ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Корруцин рейтингехь хаьлха яьлла йоьдуш ю Нохчийчоь


Нохчийчоь а, Оьрсийчоьнан чоьххьарчу гIуллакхийн министралла а, билгалъяьлла «Кхерамазаллийн Даймохк» цIе йолчу юккъараллийн цхьанатохаралло хIоттийначу коррупцийн антирейтингехь. Дуьххьара дIа иза хьаклуш ду, Iедалан цIарах, йокхар-эцаран интернетан аукционех.

«Кхерамазаллийн Даймохк» цIе йолчу оцу цхьанатохаралло бина таллам, доьххьара дIа хьакхалуш бу, паччхаьлкхан махбар, олучу хIумнех. Иза, массийта шо юккъе даьккхина дара, Iедалан, масалла, цхьа болх бан, я цхьаъ эца оьшуш хилча, цаьрга шалхенаш а ца лелайойтуш, Интернетехь, лерринчу сайт тIехь, кхайкхам байтархьам.

Амма, гарехь, шай-шай болчарна дIалуш хилла даржхоша, миллиардашкахь мах болу белхаш. Оцу антирейтинган коьртехь ю Нохчийчоь а, чоьххьарчу гIуллакхийн министралла а. Цигахь гучдоьвла шайна, дуккха а кхачамбацарш, аьлла Маршо радиога дийцира «Кхерамазаллийн Даймохк» цIе йолчу оцу цхьантохараллийн куьйгалхочо Жирков Дмитрийс.

Жирков Дмитрий: « Оцу рейтинган лидерш схьаэцча, цигахь тидам бан оьшуш дац цхьан регионан леррина. Ма дара аьлча, Москоха, 11 меттехь ю, амма, цигахь баккхий барамашкахь йокхар-эцарш хуьлу Iедалан цIарах. Ткъа, эцарший, цаьрца доьзна кхачамбацарший дуьстича, хьалхарчу меттехь Нохчийчоь елира. Дуьххьара тIе тидам боьдург хIун ду?

Махбарш цхьаъ бен декъашхо воцуш хуьлу. 24 миллиард соьман бина мах бу иза. Вуьшта аьлча, оцу Iедалан йокхар-эцаран маьIанна, бухе диллиина ду, шортта декъашхой хилийтар. Иза бохуш ду пачхьалкхан 44 низамехь. 2013 шарахь цхьаъ бен декъашхо а воцуш 24 миллиардан соьман белхаш тIеэцна.

Суна хетарехь, иштта хъилча, хIунда оьшуш ю и Iедалан эцаран сайт, и болх къовсуш стаг а ца хилча? Цхьа декъашхо хуьлу цигахь, цуо толам а боккху! Кхечарна, иза оьшучух тера дац. Амма, иза иштта ма дац. Бизнес кхуьуш ма ю массанхьа. Оцу хьолан, суна хетарехь, терго ян еза республикан куьйгалхоша а, ницкъаллийн структураша а».

Шаьш и бина талламаш, башха инзаре боккха болх бац аьлла хета «Кхерамазаллийн Даймохк» цIе йолчу цхьанатохараллийн куьйгалхочуьнна Жирков Дмитрийн. Шай сайт тIехь а ду боху цуо и мел долу жамI. Шаьш иза муха дина, дийцира цуо кхин дIа а.

Жирков Дмитрий: «Тхан рейтинг хIоттина ю, оцу Iедалан эцаран сайташ тIехь талламш а бина. Оха, теллина, ерриге а Оьрсийчохь хилла долу шиъ ах миллиард махбар. И мах беш, 5 процент вахьбаккха безар а тергонехь дара тхан. Цхьа декъашхо цу юккъе вахийтар а дара. Дина аьрзанаш а дара тергоне эцна».

Нохчийчоь дIаяьлча, оцу антирейтингехь хьалхарчу меттигашкахь ю Чукотка а, Дагестан а. Нохчийчохь-74 процент цхьацца министралша цхьаъ оьцуш-юьхкуш бина болу мах шеконехь бу. Чукоткехь - 55, Дагестанехь - 52. Билгалдаккха деза, Iедалан цIарах махбаран аукционехь, къайленаш ян йиша яц, амма, гарехь, иза, массо а тIегIан тIехь лелийначух тера ду: цхьанахь -кIезга, вукхунах- алсам.

Иза, регионийн коьртехь болчеран бехке хIума дац, бохуш тидам бо Жирков Дмитрийс. И зуламаш лелош берш бу цхьацца министраллийн а, Iедалан урхаллийн а куьйгалхой. Шаьш беш болу болх, Iедалшна, чIогIа пайдехь хила беза элира цуо.

Жирков Дмитрий: « Хьал кхечу агIора ду кхузахь. Iедалшна лууш дац, коррупции яьржийта. Гарехь, кхузахь бийца беза, цхьацца министраллийн коьртехь берш. Цара кхийо и коррупцийн зIенаш. Пачхьалкхан а, республикийн а куьйгаллна коррупции оьшуш яц. Церан кхин Iалашонаш ю. Царна, цу тайпа кхачамбацарш новкъа ду, цара ца кхуьуьту регионаш а, республикаш а.

Тхан рейтинг, мелхо а царна гIонна хила еза. ХIунда аьлча, тхуна, шалхе а йоцуш, арахьара гуш ду иза. Оха анализ еш ю Iедалан эцаран сайтан. Тхайгара хIума дац оха цу тIе тоьхна. Анализ а йина, леррина программа а кхоьллина, теллина эцаран барамаш».

Цу тайпа,Iедалан миллиардашкахь зенаш а деш, зуламаш, цхьацца лаккхарчу даржхоша коррупци яьржорна тIе тидам ницкъаллийн структураша а кхоччучу барамехь бохуьйтуш ца хилар а билгалдоккху «Кхерамазаллийн Даймохк» цIе йочлу цханатохараллийн куьйгалхочо Жирков Дмитрийс.

Жирков Дмитрий: «Ша мел болу бала, дIагIурту ницкъаллийн структурех. Цара талла долийча а , шен чакхене дIа ца хьо и гIуллакхаш. Материалаш цаьрга дукха кхочу, юккъараллийн цхьанатохаралшкара а, бахархошкара а. Коррупцийца болу къийсам, чоьххьарчу гIуллакхийн министраллан агIорара, кхоччуш беш бу аьлла ца хета суна.

Дукха хуьлуш ду, масалла, цхьа гIовгIа а йоккхуш гIуллакх доладича, иза, я кхеле а, я шен хила дезачу Iалашонца, зуламхочуьнна таIзар а деш, чекх ца долу. Иштта эра дара ас».

«Кхерамазаллийн Даймохк» цIе йолчу оцу цхьанатохаралло бинчу талламийн жамIашца, Iедалан цIарах йохкар-эцарашкахь, цу тайпа зуламашца пачхьалкхан хилла зен барам бу 290 миллиард сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG