ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ТIемашна эвсаре ду кIира


Нохчийчоь --Полицин лерринчу ницкъийн гайтам, Толаман Де,Соьлж-ГIала, 09Сти2012
Нохчийчоь --Полицин лерринчу ницкъийн гайтам, Толаман Де,Соьлж-ГIала, 09Сти2012

ТΙаьххьарчу деношкахь, яхначу заманах къаьсташ доцуш, тΙематасадаларш а, къепе хΙотточу урхаллийн бахархошлахь зераш дар а лаьттина Нохчийчохь.


Хьалха-Мартан кIоштара полисхоша, шайн боккха аьтто хилла, бохуш, кхаьънаш боху. Мартан-чуй, Таьнги-чуй эвлашна юккъехь хиллачу тIематасадаларехь церан кадаьлла кхо тIемало вен.

Болчу хаамашца, низамхоша йинчу кIелонна тIеIоттавелла хилла и кхо герзахо. Шайна го бича а, кхин къера ца хуьлуш, герзаш диттина, боху, цара. Цу меттехь, бичну сацамца, уьш байъина.

Вийначарах шиъ мила ву къаьстина - 24-25 шераш долу меттигера ши вахархо ву. КхозлогIаниг мила ву цкъачуьнна билгала ца даккхаделла. Оцу операцехь дакъалаьцначу низамхошна юккъахь вер–ваккхар хилла дац, бохуш, хаам бо, республикан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло.

Ишшта, оцу кIоштарчу Шалажи юьртара 35 шо долу вахархо дIалаьцна Соьлжа-гIалахь а. Цунна бехке дуьллуш ду, масех шо хьалха, иза тIемалойн тобан декъашхо хилла хилар. Вукхо, дийцарехь, дире дина иза. ХIинца иза талламан изолятор чьура мукъаваьлла, кхайкхича тIевогIур ву, аьлла, кехата кIел куьг а таIийна.
Талламхой къастош бу, тIемало волчу хенахь цо кIоршаме зуламаш дина я ца дина.

Ши де хьалха Гуьмса кIоштахь а дIалаьцнера тIемалойн тобанехь хилла стаг. 44 шо долу Нойбоьрара вахархо ву боху иза. Ишшта кхин цхьа де хьалха а, махкахь дIалаьцнера ши стаггий, цхьа зудий, тIемалошца уьйранаш ю, аьлла. Церан кхолламах лаьцна хIума цкъачуьнна хууш дац.

Беккъа тIемалой бу боху а, царна гIо деш болу нах а дIалецарца чекхаболуш бац Нохчийчуьрчу низамхойн болх. Боккха аьтто санна лору цара, тIемалоша герз дIалачкъийна меттиг гучуяьлча а. ХIокху карарчу баттахь, маситаза, хилла ишшта хIума. ТIаьххьарниг карийна, Соьлж-гIала йистехь, керстан кешнийн кертахь.

Даьккхинчу ор чохь полисхошна гучуяьлла масех мина а , йоккхач тоьпан хIоъ а, "Макаров"" тапча а, масатоьпийн 30 патарма а. Официалан хьостанаша бечу хаамашца, и дерриг а дIадиллина хилла 2010 шарахь вийначу тIемалочо Митаев Заура.

Нийсса цхьа кIира хьалха ТIехьа-Мартан кIоштахь хьаннаш луьттучу низамхошна карийнера герз дIалачкъийна ши меттиг. Масатоьпийн патармаш а , оьккхургаш а чохь йолу и оьрнаш хилла, боху, масех шо хьалха байъинчу тIемалоша кечдина.
XS
SM
MD
LG