ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хийцаелла амалш


Нохчийчоь - 2013
Нохчийчоь - 2013

Нохчийчохь керлачу исторехь, маьттаза, кIоршме зуламийн терахь гIехьчулла лакхадаьлла. Хаало, хилалчу тIемаш, адамийн синхаамийн бина болу Iаткъам. Амма, оцу да хьоьгура воцучу хIумнийн бахьанаш дадахаралла совнах, хьовсийша тхо ишшта бехделла шуна, бохуш гIарадоху хилларш.

Цецвала хIума а ца дисина аьлла хеттачу хенахь, цхьацца хиламаш гучубовлу, махкахь мел бехаш болу нах цец а бохуш. И хIумш Iаламца а, ян хенан хIоттамца а доьзна дац. Уьш, къоманна юккъахь, телхаш схьайогIуш йолу амалшца доьзна ду. Жима бера хьийзадина меттигаш ю, вашас ваша вийна меттиг ю, зудчо коьртах жIов йиттина шен берийн да вен а вина, иза шай кертахь дIа а воьллина, Iийна а меттиг ю.

Шорта ду цу тайпа хIумш, цхьана-шина могIанца дийцина ца валлала. Нохчашлахь, цу тайпа, кIоршме хIума динчуьнна, наха олуш дерг ду, цхьана илбазо, шайтIо корта хьовзина дина хира ду. Амма, шо шаре мел долу, дицлуш долу гIиллакхаш а, дуьнена бахам дахаран Iалашоне хIоттора, ца дуьйцу цхьаммо а, ма дика ду-кх иза соьца а , сан доьзалца а ца хьакхаделла олий дагахь ойла а хьаьдаш.

ДIадаханчу кIирнахь, Нохчийчуьра мел баьржачу хаамех уггаре а хьалхарчу меттехь лаьттира, нохчий зудчо шен хьакам ахча а делла, вейта гIерташ хилла бохург. Массийта дийнахь иза телехьожийлехь, дIалаьцна йолу и зуда а , цо вен гIерташ хилла волу стаг а гайтира.

Ша вен гIерташ бу, аьлла Iедалшка гIо дехна стаг кIелхьара ваьккхинера, низамхоша. И зуда 20 шарана набахте чуйолла бакъо луш долу тоьшалша гулдича, иза дIа а лаьцна, Нохчийочьнан куьйгалхочуьнна хьалха хIоттира. Дов а дина, и зуда, талламан изолятор чу йоьллира.

Цул тIаьхь, хIумма а ца хилча санна, ша верг шен гIуллакхашна юккъе вахара, хIумма а ца хилча санна. амма, иза а, цулла хьалха а, нохчашшна юккъахь цкъа а хааделла доцу хIумш хилар, иза вуо сигнал ю, дерриге а къоманна аьлла хета цхьаболчу тергамхошна. Царах ву Мохъьмад цIе йолу воккха стаг а. Цо маршо радиога ишшта элира.

Мохьмад: «ХIара дуьне, вай карара а даьлла деда доьдуш ду. Шина тIамо талхина вай къам. Вайна юккъахь хилла доцуш хIумш ду уьш. Стаг муха воь? Зуда ялахь а, ян стаг валахь а. Ша верг хьераваьлла хьийза.

ХIуъа дина а дIадаккха дезаш ду иза. Уьш нохчий а бац, ма дарра дийцича. Нохчийч бу бохуш дукха ма бу хьийзаш. Оьрсийн телехьожийлера схьа а оьций, леладо хIумш. Жа санна бекъабелла вай. Во хIума ду иза».

Мохьмадан цхьа хIуьттаренна санна, нохчий сийсаза бохуш хета. Цу тайпа хIумш хилча а, дерриге а дуьненна гIара а ца доккхуш, уьш хиларан бахьан къасто дезара аьлла хета цунна.

Мохьмад: «И санна долу хIумш хилла даьлча, нахала доккху. Чуьра арадаккха ма ца оьшу и хIумш. Дийца а ма мегар дац иза. ДIа къайладаккха деза. Цул хьалха «Со-м вац шу нуц» бохучу хIумнех туьйра а дина лелаш дара. ХIара хIума а ду хIинца ишшта дIадаьржаш».

Тахана махкахь хIора кIирнахь аьлча санна, маьждигаш а деш, Дела хьо вахьвуссу, ян тхо хьаладовлу бохучу хьолехь бу нохчий. Гарехь, кхечу хIуманца имане бахко беза нохчий. Амма, и къайле хуучух тера дац цхьанна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG