ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхойн тезеташ лаьтта ярташкахь


Нохчийчоь -- Кху деношкахь тIемаш лаьтта меттигаш, Веданан кIошт.
Нохчийчоь -- Кху деношкахь тIемаш лаьтта меттигаш, Веданан кIошт.

Шина декъах лаьтта хΙинца Нохчийчоьнан бахархойн дахар. Цхьа дакъа дуьхь-дуьхьал леташ зама дΙахьош ду. ШолгΙа дакъа – цунах маьрша нах олу – дахарна лол бетташ ду. Ιедалш оцу шина агΙонна юкъа зил тоха гΙерта, амма хуьлийла дац цхьаьнхьа цΙий а Ιенаш, вукхунхьа самалхе, леш берш – тΙемалой а, Ιедалхой а -цхьа нохчий болу дела тезеташ кхочу ярташка. Веданан кΙоштан хьаннашкахь лаьтта кху деношкахь тΙемаш. Бу белларш гΙаттамхошлахь а, полисхошлахь а.



Ши-кхо де хьалха, шина агIор дараш а хуьлуш, герзаца юкъаметтиг къастийна Веданан кIоштан лаьмнашкахь ницкъаллин структураша а, тIемалоша а. Официалан хьостано чIагIдарца, низамхошлахь вийнарг виъ ву, иттех - чевнаш йина а. И тIематасадалар нисделчахьана, алсам ницкъаш тIе а оьзна, хаддаза гIаттамхой лохуш бу лаьмнашкахь.

Iедалан векалша дийцарехь Веданна гонаха гулъелларг вевзаш волчу гIаттамхойн баьччин Гакаев Муслиман куьйга кIелхьара тIемалойн тоба ю. Гоне а лаьцна, зераш дечу меттехь, боху полицин урхаллин хьостано, ша Гакаев Муслим хила а тарло. Цунна лач делахь а, тоьшалла лору низамхоша, шайн лорх тIаьхьаоьхурш тIаьхьара баха минанаш а, "растяжка" олу оьккхург а йохкарал сов, буха а сецаш, герзаш детташ, тIемалоша кIелош еш хилар а, шайн накъостийн коьрта тоба гена ялийта Iалашонца.

Тахана официало къаро а еш, вийна, кхайкхош волчу веаннал сов кхин гIаттамхо Iедалан каравеъна вац. Бакъду, байина полицин белхахой алссам буй-те, аьлла, шеко ю могIарерчу бахархойн. Мухха делахь а, гергарнаш ца хIуьтту дийца шайн стаг, Iедалан белхахо, маса тоьпан шокъали кхетта велла, я гериг кхетта велла… Иштачех ву Соьлжа-гIалин кIоштара вахархо а. Веллачех цхьаъ цуьнан шичан кIант ву. Амма, цунна хетарехь, Веданан кIоштан лаьмнашкахь белларш хаъал сов бу.

Бахархоша даре до, кхо-диъ де хьалха хиллачу тасадаларехь тIемалойн дуьхьало къарьян гIерташ, Iедалан ницкъаша хIаваан кеманех а, беркеманех а шуьйра пайдаэцна, бохуш. Кхузара, царна хетарехь, и цхьадолу баларш цу кеманаша харц тохар бахьнехь хилла а ду.

Ала догIу, Iедалдайша кегийнах балар тергамза ца дитина. Ма-дарра аьлча, цара сихонца, даккхий совгIаташ деш, билгалдаьхна цхьаболчийн хьуьнарш. Iедалехь уггаре мехала а, еза а ларалуш йолу Кадыров цIарх орден елла хеназа кхелхинчу полицин прапорщикна Хажбикаров Рустамна а, эпсарна Сатуев Сайд-Iалина а. Уьш турпалхой санна эгна, аьлла билгалдаьккхина кху беттан 22-чу дийнахь Чечана СатуевгIаьрга тезета веъначу министро Алханов Руслана а, цуьнан гIоьнчас полковника Алауддинов Аптис а.
XS
SM
MD
LG