ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

38 маттахь хьоьца къамелдан кийча ву Артур!


Эскаев Артур Нохчийчохь а, дозанал арахьа а дика вевзаш жима стаг ву.

Цунна хаьа 40 гергга мотт.

Интервью ийцира Маршо Радионо Артурера.

Радио Маршо: ​7-8 шо хьалха вай тIаьххьара гина. ХIетахь хьо туркойн фирмица болх беш вара. ХЬо дуьненна дIакхайкхийнера оха а, кхечу дуьненаюккъерчу гIирсаша а. Оцу хенахь хьан сатийсамаш бара-кх меттанаш Iилманчас санна Iамо аьтто хир бу аьлла. ХIинца, муьлахачу хьолехь ду хьан гIуллакхаш?»

Эскаев: «Зорбанан цIийнехь ингалс а, туркойн а меттанаш хьоьхуш ву со. Далла бу хастам. Вуьшта, айса хьалха а Iамош хилла меттанаш Iамош ву со».

Радио Маршо: «Хьоьгара хьалха интервью оьцучу хенахь дуьйцуш дара 40 ца кхоччуш мотт хууш ву хьо аьлла. ХIинца муха хийцаделла и гIуллакх?

Эскаев: «Ас хьалха сайга хаьттича, гуттар а Iамочу меттанех 38 бу олура. Амма хьо и меттанаш буьйцучу къаьмнашна юккъе кхаьччий бен хууш а ца хиллера хьайн хаарш мел ду. Дика суна хууш берг ингалс а, туркойн а мотт бу. Оцу къаьмнашна юкъахь болх бина ас. Ткъа, вуьшта гIехьчул суна хууш 15 мотт бу».

Радио Маршо: «Хьан и похIма цхьанна а ца ийши цIахь? Балха ца хIоьттира хьо?

Эскаев: «Цхьана балха а вахана, доьзал кхобур бу-кх ахь, аьлла, Iалашо а йолуш хьо вахча, цигахь хIун хуьлу ца хаьа. ТIаккха хьуна Iаткъам хилча, хала хуьлу. Ас 4 баттахь болх бира дешаран министраллехь. Цигара дIавелира. Кхечу метте балха ваха ца ваьхьа со».

Радио Маршо: «Меттанаш хаар зен мегар дарий ac? Масала, «Суна дукха беза меттанаш, хаза меттанаш дукха бу, амма ненан маттал хаза бац цхьа а мотт» бохург гочдийр дарий ахь кхечу меттанашка?

Эскаев: «Хьожур-м ву».

(Цхьа а кечам боцуш и алам гочдира Артура китайхойн, францхойн, португалхойн, Iаьрбийн, фарси, тайхойн, индонезин меттанашка. ЛадогIа аудио версига).

Нохчийчохь хьовха, Кавказехь а хир вац Эскаев Артур санна меттанаш хууш стаг. Деладенна шен хаарш дестош, болх бо цо. Зорбанан цIийнехь ша хьоьхучу чоьнехь, мукъа хан хилча а Iа иза шеца болх беш. Йозанан уьнна тIехь а яра, со чувахча, корейхойн елахь а, я японхойн елахь а - иероглифаш.

Артур вевзачарна евза цуьнан эсала, собаре амал. Шалхенаш йоцуш, цIена адам ду иза. Меттанашца хилла а ца Iаш, оцу амалца а къаьста. Ирс яI хьан, ма cапаргIат, хьагI-гамо йоцуш адам ду-кх хьо, аьлла ойла а йолуш аравелира со Артуран кабинет чуьра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG