж а йина схьаеара, гIуллакх ца хилла. Могашаллин министаралло юьхьанца гIодийр ду аьллера, цунах а хабар хилира.

Iедало дийриг цхьа гIо ду-кх - пенси далар. Дерриге цунна луш дерг 20 эзар ду. И тоьуш а, ца тоьуш а лол бетташ Iаш-м ду тхо. ХIинца цкъачунна таро яц, жима аьтто балахь, юха а йоI цига кхачо ца хьаьвсича-м ца довлу. Хуур ду-кх».

Бакъдерг дийцинарг, хIоз а бой, дIавуьгу, я лартIахь вац олий, сийсазвеш хьийзаво»

Де эшначу берашна гIодар уггар лахарчу тIегIанахь лору Соьлж-ГIаларчу хьехархочо Мусбека. Эхь хеташ Iа ша, боху цо, пачхьалкхан телевизионехь хIора буса бохург санна сагIа доьхуш гуш.

Мусбек: «Iедалера цхьа гIо а ца хуьлу. 5-чу телеканалехь гуш ду-кх сагIа доьхуш. ГIо хуьлуш хилча, орца доьхур дарий цара? Кхузахь, Нохчийчохь, молханаш ца ло ма ала боху, аьлча мага а ца до. Бакъдерг дийцинарг, хIоз а бой, дIавуьгу, я лартIахь вац олий, сийсазвеш хьийзаво».

Оьрсийчохь кегийчу адамийн хьокъехь официалехь мел дуьйцурггий а, дахарехь тергаллуш дерггий инзаре йоккха башхалла йолуш го Маршо Радиоца къамел диначарна.

XS
SM
MD
LG