ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вахаев Хож-Ахьмад: Тахана - хьиджаб, кхана - шаьлта


Хьиджаб школехь лело магош Нохчийчоьнан парламенто низам карладаьккхар гIалат лору Пачхьалкхан Думехь депутат Iийначу Вахаев Хож-Ахьмада. НСН агенталлаца къамелдеш.

«Тахана - хьиджабаш, кхана – шаьлтанаш, иштта дIагIор ду. Нагахь санна оцу низамца доьзна хаттар делахь, оцу балханна процедура ю. Юхьанца цара Пачхьалкхан Думе шайна луург дIакхачо деза кехатца, департаментах, президентах, Iедалх иштта кхечаьрца а дагабовла беза», - аьлла Вахаевс.

Хьиджабах доьзна низам кечдан долийна Нохчийчоьнан парламенто Оьрсийчоьнан дешаран министран Васильева Ольгинний, мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзананний школашкахь корта бусалба хьесапехь къовларх лаьцна къовсам иккхинера хьалхо. Васильева дуьхьал яра динан атрибутика школашкахь лелийта, ткъа Кадыровс иза бехкейира, иза шена хетарг толон гIерта, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG