ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каляпин Игор: Бобров ца тайна Нохчийчура ницкъаллин тобанийн хьаькамашна


Investigation committee of RF
Investigation committee of RF

Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира даржера мукъаваьккхина 8 бутт хьалха Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчухула йолчу урхаллан куьйгалхо хIоттийна хилла Бобров Сергей. Билггала долу бахьана хууш дац, амма цхьабочу хаамашца, цунна реза боцуш хилла Нохчийчура ницкъаллин структурийн хьаькамаш а, цхьацца Iедалхой а.

Ткъа Нохчийчохь жигара болх беш волчу Къизаллашна дуьхьал йолчу комитетан куьйгалхочунна Каляпин Игорна хетарехь, Талламан комитет Нохчийчох ьхIинца ша хиллачу кепехь йолчур дIайер ю.

БархI бутт а бацара инарла-майор Бобров Сергей Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчухула йолчу урхаллан куьйгалхо хIоттийна. Амма цуьнга хьажна доцуш, Путин Владимира шен указаца мукъаваьккхина иза цу даржера.

"Коммерсанто" яздарехь, Бобровс шен балхаца доьзна доцучу бахьанашца дехар дина хилла Путине ша цу даржера мукъаваккхахьара аьлла. Амма газето дийцарехь, Бобров Соьлж-ГIалара дIавахаран бахьана ду цуьнан меттигерчу ницкъаллийн структурийн куьйгалхошца а, Iедалхошца а юкъаметтигаш нисйелла ца хилар.

Боборов Сергейс цу хьокъехь комментари йина яц. Амма Нохчийчоьнан куьйгалхой баш дуьхьал болчух тера дац Путин Владимира бинчу сацамна. Масала, республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен инстаграмехь йолчу блогехь иштта яздина цу хьокъехь.

«Ассаламу алайкум, доттагIий! Тахана Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира шен указаца Оьрсийчоьнан Талламан комитетан Нохчийчухула йолчу урхаллан куьйгалхочуьнан даржера мукъаваьккхина юстицин инарла-майор Бобров Сергей Владимирович.

Иза дIаваккхаран бахьанаш дуьйцуш дац. Прессехь дуккха а хабарш дара цунна гонаха. Со дагахь вац уьш дагадахкийта а, царна комментари ян а. Кремлан администрацехь кIорггера толлу хаттар, цу кепарчу даржашца боьзна сацамаш бале хьалха. Нагахь хенал хьалха указ тIеэцнехь, цуьнан ондда бахьана хилла».

Бобров Нохчийчура Талламан комитетан урхаллан коьрте хIоьттийна дукха хан яцахь, цо куьйгалла дечу белхахоша цхьамогIа бехк-такхаман гIуллакхаш схьадиллинера республикерчу ницкъаллин структурашкарчу хьаькамашна дуьхьал бохуш, дуьйцу Нохчийчохь жигара болх беш йолчу Къизаллашна дуьхьал йолчу комитетан куьйгалхочо Каляпин Игора.

Каляпин Игор: «Со къоьруш ву, кху 8 баттахь Бобров кхиина хилла хиларх, хьалха иза деш ма хиллара, цхьадолу гIуллакхаш хIул а дина Iийр волу талламан комитетан куьйгалхо ша хир воций хаийта. Цо гайтира, халха иза хуьлуш ма хиллара, шена (Нохчийчохь) тIе куьг дахьа мегаш доцу нах хир боций.

Тхан юристаш гIо а деш, толлуш долу адамаш дар бахьана долуш схьадиллина масийтта бехк-такхаман гIуллакх схьаэцча, уьш эвсара талла долийра Бобров веача. Царах цхьа гIуллакх толлуш дIалецнера хьен ван мегар дац бохуш Нохчийчохь лелош волу цхьа стаг.

Иза вара «кадыровцы» олучу нахах... Кхин цкъа а боху аса. Суна ца хаьа Бобров даржера дIаваккхаран бахьана. Амма со кхоьруш ву иза доьзна хила мега аьлла, иза цу кепара маьрша лелар долуш хиларца.

2010-чу шарахь Оьрсийчурча бевзаш болчу адамийн бакъонашларъярхоша леррина кехат яздинера цу хенахь Оьрсийчоьнан президент волчу Медведев Дмитрийга. Цу тIехь дуьйцуш дара Нохчийчохь адамаш хьийзош берш коьртачу декъана чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахой бу аьлла.

Цу кехатан авторшна юкъахь вара Каляпин Игор а. Амма цу хенахь дуьйна хийцаделла хIумма а дац. Оьрсийчоьнан Талламан комитето Нохчийчохь беш болу болх хьалха а бацара дIоггара эвсара, хIинца иза кхоччуш саца мегаш бу аьлла хета Каляпин Игорна.

Каляпин Игор: «Цигахь цара деш дерг хьалха а даца дIоггара эвсара, нисса дIа аьлча. Делахь а Талламан комитет Леденев волуш, къаьсттина Бобров куьйгалхо волуш, ша цхьаъ бен федералан орган яцара, эр вай, Кадыровн доттагIий ду шаьш бохучу ницкъаллийн структурашкахь лаккхарчу даржашкахь болчу нахана новкъарло еш йолу.

Ткъа цу нахаца къамелаш динчул тIаьхьа довш дара адамаш, иштта эр дара аса. Дуккха а истореш ю цхьатерра йолалуш йолу. Цу полицин дакъойн белхахоша стаг дIалоца, цуьнца къамелаш до, цул тIаьхьа стаг вов.

Цу тайпа истореш вуно дукха ю. И гIуллакхаш талла хьаьжира Талламан комитет. Къаьсттина жигара иза дан долийра инарла Бобров волуш. Цундела и полицин хьаькамаш даиман а Талламан комитетах ларбала безаш хилара. ТIаьхьарчу хенахь бехк-такхаман гIуллакхаш дара цигахь схьадоьллуш.

Ткъа цу гIуллакхийн фигуранташ хуьлуш бара оцу полицин тобанийн белхахой. Бакъ ду! ХIинца, гарехь, Талламан комитет цигахь хIинца ша хиллачу кепехь йолчура дIаер ю.

Цкъачунна Бобровн меттиг яьсса юьсуш ю. Амма "Коммерсантана" хетарехь, цунна буха хиина ву Нохчийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан талламан урхаллан хьаьким Симбагаев Рамзан.

Амма и стеган цу дарже хIотта аьтто хир бу, нагахь Оьрсийчоьнан Талламан комитет а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралла а цхьаьнатохахь. Цундела цкъачунна Кремло Соьлжа-ГIала хьажо мегаш ву "арара" стаг.
XS
SM
MD
LG