ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шелахь дерриг хила тарло муьлххачу а меттехь...


Ницкъахошна тохардина кхо тIемало вийна. Дийцарехь, уьш Шелара бахархой бу: Мукаев Юнус, Даргаев Сидекъ, Эмедиев Бешто.

Церан карах велла ши полисхо. Ларамаза кхетта лаза а вина шиъ бехкевоцу вахархо.

Кадыров Рамзана гIарадаккхарца, тIемалойн тобанна тIехь урхалладеш хилла, кхаа шаре а ваьлла, Шемарчу тIамехь волу оццу Шелара вахархо Рашидов Мохьмад.

Интернетехула цо кегийрхой тIекIабо харц, зуламе некъ юьхьарлаца, омранаш до даржашкахь болу нах байа, ир-кара хIиттабо динан дай дIабаха а. Дан тарлуш дерг дерриге а дуц деш и зуламхо хIаллаквина дIаваккха. Ишта ду Кадыровс дина къамел.

Iедалдайша чIагIдарца, Рашидов Мохьмадан дас, шен кIантна наьIалт а кхайкхош, и шен доллара ваккхарал сов, дIахьедина, иза валар шена уггар башхачех, хьаамечех кхаъ хир бара аьлла.

Юкъараллехь гIарадаьлла ма хиллара, Соьлжа –гIалин Ленинан кIоштан полисхойн урхалехь герзаца юкъаметтиг къастийна а дац 5-6 де бен. ТIемалошца юкъаметтигаш лелийна аьлла, лаьцна валийначу вахархочо, ша Iожаллех хьалха вер воций а хIуъушехь, хIилланца низамхой самонах а бохийна,тапча йиттина чевнаш а йина охьавиллина хиллера виъ Iедалан белхо.

Кху дечке беттан11-чу дийнахь Курчалойн кIоштаний, Цоцин-Эвланий ,шина агIор вер-ваккхарш а нислуш, хилларг а хууш ду. Гергарнаш лорх ца кхуьуш, иттаннашкахь лецнарш хиларна, хIинца а дерзаза ду цоцанхошна нисбеллачу бохаман зов. Цунах тера хиламаш тергалло карарчу хенахь Шелахь а.

ТIеман барзакъ дуьйхинчу нахах яьккхина ю Шела. Буьйсанна диттинчу герзаша Iадийна адам кхоччуш ваьшта деъна а дац. Герзаца дуьхьало а йина беллачийн гергарнаш бу лоьцуш, дIабуьгуш.

МогIарерчу бахархоша шайлахь тайп-тайпана туьду кхузахь нисделла вер-ваккхарш. Нахана кIордийна, жоп деха меттиг а йоцуш, ницкъаллин структураша лело харцонаш. Цундела нисло ишта Iоттабаккхаме меттигаш, боху цхьаболучара.

«Наха дуьйцучуьнга ладоьгIча-м, ишта цIийIанор лахлур ду ала а дац. Хилларг хилла даьллачул тIаьхьа цхьа бехк боцуш хьийзош болучийн ду къа. «Уггар лакхахь» болучарна хаа а ца хууш бо те цIерачарна тIеIаткъам, аьлла а хета. Бакъдерг мичахь ду-м ца хаьа. Шен семанна чохь хIума-м дац хIара». Ишта къамел Маршо Радиоца динарг ву 70 –ра ваьлла шелахо Iиса.

Нохчийчоь синтеман ага а ду, кхузахь санна маьрша а, хьааме а меттиг каро атта дац, бохуш, официало ден дIахьедарш шеконе дохкуш беъначу Керлачу шеран хьалхарчу батто сагатдайтира массаьрга а. Бакъдерг дийцича жимачо а, воккхачо а - массара а - са-м туьйсу Iаткъамах, ладегIамах йоттаелла дохк дIа а айаелла, самалхдоккхуш анайист гаре.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG