ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Теркана" керла тренер карийна Кадыровна


Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалахь Ахьмат-Аренехь "Терек" ловзуш цу тобан цIе тIехь йолу шарф лаьцна лаьтташ ву актер Депардъё Жерар, 2013
Нохчийчоь -- Соьлж-ГIалахь Ахьмат-Аренехь "Терек" ловзуш цу тобан цIе тIехь йолу шарф лаьцна лаьтташ ву актер Депардъё Жерар, 2013

«Терек» тобанан фанаташ дехар а дина, цуьнан коьрта тренер хийцина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цуьнца шай хиллачу цхьанакхетарехь цхьаболчара дехар динера цхьа буьрса тренер хIоттаве аьлла.

«Терек» тобанна фанаташца шен хиллачу цхьанакхетарехь, бинчух тера дара Кадыров Рамзана, Красножан Юрий тренеран даржера дIаваккха сацам. Фанатийн могIанашкахь йолчу йоIа дийцинарг, гарехь йохьарлаца а мега оцу тобанна куьйгалхоша. Ехха ойланаш а йина, клубан куьйгалло хаам гIарабаьккхина, керла тренер Рахимов Рашид хIоттийна аьлла.

Юьхьанца и хIоттора ву аьлла, дийцарш дара, Москохара дуьйна догIуш, амма, ян Рахимовс, я цуьнан гоно а, даре ца дора иза. Билгала хууш дара, таджик къомах волу и тренер а, цхьана хенахь ша а дикка футболхо а хилла волу, Соьлжа-гIала а веана Кадыров Рамзанца цхьанкхетарехь хиллийла.

Цхьа сацам баллалца, ишшта хуьлу, дийцараш хилар гIара ца доккхуш. Ткъа, тахана, «Терекан» ворхолгIачу тренеро доьххьарлера Iамораш дIадаьхна футболхошца.

Турниран таблицехь, 15 меттехь йолу «Терек» тоба, ишшта дIайоьдахь, лаккхарчу лигера юккъера яла мегаш ю. Тахана «Терек» тобанна кхиамах баккхийбеш а, иза оьшучу хенахь, цуьнах сагатдеш а, дуккха а нах бу Нохчийчохь. Цундела, хIоранне а шай-шай ойланаш ю, хуьлучуьнна хьокъехь. Цхьаболчарна, Рахимов хIоттор дика хета, амма, цулла хьалха хиллачулла, хьалха хилла волу Черчесов гIоле вацар теша боху цхьаболчара. Масала, Абу цIе йолчу хIокху стагана санна.

Абу: « Рахимов хIоттийна боху вайна. Хилла волу Черчесов, схьахетарехь дика тренер а вара. ХIну галдаьлла-м ца хаа суна. Красножан а, цхьа хенахь дика тренер вара иза. Цуьнана болх а дIа ца бахан. ХIинца хIоттийна волу Рахимов а, ша а дика футболхо хилла волу, дика тренер а ву. «Терек» метта яло а , цуьнана ловхар лакха даккха а хуург хира ду аьлла хета суна».

«Терек» тоба, Нохчийчохь юха ловза йолаеллачу дуьйна, футболан цамгар кхетта дуккха а нах бара махкахь. Амма, шо шаре мел долу, цуьнан толаме хьаьжжина хуьлу, цуьнах сагаттадечеран терахь. Амма, футбол езархой бацахь а, дукхачарна, хазахета, Нохчийчоьнан цIе а йоккхуш, тобано толам баьккхийча. Дуьйцу Салман цIе йолчу Соьлжа-гIалара вахархочо.

Салман: « Со со а фанат вацахь а, дуккха а бу кху махкахь цунна сагаттадеш. Цкъа хьалхарчу метте йолу иза, юха вахьйолу. Тренеран хан эша мега, и ловзаран сурт хIотто а, ловзархой бовза а, уьйранаш дIатаса а. Со футболан говзанча вац, амма, сагатта а до, дог а лозу. Вай республикан сий айдеш хIума ма ду иза».

«Терекал», турниран таблицехь лахахь лаьтташ Дагестанера «Анжи» ю. И ши а тоба, дукха инзаре даккхий ахчанаш а дайина хIоттина яра. Футболан ламасташ башха кхин дIоггара генна боцучу шина махкахь, и ши тоба вовшахтохаран бахьана дара Къилбаседа Кавказехь машар бу аьлла дуьненна дIакхайкхо лаар.

Амма тахана гуш ду и политикан сацам кхочуш бар цхьана эшшарехь латто, шоррта ницкъ а, ахча а оьшуш хилар. ХIокху шарахь, масала, «Анжи» тобан спонсор волчу Керимов Сулеймана ша мел эцна хилла гIараваьлла волу ловзархо дIавоьхкира.

Ткъа «Терек» тобанан ахчанца къелла хьоьгуш яцахь а, тренерашца гIуллакх дIадоьдуш яц. ХIинца юха а Соьлжа-гIалахь сатуьйсуш бу, Рахимов Рашида цуьнан ловзаран сурт меттадалор дац те аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG