ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Терек" эшийна "Ахмато"


Кадыров Ахьмадан цIарх фонд, маьждигаш, урамаш, тIеман дакъош, клубаш... ХIинца футболан «Терек» клубах а эли «Ахмат».

«Вайн пхенашца лела Дайн цIена нохчийн цIий! Вайн дегнашчохь – Ахьмат цIе!!! АллахIу – акбар!» - яздо инстаграмехь клубан президенто, мехкан парламентан спикеро Даудов Мохьмада.

Нохчочун цIий цIерша муха цIиндо кхеташ дацахь а, Даудовн воккхавейла ду – клубан «лараме президент» резахилла шен ден хьомара бинчу хийцамна.

«Сийлахь-Везачу Ахьмад-Хьаьжин цIе – иллешкарчу стеган, шен къам а, Оьрсийчоь а дуьненаюкъарчу терроризмах кIелхьараяьккхинчу, миллионийн дахар Iалашдархьама, шен са дIаделлачу стеган цIе лелош йолу клуб дахначу шерашкахьчул бIозза дика ловза декхаре ю!» - яздина Кадыров Рамзана.

ХIинцале йовзийтина Даудовс клубан керла эмблема а – туьрса чохь - буьрка, гонах - нохчийн бустамаш.

ЦIе хийцийта резабоцурш а бу. Масала, «ВКонтакте» машанехь фан-клуб ю «Терек», шен цIе ца хийцарал совнаха, вовшашка дуьхьало яре кхойкху 35 эзар гергга волчу фанато.

Иштта дукха бу хийцамна резабоцурш Фейсбукехь а.

«Хези. Халахийти. Яц хIинца суна езаш хилла тоба. Сатуьйсу, цIе хийцарца ир-кара а хIиттина, Соьлж-ГIалин футболхой, Кадыров Рамзана ма-аллара, хьалхачул бIозза дика ловзаре», - яздо махкахь дика вевзаш волчу журналисто Караев Руслана.

Хажбеков Булата боху, «харцдерг ца дийцича, суна республикехь ас къамел диначех стагга а ца нисвелла цIе хийцийта лууш, массара а олу, оьрсийн мотт кIоргга бу хIуъа а маьттаздаккха, маьхьарий хьоькхучу хьовсархойн, кхечу клубийн фанатийн, батош дIакъовлалур ма яций».

Фазиль Тонайс боху нохчашка, «шу дуьнентIехь дуьххьара ду-кх политикан цIе футболан клубна туьллучех».

«Цхьаболучу кортош боцучара, тIаьхьалонан ойла а ца еш, хьаькамийн меракIел гIертаро дог тIекIалдоккху. Церан эхь самадаларе сатийса а ца оьшу. Царна коьртаниг, мотт хьокхуш дика а хьаьвзина, шайна луш йолу «пираьнк» схьаэцар бен а дац», - яздина Фесбукехь Апаев Абуезеда.

БIеннашкахь ду и тайпа резадацарш массо а интернетан машанашкахь тахана.

«Терекан» фанаташлара божарий хилла ца Iаш, зударий а бу бина хийцам новкъабеана.

ХIун ду цIе хийцарх, «Ахмат» цIе стенна мегаш яц хьуна, хаьттира Маршо Радионо доггах футбол езаш а, евзаш а йолчу Заретига. «Ахмат» генарчу гIаланашкарчу стадионашкахь хийрачара, нехан фанаташа, маьттазчу маттахь гезъяха йолийча муха хир ду, ойла а ца йина «Терекан» цIе хийцинчара, боху цо.

Зарета: «ЦIе хийцарх хIун нислур ду? Ахьмад-Хьаьжин цIарх шортта урамаш ду, объекташ ю Нохчийчохь. «Ахмат-Арена» ю, футболан клубан коча ца баханехь хIумма а дацара.

Кхана Iуьрре дохко ма бовлахьара уьш. Кхечунхьара ловзархой оьцуш, ловзар лакхадаккха гIертар бу аьлла хета суна. Амма бакъду, хийлазза девнаш хезар ду вайна, ловза арахьарчу стадионашка бахча. Питанаш хир дуйла, ойла ян а ца йина теша?

ЦIе хийца дагадеанчуьнга хоттур дара ас: хьо хIун ойла еш вара, оьрсийн матте дирзича муха хир ду къамелаш, «Ахмат» эшийча, «Ахмат» текхийна», бохуш, дуьйцур ду, цуьнан ойла ян а ца йина?

Эзарнашкахь дехарш дина боху. Ца дина. Ма боттийша пуьташ. «Со гIур вац церан ловзаре», «цIе юхаялаяллалц, со гIур вац», яздо. Нахана луург хIун ду а ца толлуш, кабинеташ чохь болучийн лаам эзарнийн лаам бу аьлла ца хета суна.

Тахана вай дуьйцур ду, вайга тахана хийца-м лур дац хIумма а. Суна халахетта. Суна санна халахеттарш эзарнашкахь бу. Эзарнашкахь «Терек» шен цIарх яккхар халахеттарш бу-кх».

Махкарчу фотболан клубан цIе дуьххьара а, я шозлагIа а яц хуьйцуш: вайнах махкахбаьхначу шерашкахь олуш хилла цунах цкъа «Динамо», тIаккха – «Нефтяник». Официалехь турнирашкахула лела а йолалуш, «Терек» цIе тIеэцнера 1958-чу шарахь.

Футболан тIаьххьара сезон ерзийна Оьрсийчоьнан премьер-лигин 5-чу меттехь. Ткъа куьйгалхой реза бац – хIунда аьлча, Европан Лиге ца кхачаелла клуб. ХIинцца хийцина тренер Рахимов Рашид. Цуьнан метта схьаэцна Оьрсийчохь дикачех ларалуш а, кхаа шарахь «Краснодар» клуб хьалаоьзна а волу Кононов Олег.

«Тереках» «Ахьмад» баха долон дуьсург цхьажимма хIума бен дац – низамца а догIуш, Премьер-Лигин куьйгалло тIечIагIбан беза Даудовс-Кадыровс бина хийцам.

Дикка хан яра клубан цIе хийцарх кхайкхамаш бан болийна а. Цуьнан агIончаша гурахь дуьйна а долийра иза. «Терек» цIеран метта «Ахмат» тиллар доьхучу петицина буха куьйгаш лехьо а доладале элира клубан инарла директоро Айдамиров Ахьмада – иза Кадыров Рамзанан стунваша ву – цIе хуьйцур йолуш ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG