ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бегаш боцчохь, нах боьлуш боцчохь кхераме ду!


Нохчийчьура карикатуристаш Исраилов Хож-Бавди а, Исламгириев Апти а
Нохчийчьура карикатуристаш Исраилов Хож-Бавди а, Исламгириев Апти а

Беламан денна лерина шиъ гайтам дIабаьхьира Соьлж-ГIалахь. Цхьаъ - Кадыровн цIарахчу галереяхь Исраилов Хож-Баудин суьртех хIоттийнарг, важа - къоначу карикатуристан Исламгириев Аптиниг, Къоман музейхь.

Шиннахьа а алссам нах бара. Хазахетарца тIеийцира и ший а гайтам. Исраилов Хож-Баудис-м луучунна забаренна суьрташ а доьхкура ша Iаччохь. ХIора суьртана цхьацца минот бен ца йойура.

Сурт диллийта баьллачу аьттонах ца тешаш, наха рагI хIоттийра цунна тIе. Мукъа хан яьллачуьра, цуьнга хаьттира Маршо Радионо, нохчийн дахарехь хIун меттиг дIалоцу забаро, иза стенна оьшу аьлла.

Исраилов: «Вайн нохчийн цIийца ма ю забар. Забарех цакхеташ нах хуьлу. Уьш дукха бац. Дерриг дуьне а ду хIинца забаре дирзина».

Маршо Радио: «Хьан дахарехь хиллий, ахь сурт диллича, я забар йича, цунах цакхеташ?»

Исраилов: «Со дешна а ваьлла, театре ваханчу хенахь, ас дуккха а артистийн суьрташ дохкура. Массо а воьлура. Дудаев Мусан сурт а диллира ас. Резавоцуш, суна довдира цо «сан мара Iадбита, сан сурт кхин ма дилла» аьлла.

Цул тIаьхьа цхьа жимма хан яьлча, ас юха а дехкинера артистийн суьрташ. Уьш буьйлуш гина, тIе а веана, хьажа а хаьжна, Муса а велавелира. ТIаккха суна тIе а веана, шен сурт дилла мегар ду аьлла, пурба делира цо».

Нохчийчохь тахана чIогIа оьшу забар а, самукъа мел доккхург аьлла хета актерна, суртдиллархочунна Исраилов Хож-Баудина. Иза шатайпа дарба ду къоманна, дуьненна дIа а гойту цо ша-шех дела доьналла долуш, кхане йолуш ша хилар, дийцира забарх кхоллам а хилла везхачу артисто.

Исраилов: «ХIинца хIара сурт ду, масала: мала а мелла, кисанахь шиша а, буйнахь чIерий а долуш чу а веана, зудчуьнга коьрта йовлакх тилла боху цо, ша къонах вац ала тарло шена. Иштта, карикатурехула, забарехула охьатаIо еза вай Iесалла. Вайн дукха а бац карикатураш йоьхкуш. Уьш дуккха а хилча дика дацара?!».

Дукха хан йоцуш керла говзанча гучуваьлла самукънечу шаржехь болх беш. Иза ву къона актер Исламгериев Апти. Халкъан музейхь схьабиллира цуьнан суьртийн гайтам. Цуьнан суьрташка хьажа а, цунах дош ала а иза волчу ваханера Исраилов Хож-Бауди а.

Исламгериев Аптин суьрташ а ду юккъараллехь, нахалахь яьржина беламе а, дастаме а амалш гойтуш.

Исламгириев: «Тайп-тайпана белхаш ду кхузахь. Нохчийн забар чIогIа ира а, хьекъале а хилла. ХIинца, масала, къен ву и стаг. Лулахочо цунах олу, «дIаяьккхахь, вехар волуш вацара иза-м». ТIаккха, Дала цхьа аьтто а белла, цо цIа дича, «цхьа стаг хилла дIахIоьтти хIара а», олу. Къе хилча а ца мега цунна, вехаш хилча а ца мега. Вайн дахар сирла а, цIена а хилийта къахьоьгу ас».

Гайтаме баьхкинчу хьовсархошлахь вара махкана вевзаш волу Iилманча фольклорист, филолог, нохчийн меттан говзанча Джамбеков ШаIрани. Цо иштта мах хадийра оцу гайтаман.

Джамбеков: «Аптин хIара суьрташ суна хьалха а гина. Газеташкахь гинехь а, дага ца догIу суна. ХIинцалц цхьа Хож-Бауди вара вайн гоьваьлла карикатурист, хIинца кхин цхьаъ а ву. И ший а актер хилар а, цара бен хIара болх а суна чIогIа товш бу, сан даго тIеоьцуш бу».

XS
SM
MD
LG