ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Швейцарерчу журналисто дуьйцу Нохчийчоьнах лаьцна


Рокки Людовик -- Швейцарерчу Le Matin цIе йолчу газетан корреспондент.
Рокки Людовик -- Швейцарерчу Le Matin цIе йолчу газетан корреспондент.

Нохчийн къомах волчу бизнесхочо Чагаев Булата Швейцарехь футболан тоба эцначул тIаьхьа, Нохчийчу телефонаш а етташ, цуьнах лаьцна къасто буьйлабелира оцу жимачу а, тийначу а пачхьалкхера журналисташ. Ткъа билггала цу хьолах кхета а, цунна тIаьхьа кхиа а гIерташ берш шаьш Нохчийчу баьхкира. Царах ву Швейцарерчу Le Matin цIе йолчу газетан корреспондент Рокки Людовик. Кхузахь цо цхьа кIира даьккхира. Нохчийчу вогIучу хенахь хьан хилла болу сатийсамаш кхочуш хиллий аьлла, шега Маршо Радионо деллачу хаттарна ишштта жоп делира цо.


Рокки Людовик: «Дуьххьара суна ала лаьа хиллачу «совгIатах». Малхбузехь Нохчийчоь хIинца а юзу тIамца, нахана тIехь латточу къизаллашца а. Иза хIинца а хета, маьрша дахар дIа ца хоьттинчу мехкаца. Ткъа, кхуза кхаьчча, цецволу дахаран билгалонех.

ГIишлонаш ю, уьш еш дуккха а адамаш ду, белхан жигаралла ю. Доцца дийцича, Соьлж-гIала могIарерчу гIаланах тера ю. Амма цхьа башхалла ю кхузахь. Массо а маьIIехь дIадиттина ду КадыровгIера сурташ. Иза тамашийна ду Швейцарийна а, демократи йолчу кхечу пачхьалкхашна а».

Маршо Радио: «Хала дарий, ахьа кечъеш йолчу артикална хаамаш гулбан? Нах тIекере каририй хьуна»?

Роки Людовик: «Меттигерчу бахархошца сан дика къамелаш хилира, дIа а ца яздеш, кофе молучу хенахь. Нах забар я хууш а, цуьнах кхеташ а бу. Долчунна кхоччуш мах хадош а бу. Амма, дика хаалора, царна дийца ца лууш долу хIуманаш хилар. Президентах Кадыровх лаьцна ца дийцара цара.

Цунна критика ян х1уттуш цхьа а вац, ур-аттала кофе молучу хенахь а. Амма, Оьрсийочьнца йолчу юкъаметтигех а, со кхуза веанчу гIуллакхах а къамел дийра долуш нах карийра суна. Суна иза мехала а хета».

Маршо Радио: «ХIинца тIекхечи вай, хьо кхуза варан бахьанна. Вуьйцург бизнесхо Чагаев Булат ву. Цуьнах лаьцна хIун хета Нохчийчохь?

Рокки Людовик: «Цхьа терра дац цуьнах лаьцна нахана хетарг. Цхьаболчарна иза нахана гIо деш волу стаг хета. Цунна тIехуьтту цуьнана тайпа дехачу Шуьйта кIоштарчу юьртахь. Кхин хетарш а бу «Терек» футболан тобанан фанаташна юкъахь. Ишшта хеташ бу, масала, оцу клубан зорбан-сервисера белхахой а, стадионан а белхахой а.

Маршо Радио: «Кадыров Рамзан огIазвахийта хIун дина аьлла, хета хьуна Чагаев Булата?

Роки Людовик: «Аса Нохчийчохь къамел динчу цхьана а стагана ца хаа оцу девнан хIун бахьан ду а, мила-хьанна ахча дала дезаш ву а. Нохчийчоьнан финансийн системехь, гарехь, йолуш ю Iаьржа агIонаш. Суна ца моьтту, и хIума толлуш, со кхин гена валалура ву аьлла».

Маршо Радио: «Ткъа хIун хета Чагаев Булатах лаьцна шун махкахь? ХIун дина цо швейцархой оццула оьгIаз бахийта»?

Роки Людовик: «ОьгIаззий? Мухха а далахь, цо эцначул тIехь ах шо а далале тхан футболан клуб дIакъоьвлина. Шен 100 шо кхачар даздар метанна, клуб гIорасиз хилла. Чагаевс шен амалш гайтина, нах цецбохуш йолу.

Сан нохчех лаьцна дика хIума бен олийла дац. Амма цо лелийначо башха дика цIе ца йоьккхуьйту шех. «Ксамаксан» тренерш а, белхахой а, балхара дIабохара цо, царна алапаш а ца лора. Ткъа ша дIасалелара яьккхийн машенашца, гIаралхой гонах а бохий. Цо цхьана агIора йолу клише йина нохчех лаьцна.

Ткъа чакхе вон хилира. Куьйгех гIоьмаш а тоьхна, набахтехь масех бутт баьккхира цо. ХIинца Швейцарехь хьожуш бу и процесс йолаяларе. Суна хетарехь, кхел хир ю хIара шо чекхадолуш, ян тIедогIу шо долалуш».

Маршо радио: «Нохчийн къомах хьайн хетачух лаций алахь. Швейцархойн а, нохчийн а амалш цхьаьна йогIуш ю аьлла, хетий хьуна, шу а, тхо а ламанхой хилар тидаме эцча»?

Роки Людовик: Суна хетарехь, массо а ламанхойн културехь ду яхь хилар. Иза воккхавевар ду, ша вехачу меттигах а, даган уллерачу оцу суртех а. Цул сов, амал а, хуьлу, мекар а, буьрса а. Иза доьзна ду, стаг вехачу хьелашца.

Лаьмнаша со цецваьккхира. Суна хаа а ца делира, со цIера генахь хилар. Кхуза вар суна дIоггара атта хIума дацара, кхузахь хилларг тидаме эцча. Амма кхузахь нах бехаш а бу, боьлуш а бу. Тхо дика тIе а ийцира кхузахь, тхуна шайн къоман кхача хьалха а хIоттабора. И бахьана долуш соьгара кхерам дIа а белира».
XS
SM
MD
LG