Тахана дерриге а дуьненна дIакхайхкина ду, Нохчийчохь, бобераш чохь Iедало кхобуш йолу меттигаш махкахь яц аьлла. Республика Iедалша, массийта шо хьалха дуьйна тIедожийнера да а, нана а доцчу кегийчу берийн де агIора гергар болчарна, уьш кхабар-кхиор а. Iедалан агIора шай далуш долу гIо а хуьлуш ду царна.
Кхечу дашца, аьлча, нуьцкъахь нисло, уьш ишшта лелор. Тахана урамашкахь, тIехь Iуналла доцуш бераш лелаш дац. ХIинцалца, кегий бераш мешанийн ягорг юьхкучу станцешкахь лаьттара, шайна 5-10 сом делча, машенлелархошна гIо деш.
И бераш а дIалаьхкина ала мегар ду цу меттигашкара. ХIинца уьш мичахула лела, бакъдерг дийцича хууш дац, амма, ша токхо йолчу юккъараллехь санна сурт хIоттаделла.
Кхин цхьа хIума а ду, Нохчийчоьнна, цуьнца ца догIучу зуламашца цIе яьккхар. Бераш дохкар-эцарш тIаьххьарчу массийта шарахь хуьлуш схьадогIуш ду. ТIаьххьара цу тайпа зулам деш дIалаьцна 60 шарелла тIехь яьлла йолу зуда. Цуо массийта де кхаьчна волу шегара кIант воьхкина ах миллион соьмах. Адам дохкар-эцаран мах Соьлжа-гIаларчу цхьана ресторан чохь хилла. Эцархо ю ша бохуш полисхо йолу зуда хилла боху.
ДIакъасто дуолийча, билгаладаьлла, и бера, Дагестанерачу Цумадан кIоштера 30 шо долчу нанас ша доьхкина хилар. Иза хIинца а лоьхуш ю Iедалш. Оцу Дала а, Iедалша а , неIалт аьллачу махбаран, юккъа хоьттина хилла Хасав-юьртарчу бераш даран клиникера зударийн лор а. Иза а дIалаьцна ю. Талла долийча, къаьстина, оцу тобано, тIаьххьарчу эха шарахь, Дагестанера а, Нохчийчуьра а I2 бера Оьрсийчу а, Турци а доьхкина хилар.
Оцу зуламан некъ тIехь ка йолуш хиллачу оцу тобано, дукхачу хьолехь берийн наной Iехош хилла, хIинца дуьне чу даьлла долу берийн, могашаллийна даккхий сакхтш ду бохуш. Ишшта дIакъастош хилла боху, цара дукхахдолу бераш ашйна нанойх.
Тахана Нохчийчохь, кхечу меттигашкахь санна дуккха а доьзалш бу, бераш а доцуш. Дуккха а меттигаш ю, цара къайлахь а къулахь а бераш эцна. Амма, и хIума, мел къайладахь гIиртича а, иза нахах а, лулахойх а къайла ца доьду. Дала, хьарам динчарах хIума ду, неха бера шен дола а даькхкина, шен долуш санна иза лелор. Оцу хьокъехь аят а ду боху КъорIан тIехь дешначу наха. Шела кIоштерачу Iелам стага Ризвана, ишшта дийцира цуьнах лаьцна.
Ризван: «Бусулба динехь, бера дола даккхар, шен ду бохуш лелор-хьарам ду. Пайхмара а хилла Зайт бохуш, дола а ваьккхина лелош, шен ву аьлла. Цул тIехь, и санна хIума хьарам ду аьлла, КъорIан аят доьсча, цо, иза шен доллара дIаваькхкина. Бахьан АллахIан дика хаа, иза мегаш хиллехьарий Цо могуьйтура дара иза».
Зударшка хаьттича, бер эцар а, дохкар а, доккха къа ду бохуш цара шаьш дуьйцу. Амма, дукхачу хьолехь, цу тайпа кIоршме зуламаш деш берш, шаьш зударий хуьлу. Бера кхио а, лело а, иза шен хилар а, муьлхачу зудчуьнна Дала чу диллина хIума ду боху, ша а диъ берийн нана йолчу Зулихана. Амма, ша цкъа а кхетар а яц, ян къинхетам а хира бацара шен боху цо, ишшта бера доьхкинчаьрца.
Зулихан: «Наний Берий вовшах а къастина, уьшиъ вовшах мичахь ду ца хаийтар, иза а къа лерина ду. Оьрсийчн Iедалехь а, луьра таIзар деш ду цуьнах. Уьш чу бокха а , тоьпаш тоха а мегар дара и хIумш лелочарна. Бера муха духкура ду, иза делла аьлла нана Iеха а йина. Мел чIогIа и бера шен ду бохуш лелийча а, иза гучдолу.Иза хира ду-кх иза. Цунна хуьлуш йолу вас а , чов а. Иза хила мега жайнешкахь дуьйцург. Берана ша докка хилча хуура ма дуй ша дерг».
Хьалха-Мартан кIоштера цхьан вахархочо, шен цIе яьккхийта ца луучу, Маршо радиога дийцира, шеца шалла вина ваша хиллера бохуш. Кегий долчу хенахь, Оьрсийчоьнан цхьана махкахь бехаш хилла церан доьзал.
Нана туькан чу яханчу хенахь, арахь цо йитинчу коляски чуьра лачкъийнера цуьнан ваш. Шен да а, нана а, оцу вайначу кIантан ца доьлхуш цхьа де ца далар сов, 50 шаре ваьллачу ша а, лоьху, доьхьал мел кхеттачу шен нийсархойшна юккъахь шеца догIуш долу йохь-сибат. Иза амале а дирзина, велла дIаваллалца дIадера дац шен боху цо.