ТIекхочийла долу линкаш

Ши Нохчийчоь: Наташа йолуш а, иза йоцуш а


Нохчийчоь -- Эстемирова Ната бакъоларъярхойн кхеташонехь, Соьлж-ГIала, Товбеца-бутт 26, 2007

8 шо кхаьчна бакъоларъярхо Эстемирова Наталья йийна

Эстемирова йина 8 шо даьллехь а, иза ер толлучара жамI ца делла. Бирзина а бац таллам. Бехкениг мила ву а дац къастийна. Схьахетарехь, гергарчу хенахь, кхолладеллачу хьолехь, иза хуур а дац.

Наташа-бакъонашларъярхойн символ хилла дIахIоьттина: йийна, амма къар ца елла. Иза елле цуьнга «Новая газетан» коьртачу редакторо Муратов Дмитрийс аьлла: «Хьуна кхерам бу хьуна. Хьо дIаяха еза цигара. Царна саца хууш дац хьуна».

И хьехам Муратовс бина дукха хан ялале Наталья цхьана Iуьйранна шен цIера араяьлча, автобусийн социйлехь массийта герзхочо тIе а кхетта, машена чу а тоьхна, дIайигина. Иза дIаюьгуш а гина нахана. Цаьрга мохь тоьхнера Наташас, ша лачкъош ю, аьлла.

Гиначарна хIумма а дага ца деана, я ядийна машен а, цуьнан ноьмар а. Наташа ядийна массийта сахьт даьлча, ГIалгIайн махкара хаам кхечира, иза Гази-юртана гена доццуш йийна карийна аьлла. Коьртах а, дегIах а герз тоьхна хилла цунна. Цхьацца болчу хаамца, машена чохь садукъдина йийна хилла иза.

Наташа еро Iадийнера Нохчийчуьра цуьнан накъостий а, бакъонех дог лозурш а. ХIинца Путинан цIе лелочу проспектехула дIадаьхьира цуьнан дакъа цара. Полици а, экскархой а дуьхьал бара, нехан оьгIазло тIехсов Iенаш йолундела, уьш а ца хIиттира оцу ша шех йолаеллачу акцина дуьхьало ян.

Иза дIаяьлчхьана тхан болх ах дIабаьлла ала мегар ду.

Эстемирова Наташица цхьаьна болхбина цуьнан накъост Саратова Хеда тахана а и болх Нохчийчохь беш ю. Шайн балханна мел эшам хилла дийцира цо.

Саратова: «Наташа цахилар чIогIа эшаме ду. Иза дIаяьлчхьана тхан болх ах дIабаьлла ала мегар ду. Иза ер а, бахьана а боккха эшам бу, йоккха харцо а ю-кх иза».

Эстемирова Натальяца дукха хьалхе дуьйна болх бина ю бакъонашларъярхо Газиева Алпаъ. Ша чIогIа цецйолура цуьнан къинхетаме дагах. Адамех а, дийнатех а дог лозура цуьнан, аьлла дийцира цо.

Цунна бен а вацара: шен мостагI хилча а, цунна накъосталла оьшу аьлча, чухахкалора-кх иза

Газиева: «Иза сол жима яра. Ас ойла йора, шен жималла хир ю-кх цуьнан иза олий. Амма хан яьлча а хийцалуш яцара. Адамех а, цицигех а къахетара цунна. Цунна бен а вацара: шен мостагI хилча а, цунна накъосталла оьшу аьлча, чухахкалора-кх иза».

Эстемирова Наталья еран хьокъехь болийна талламцхьана а жамIе ца беъна боху Саратова Хедас. Амма иза теша зуламхой жоьпе ийзориг хиларх.

Саратова: «Цигахь цхьана а тайпа жигара болх беш стаг ву аьлла ца хета суна. Дала бекхам царна бийр бу. Уьш карабахьара аьлла, цхьа дIоггара къахьоьгуш лелаш бу аьлла а ца го суна».

Эстемирова Наталья йолуш а, йийначул тIаьхьа а, аьлла, шина замане бекъа мегар бу Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхойн болх. Цо къахьегначу «Мемориалан» Соьлж-ГIалин декъера белхахой махкахбевлира шайна кхерам бу аьлла.

Бухабисинчийн а, дозанал арахь болхбечийн а тахана юкъаметтигаш дика яц. ЦIахь бисина и болх беш берш цара емал бо, Кадыровн Iедална кIелбахна бохуш. Иштта бехкейо Саратова Хеда а. Шена ца хаьа, боху цо, Наташас кху хьелашкахь болх бийр бара я бацара, амма ша деш дерг цо къобалдийр дара аьлла хета шена боху цо.

ХIетахь атта дара болх бан.

Саратова: «Тахана суна луьйш, ас беш болу болх дастамбаккха гIерташ лела цхьаболу нах. Уьш дозанал арахь беха. Цаьрга даделларг ца далуш Iаш ма яц со. Дукхачу пачхьалкхашкахь со тIеоьцур йолуш бу. Хийлазза цIайоьдуш, кхана Iуьйранна дIагIур ю-кх со, аьлла, ойла хилла сан. Амма Iуьйрана шен-шена гIодахьара, кхуззахь харцо ю, олу соьга...

Кхузахь хала ду болх бан. ТIевеанчу стагна Iедалера гIо хилийтархьама, со Iедалшца девне ца йолуш лела. Ас иза ца до бохуш, со дастамъяьккха гIерташ, хабарш дуьйцу. Наташа йолчу хенахь, тIеман заманахь тхо мичча а чудоьлхура. ХIетахь атта дара болх бан. ХIинца, хьуна мотт тухург а, луьйш верг а, ахь бен болх дастамбоккхушверг а ву. Тахана чIогIа хала ду хIара болх бан».

Эстемирова Наталья елле а, йийначул тIаьхьа Нохчийчохь а, ерриг а Оьрсийчохь а дукха зуламаш хилира. Амма шуьйра гIара а долуш динчу оцу зуламех хIара ду аьлла, теллина, баккъал а бехке берш жоьпе ийзийна меттиг кIезиг бу. Куьгбехкенаш цхьа аьтто а хилла, набахте хьажийча а, цаьрга и зулам дайтинарш бац цкъа а гучубовлуш.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG