Дагестанера цхьана министралло пачхьалкхан эцаран сайтан тIехь, Ауди А8 олуш 5 миллион сом доьхуш йолу машен эца гIоьртина аьлла, хIинца иза юьхьарльацна хIума ду. Нохчийчохь-м, дукха хена дуьйна хууш ду, кхузарчу Iедалан мел кар архаш дIаелла, махкахь къепе латтийчхьан.
Цундела, дукхахболу Iедалхой, немцойн а, японхойн а дикачу машенашца лелаш бу. Амма, цу юккъехула, ала догIу, Кавказехь санна Оьрсийчоьнан машенаш, къаьстина «Лада» олуш ерш дIаоьцуш кхин регион а яц.
Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а, ишшта еза машенаш Iедалхоша оьцуш хилча, уьш муха-мичара оьцу цара бохуш, хеттарш кхолало хаамийн гIирсийн. Пачхьалкхан эцаран сайт тIехь уьш наггахь бен гуш бац, ткъа, еза мел йолу машенаш хуьлу цаьргахь, бохуш цецбуьйлу уьш. Оьрсийчоьнан хаамийн гIирсашкахь, хаддаза дуьцуш ду цуьнах лаьцна.
ХIора шо дуолалучу хенахь, хуьйцу даржхоша шай автопарк. Iедалхошна тайна йолу машенаш ю, тIаьхь яьлла йолу Мерседес а, Тойота а, Ауди а, БМВ а. Цхьа Кавказ кхобуш ца хилар, гойтуш хIара хIума ду: Амур кIоштера кхелан пурстопийн урхалло 3 миллон сов сом делла, оьцуш ю Тойота Ландкраузер олуш йолу джип. Ишшта, Приморан кIоштехь а, Саха-Якутия махкахь болчу, церан белхан накъосташ а ю изза машенаш оьцуш.
Еза мешан оьцуш ю, Ульянан кIоштера экономикан министралло. БМВ 750LI X Drive, олуш ерг ю иза. Ша мел болу гIирс а хила беза бохуш ду, оцу пачхьалкхан эцаран сайт тIе, цара баьккхинчу хаам тIехь.
Нохчийчоьнан Iедалшна хIинца а тIехдетташ ду, цара масех шо хьалха, дукха еза машенаш эцна бохуш.
Пачхьалкхан эцаршкехула болчу эксперташна хетарехь, тахана гIара доккхуш, люкс машенаш оьцуш болу даржхой кIезглуш бу. Цара иза кхечу схемашкехула оьцу, юккъараллехь дукха дIаса а ца долуьйтуш. Коррупционераш лела Iаьмма, боху цара.
Ца кхеташ дуьсу, масла, Санкт-петербургерачу автоинспекцина стенна оьшуш ю, Порш 911 олуш йолу тIаьхъяьлла машен, ян оцу кIоштерачу Ушаков адмиралан академина а, «Рособоронэкспортан» а, Ягуар олуш йолу машенаш.
Ткъа муха бу, масала, Москохахь бехачу даржхойн, Iедалан машенашца болу безам, аьлла хаттар делира Маршо радионо, оцу гIалахь вехачу «Коммерсант» газетан корреспонденте Мурадов Мусаъе. Цо ишшта жоп делира.
Мурадов Муса: «Москох болу хьаькамаш езчу машенаш тIехь лелаш бу-кх: БМВ, Мерседес, Ауди. Шайна долахь лело машен санна, харжа а хоржий, уггаре а беза гIирс чохь а болуш, тоьлларг бен оьцуш яц цара.
И машен эцар а доцуш, кхузахь болчу кавказхошна журналисташа а политикаша а, тIе тидам бохуьйтуш Iедал ду-кх. Кавказхочо кхузахь цхьа куьзган бIаьрг буоха бахь а, иза айдой, хьаовсал цо динарг бохуш. Ткъа изза, масла, Рязань кIоштера веанчо дича, цунна тидам а ца бо».
Даржхоша, шай хьашташна Iедалан ахчанах, еза машенаш эцар, талла дагадогIучух тера дац, тIехьожучу урхаллашна. Моьтта хира ду царна,, машена чуьрчу гIенто, букъан массажа еш, чохь телевизоре а хьожуш, когашна шийлаьта, бовха а бай моха а тухуш, балха дIасавоьдучу даржхочуьнах пайда алсам бера бу. Дика-м хира дара иза ишшта хичла, амма, ма хеттара ца нислуш йолу зама ю-кх хIара.