ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Говзанчаш цIаберзо лууш ду Нохчийчура Iедалш


Нохчийчоь -- Кху мехкадаьттан станцин долахоо Мислаев Руслана ша шена апча тоьхнера Iедалш иза дIахьакха дагахь хилар хиича, ЧIуьлга-юрт, 26Чил2013
Нохчийчоь -- Кху мехкадаьттан станцин долахоо Мислаев Руслана ша шена апча тоьхнера Iедалш иза дIахьакха дагахь хилар хиича, ЧIуьлга-юрт, 26Чил2013

Гергарчу хенахь социалан сферехь болх бан говзанчаш кхайкхарам леррина программа кхочуш ян йолор ю Нохчийчохь. Цуьнан Iалашо ю республикехь тIемаш хилар бахьана долуш махкахбевлла нах цIаберзор а, лаккхар говзалла йолу белахахой махка балор а.

Нохчийн Республика социалан а, экономикан а сферехь кхиита кечйина ю юьйцуш йолу программа. Иштта, Территори кхиаран а, къоман политикан а, шуьйра коммуникацин а министраллан департаментан куьйгалхочо Садаева Миланас дийцарехь, социалан кхиаран проблема кхочуш яр мехала Iалашо ю махкахь дахар дIанисдаран.

Цунна хетарехь, говзанчаш цIаберзаро а, меттигера говзанчаш кхиоро а кхочуш йийр ю махкахь и тайп-тайпана говзанчаш ца тоаран проблема. Ткъа говзанчашна гIо дийр ду чохь баха меттигашца.

Нохчийчохь цу кепара программа тIеэцар ларамаза дац. Кху тIаьхьарчу 10-15 шарахь Нохчийчура дIабахана дуккха а говзалла йолу а, дешна болу а нах. Кхиберш тийна-таьIна Iаш бу, таханлерчу Нохчийчохь шайна меттиг ца гуш. Цул сов, тахана а дIаоьхуш бу республикера дуккха а нах, шайна юкъахь говзанчаш а болуш. Уьш Оьрсийчу бахана ца Iаш, дIагIерта Малхбузерачу Европе а, Iамерке а, Канаде а.

Амма къезиг бац Нохчийчохь кху тIаьхьарчу шерашкахь Оьрсийчура лаккхарчу дашеран меттигашкахь Iилма Iамийна цIабирзина кегийра нах а. Царах ву Пятигорскехь университетан юристийн факультетехь дешна волу Гичаев Рамзан.

Гичаев Рамзан: «Сайн говзаллица суна кхузахь нислуш болх бац. Кхечанхьа санна дац кху цIахь дерг, Кавказехь дерг а хила мега иштта. Я ахча делча, я вевзаш стаг хича а бен хаьн говзаллица боьзна болх ца хуьлу. Амма и белхан меттиг сайна нисъелча а, кху Iедалца цу юкъагIерта лаам боцуш ву-кх со. Ондда дог хила деза кхузахь лелачу белхан кепашца кхузахьболх бан».

Балхахь лелачу гIиллакхашна а реза вац Гичаев Рамзан.

Гичаев Рамзан: «Балхаца а, некъаца а аренца дIанисбелла нах цIаберзахь тамаш бу. Аренца болх луш волчо шен белхахочуьнан бакъонаш ларйон. Цунна гIело латтош хIуманаш лелон а хир дац цигахь. Амма цIахь и хIуманаш цхьана а агIор лелош ца хилча, стаг цIа а веана кхузахь балха хIоттахь аса тамаш бо-кх».

Цхьаболчу хаамашца, лаххара а 200 эзар нохчо хир ву тахана махкахваьлла вехаш. Царна юкъахь къезиг бац лаккхара говзалла йолу нах. Царна юкъахь дуккха а хир бу цIа баха сатеснарш. Амма царна цIаберза уггаре а хьалха новкъарло еш дерг иштта го Дуьненан нохчийн конгрессан гIантдена Тепс Денина.

Тепс Дени: «Дуккха а нах буй вай цIа баха лууш, Iилма а долуш, корматалла а йолуш. Амма царна паргIато ца хета цIахь. Цунедала цIа ваханарг а, дукха хье ца луш юхавогIу».

Кхин цхьа хIума а ду, Малхбузехь бехачу нахана тIеэца халадолуш. Цуьнах лаьцна а дуьйцу Тепс Денис.

Тепс Дени: «Оьрсийчохь белхан система нийса яц. Дош лардеш дац, бина барт а ларбеш бац. Iедало а шена луург лела до, харцо лелайо. Цигахь дерг дукхачу хьолахь вайн цIахь а ду. Стаг шен дешан да ца хуьлу. ТIаккха цо, шена ца лаахь а, дукхачу нахана тешнабехк бо.

ЦIахь хьо цхьаъ дан волавелча хьуна тIеховша дуккха а нах кара бо. Цхьацца структураша бале лоцу. Цундела и гIиллакхаш дIа ца довлахь цIа ваханарг а цIахь Iийр вац, цIа ваханарг а сихха дIагIур ву. Иза вайна бале даьлла. Иза дIанисдан дуккха а хийцамаш беза цигахь».

Территори кхиаран а, къоман политикан а, шуьйра коммуникацийн а министралло юьхьарлаьцначу программица гергарчу хенахь еспубликехь балха эца везаш ву 64 говза белхахо. Ткъа и программа кхочуш йина яьлча цу нехан терахь хир ду 600 стаг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG