ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Омаев Дагун: Къоман хазна ю театр


Нохчийчоь -- Омаев Дагун, 2012
Нохчийчоь -- Омаев Дагун, 2012

Нохчийн театро, къома дахарехь шен меттиг дIалоцуш ялахь а, тахана цо нехан синошна ойлане кхойкхуш беш болу Iаткъам, гIелбелла, аьлла билгалдоккху говзанчаш. Хьовсрахой а кIезгалуш бу, спектакль хIотто пьесаш а яц дика язъеш, аьлла тидам бо. Царах ву нохчийн гIараваьлла актер Омаев Дагун а.

Театран дуьненаюкъара де Соьлж-ГIалахь билгалдаьккхира оцу тIегIан тIехь къахьоьгучу белхахошца, мехка куьйгалло динчу цхьанакхетарца а, концерташца а. Иштта йийцаре йира, тахана театро къома дахарехь дIалоцу меттиг а, керла Iалашонаш а хIоттира.

Маршо радионо, оцу къамеле кхайкхина, нохчийн цIеяххана актер Омаев Дагун. Цо дийцира, тахана Нохчийчохь театрехь долу хьал муха ду. Дуьххьара цо халахетарца билгалдоккху, театран бух латтош долу хIума-хьовсархой кIезгабелла хилар.

Омаев Дагун: «Таханлерчу дийнахь театр шен меттахь а дера ю. Вай кхузахь актерийн факультет а ю. Кхачамбацарш а тоам ца хилар аду. Делахь а, Оьрсийчохь театр гIеллуш схьайогIуш ю. Хьалха, чIогIа тидаме лоцура театрехь васт кхоллар а, кхечуьнна а.

Ткъа, хIинца ша верг оцу эшаршний, киношний тIедоьвла. Иштта хьал дIадоьдахь театр гена гIура яц. Нахана, муха лела хаа, муха даха деза а масалш гойту меттиг ма ю. Ткъа, вайна хелхарш, эшарш, хелхарш-эшарш тIе а доьвла, театр йицйелла».

Театре нах оьхуш ца хиларна бехк шайна тIера дIа ца боккху театран а, кинон а артиста Омаев Дагуна. Ховсархой кегий болчу дуьйна кхио безаш бу элира цо.

Омаев Дагун: «Театран шен хьажархо ву. Иза жима волчу дуьйнеа кхио везаш ву. берийн а, кхиазхойн театрера дуьйна кхио везаш ву иза. ТIаккха, таханлерачу дийнахь хIуна бала болу хIума дуьйцуш а хилча, хьалха вогIура оцу спектакле, жима велахь а, воккха велахь а. Къома хазна ю театр. Ша гура ву хьажархочуьнна. Шен накъостий а гура бу цунна, кхуллучу васташ тIехь.

Цундела хьажархо кхио веза. ТIамо дина ду аьлла хета суна иза. таханлерач удийнахь, кегийчу нахе хьовса хIунда боьлху? Цара локхучу эшаршка ладогIа богIу. Тахана зама сиха ю. Оцу ойланалла хьалха йорта етташ хьалхадаьлла адам.Цхьа жимма саца а сецна, хIун хила дала теша аьлла ойла а йина хIума дан дезара. Цундела лахбелла аьлла хета суна, оцу театре богIуш долу ховсархой».

Тахана Нохчийчуьрчу театрийн коьрта кхачамбацарех, Омаев Дагунан, драматургийн тIегIан тIехь болу яздархой ца хилар хета. Дукхачу яздархошна, и болх бан ца лаьа, элира цо.

Омаев Дагун: «ХьастагIа Кадыров рамзана гулдинчу хенахь, 14-15 стага куьг айдира, шаьш драматургаш ду аьлла. Вай махкахь 2-3 бен драматург вац. Уьш а,тIаьххьарчу хенахь, романаш тIебоьвла. Шайна атта хилийтархьам далахь а, церан атта дог тIе ца доьду иза драматургиян.

Яздархо хиларх, хьо драматург ма вац. Хьалха секцеш яра драматургийн. Иза театрехь кхиош ма ву. Хьалха санна и хIума лелош адц, цундела, вай драматургия янне а яц-кх».

1928 кхаччалца, Оьрсийчоьнан кхиндолу къаьмнаш санна, нохчий театр йолуш хилла бац. Культура дукхачу хьолехь, къома кхолларехула кхиош хилла. Оцу шарахь, Яндаров Мохьмада, дуьххьара театран бух бу аьлла лара мегар долуш, драматикийн гуо кхоьллинера. ХIета, баттахь шозза спектакль гойтуш хилла оцу тобано.

Нохчийн театр кхиорехь йоккха меттиг дIалаьцна луларчу Гуьржийнчоьно. 1934 шарахь, нохчийн-гIалгIайн театран Iуналла дина Тбилисерачу Шота Руставелийн цIарахчу театро. Цуьнан куьйгалхо Чхартишвили Арчил хилла оцу гIуллакхан леррина Соьлжа-гIала болх бан ваийтина.

ХIета дуьйна, хьовсархойн таро хиллера, дуьненюккъерачу драматургийн пьесаш йовза.

Театран шозлогIа кхоллар 1950 шерийн чакхенгахь хилла, къам дIадуохийначуьра цIа дирзича. Дуккха а гина нохчийн театаршна вуонаш а, дика заманаш а, амма ма хуьллу шен Iалашонца болх бан гIиртина нохчийн актераш, холчохь болчеран дог оьцуш, ойла ян луучуьнна и аьтто луш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG