ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Соловьевс кавказхошна дуьхьал зарзар екор цатайна нохчашна


Оьрсийчоь -- Соловьевс радиочухула кавказхошна дуьхьал зарзар екор цатайна нохчашна.
Оьрсийчоь -- Соловьевс радиочухула кавказхошна дуьхьал зарзар екор цатайна нохчашна.

Нохчийчура журналисто латкъам бина республикан прокуратуре Москохара журналисто Соловьев Владимира нохчий сийсаз беш дIахьедарш дарна. Цо чIагIдарехь, Соловьевс масех де хаьлха радиочухула дина къамел къаьмнийн барт бохош а, къаьмнаш сийсаз деш а ду.


Цхьа кIира дIа ца долу Оьрсийчохь къаьмнийн юкъметтиг телхина хилар сов, йолчулла, иза кхин а кIоршаме йолуш хилар гойтуш долу масалш ца долуш. Царах ду ала мегар ду, хIокху деношкахь, журналисто Соловьев Владимира Оьрсийчоьнан цхьана радиоэфирехь дина долу къамел.

Цо бахарехь, Москохара кавказхой дIабаха беза шай лаьмнашка. Цара хIара дина, важа дина аьлла, шена хезча, шинна а куьйга Калашников маса топ караэца дагадогIу шена, бохуш вара, шен а схьавалар оьрсийн къомах доцу журналист.

Дуьххьара, Соловьевс дина долу и дIахьедар, ша сийсаза ваккха гIерташ ду аьлла, прокуратуре арз динарг ву нохчийн журналист Абуезидов Майрбек. Цигахь цуьнгара иза тIеэцна. ХIинца толлуш ду, Соловьева аьлла дешнаш, къаьмнийн юкъаметтиг талхоран хьокъехь аьлла, хаам баржийна Нохчийчоьнан прокуратуро.

Историк волчу Хатуев Исламан шеко яц Оьрсийчуьра цхьаболчу наха, цу тайпа дIахьедарш дар, шаьш мухха а бийцийта лууш лелош хIуманаш хиларан. Царна рейтинг еза элира цо.

Хатуев Ислам: «Дуьххьара дац и санна дерг. Соловьев санна берш дукха бу. Пыхаловс олуш, кхечара кхин олуш, иштта вай къам сийсаза даккха гIерташ, бехдан гIерташ лелаш бу.

Масала, Латынина бохуш ю-кх.цо шен кинчки тIехь яздина, оьрсийн салтий кхехкош бара аьлла. Иза цхьаннах а хезна ма дац. Шайн рейтинг хьалаяьккха а, скандалцаний, шаьш довзийта а, дуьненахь шаьш дийцийта а деш ду аьлла хета суна».

Соловьев Владимир, дуьххьара вац нохчашка а, кавказхошка а, Москохара дIагIо бохуш. Цхьана стагера, ян ларамаз, ян хууш, хIума далахь, йоккха гIовгIа оьккхуьйту, гIалара мел волу кавказхой арабаха беза олий. Iедалш тIехь лаьттачу журналисташ, иза оьшучу хенахь ойу. Соловьев а, царах хилар лечкъина дац Нохчийчохь. Политолог Бено Шемалс, кхолладеллчу хьолан, шена сацам карийна боху. Цу хьокъехь, цо иштта элира:

Бено Шемал: «Сан оцу хьолах ала ши хIумий бен дац. Цхьаъ- вай а, кавказера къаьмнаш мел сийсаз дича а, тесан дитча а, нах карзахбалар бен кхин совдолуш хIума дац. ШолгIаниг- массарна а хаа дезара: царна а, гIазкхашна а , Москох бехачу жуьгтишна а, кавказцашна, и Москох юкъара гIала ю.

Оьрсийчоьнан коьртачу шахIрехь, нохчийн а, суьйлийн а, гIезлойн а, оьрсийн а, мила а валахь а, церан гIала ю иза. Нохчий а, суьлий а , цига тIебахана нах бац. Цигахь болчу гIазкхийн долу хьакъ нохчийн а ду оцу Москохахь.

Нагахь санна, Москох бехачу нахана, Соловьев валахь а, милла а валахь а, цунна реза бацахь, и коьрта шахIар хийца еза. Иза вайн Соьлжа-гIала еъча а мегар ду вайна-м. Цигахь кхин деха а, доца а дийца оьшуш хIумма а дац».

Хийлазза, оьрсийн цхьацца политикаша а, журналисташа а, кавказхой, къаьстина нохчий емал беш дIахьедарш дарх, уьш кхеле ца белла цхьаммо а. Жириновский Владимира, масала, дукхазза дийцина цу тайпа хIума, амма, иза жоьпе уозор хилла дац. Оцу хIуманна терго йина историк волчу Хатуев Ислама а. Цу тайпа, шен Iоттаделлачу дIахьедарна, дуьхьал хаамийн гIирсашкахь артикалш а ца язъеш, цу нахан кхелашкахула таIзар дан деза, аьлла хета шена элира цо.

Хатуев Ислам: «Царна дуьхьал, хIума яздо, телевизионехь дуьйцу..Иза тоам болуш дац, аьлла хета суна. ХIунда аьлча, цу нахе иштта дийцича, цаьргахь цхьа а эхь-бехк дац, ян яхье а боьвра бац уьш. Цундела, низамашца, бакъонан агIонца дIасовцо безаш бу уьш».

Соловьев Владимира динчу дIахьедаран мах хадабе аьлла дина долу арз талла, низамашца догIуш ма хиллара, итт де деза, прокуратуран. Амма вевзучу журналиста, ша цхьа а къам сийсаза даккха гIерташ хIума ца аьлла, бохуш тахана дийцахь а, адвокатан тIедиллина, ша оцу радион эфирехь динчу къамелан чулацама талла аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG