ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра бакъоларъярхой: цIерш, адресаш


Бакъоларъярхой кIезиг бисина Нохчийчохь.

Шайн урхаллаш Москох, я къаьсттина Европехь ерш, тоххара дIасабевлла, къар ца луш махкахь бухасецна «Мемориал» центран дакъалг доцург.

Уггар доккха тохар хилира бакъоларъярхошна, «арахьара агент» цIе юкъа а йоккхуш, «даймохк бухкурш» шайх бича.

Ерриг а стохка цхьана-шина кIиранна юкъахь Оьрсийчохь дIалекънарг 150 хьукмат яра, доккхачу декъанна – тоьлла ларалуш йолу дуьненаюкъара центраш.

ХIора а юкъаралла Iоттаелира «цабевзачийн» эвхьазаллица, оьгIазаллица, низамхошкара гIо-орца а доцуш, эшна, дIаяхара.

Адамийн бакъо ларъечу юкъараллех таханенна муьлхарш ю дийна Нохчийчохь?

Оцу хаттарна жоп а луш, коллегийн корматалла мел тоаме го шена дийцира дуккха а шерашкахь адмийн бакъонийн гIаролехь къахьоьгучу «Бакъо а, Iалашдар а» юкъараллан куьйгалхочо Эжиев Минкаила.

Эжиев: «7-8 организаци ю, уьш тоаьш ю. Хилийта луург хIун дара? Тоьлла юриспруденци евза нах хиларрий, уьш нахана пайде хиларрий. Адвокаташ алссам хилча дара дика. ТIаккха хуьлура кхачам болуш.

Хууш ду, дукхахйолу организацеш тIом болуш кхоллаелла, бацара юристаш хIетахь, лор вара цхьаьнхьа, вукхунхьа – милиционер… Хенаца дIабаха беза уьш, цундела хуьлу кхачамбацарш.

Ткъа организацеш шаьш тоьаш ю. Бакъду, кегийнехан яц хьалха тIом болчу хенахь сaнна интерес. КIезга богIу керланаш, делахь а берш а тоьа. Доьналла а долуш, майралла а йолуш болу нах – царна цхьана а кепара новкъарло яц. ХIума хилча кхоьрушверг – иза кхечу метте ваха веза бaлха. Хьо нахана гIодан араваьлла вуй – некъ лаха…»

Нохчийчохь йисинчу бакъоларъярхойн юкъараллийн хьесап а дира Маршо Радионо Эжиев Минкаилца. Сурт иштта ду.

Юкъаралла

Соьлж-ГIалара хIусам

Куьйгалхо

«Бакъо а, Iалашдар а»

(«Право и защита»)

Люксембурган урам,19, п.6

Эжиев Минкаил

«Нохчийчоьнан Зударийн Цхьанакхетаралла»

(«Союз Женщин Чечни»)

Маяковскин,121, п.3

Омарова Малика

«Нийсо» («Справедливость»)

Путина проспект, 10, п.13

Махаджиева Зарган

«Коалици»

(«Коалиция»)

Новосадовая урам, 2

Яхъяев Денисолта

«МухIажирашкахула йолу Юкъараллин Кхеташо» («Общественный Совет по Беженцам»)

Нагорни урам, 7

Даудов Абдулхьамид

«Къилбаседа Кавказан машарбаран центр»

(«Северо-Кавказский миротворческий центр»)

Пограничная урам, 277

Мальсагова Аминат

«Низам а, Нохчийчоьнан бераш а»

(«Закон и дети Чеченской Республики»)

Тасуеван урам, 58


Хаджимурадов Абухьаьжа

«Ненан Сингаттам»

(«Материнская Тревога»)

Ленинградский 1-ра переулок, 14

Межидова Зайнап

«Нохчийн къам кIелхьардаккхаран комитет»

(«Чеченский Комитет Национального Спасения»)

Несара

Бадалов Руслан

"Нохчийчоьнан наной" («Матери Чечни»)

Москох, Неманский пр, 1, 1

Магомадова Мадина

Йозушйоцу информ.-аналитикан агентство «Объектив»

("Незав. информ.-аналит. агентство «Объектив»)

Володарскин урам, 11

Саратова Хеда

«Зударий - кхиамехьа»

(«Женщины за развитие»)

Кольцован, 103

Базаева Липхан

«Синтем»

Гоголан, 29

Айрапетян Инна

«Оптимум»

10 Лини, 45, п. 32

Ахмаев Руслан

Кегийрхойн болам «Диалог»

(Молодежное движение «Диалог»)

Кутузовн урам, 13/а, п. 2

Аюбова Лайлаъ

"Байнарш лахар"

("Поиск без вести пропавших")

Маяковскин урам, 92

Кагирова Тамара

Кегийрхойн инициативаш кхиоран центр «Перспектива»

("Центр развтия Молодежных инициатив «Перспектива»)

Шела, Асухановн урам, 88

Асуханов Беслан

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG