ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Галайн-ЧIожан кIошт меттахIотто воллу Кадыров


Нохчийн лаьмнашкахь
Нохчийн лаьмнашкахь
Саидов Тимур

Нохчийчоьнанний, ГIалгIайчоьнанний дозанаш далхочу Магасерчу жигархоша къовсаме йиллина регион, иза нохчийн хиларе терра, сихха битаме ялор ю ша, аьлла Соьлжа-ГIаларчу куьйгалло.

Бовдаьллачу шина къоман дозанаш къастош, 1926-чу шарахь Нохчийн мехкан дола язйина гойту документаша Галайн-ЧIожара ярташ. Сталина нохчий махкахбохучу 1944 шарахь иттех эзар стаг ваьхна цигахь. 12 юьртан кхеташо (сельсовет) хилла оцу 140 гергга кIотарх лаьттачу кIоштахь. Дуккха а тукхамийн, тайпанийн векалша дечу тоьшаллица а догIуш, нохчийн къам деба доьллачу регионийн юкъ лара догIу Галайн-ЧIож. Вуно дукха ю цигахь историн, синбахамаллин билгалонаш: тIулган бIаьвнаш, цIуй-деланийн килсаш, маьлхан кешнаш, кхиболу хIолламаш.

Оцу кIоштах нохчашна дуьсучу латтанех цхьа дакъа гIалгIашна догIу, шаьш нохчашна герга а, цаьрца цIийн юкъарло долуш къам делахь а, боху Магасерчу жигархоша.

1957 шарахь, политикан реабилитаци а йина, даймахка юхабохкуьйтучу нохчашна дихкира Нохчийчоьнан лаьмнашка охьаховша. Нохчийчоь-Ичкери де-факто Оьрсийчоьнах йозуш йоцчу 1990-чу шерийн муьрехь аьтто белира ЧIебарлойн а, Галайн-ЧIожан а кIошташ меттахIиттон. КIоштийн администрацеш куьйгалла дан охьаховшийра Соьлжа-ГIалахь - цара жигарабохур бу шайн дай баьхначу лома хьалабаха дагахь болу нах, аьлла болийра и болх.

Кремло дIахIоттийначу Нохчийчуьрчу урхалло а арахийцира и кIошташ юхаденъярх долу омранаш. 2012-чу шарахь Галайн-ЧIожан а, ЧIебарлойн а кIошташ мехкан коьртачу низаме дIаязъян сацамбира меттигерчу парламенто. 2014-чу шарахь кхоьллира Нохчийчохь ЧIебарлойн а, Галайн-ЧIожан а муниципалан кIошташ кхолларх йолу пачхьалкхан комисси.

КIошташ меттахIиттор сихдан дезаш хилар дийцадаьккхина Кадыровн Рамзанан Iедало 2018-чу шарахь, ГIалгIайчоьнца доза къастош долчу низамна гонах къовсам эккхарца доьзна.

Дайначу шеран Лахьан-баттахь ломарчу Галайн-ЧIожахь бечу некъашка а, тIешка а хьожуш, карон тарлуш йолу инвестицеш а лохуш, болх сихбан безаш хиларх дийца вахара Кадыров шеца шен го а буьгуш. ГIалгIайн а, нохчийн а мехкаш дIасакъаьсточу Мартанга хинйистехь хIоттийначу оцу кхеташонехь сацамбира "Галайн-ЧIожан кIоштан Шо" цIе тилла 2019-чу шарна.

"Кавказ.Реалиин" къамел хилира депортаци яле хьалха шайн дай оцу меттигашкахь баьхначу нахаца. Уьш дегайовха бу лаьмнашкахь юьллучу инфрактуре инвестицеш кхачахь, шаьш шайн тайпанийн ярташка дIатарлург хиларх. Ткъа уьш цигахь цкъачунна бехийла дац – хьежа безар бу Нохчийчуьрчу Iедало бахка болийна некъаш бина бовларе. Соьлжа-ГIаларчу хьаькамаша дийцарехь, кестта кхочур ю лаьмнашка серло а, газ а –хир бу нехан тIаккха шайн дайша 75 шо хьалха дIатесна хIусамаш юхаденъян аьтто.

2018-чу шеран кхиамаш буьйцуш, Кадыров Рамзана юха а хьахийра денъеш йолчу Галайн-ЧIожан кIоштан проблемаш, дош делира, нагахь санна нахана дайн кхерчаш денбан лаахь, цигарчу ярташкахь школаш, берийн бошмаш, кхийолу хьукматаш яхка.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо дина дIахьедар гIалгIайн жигархойн декъо тидира шен кепехь – Мартангин аьтто агIо нохчашка дIалаца боху Кадыровс, ткъа иза церан хуьлийла а дац, аьлла.

Юьйцу меттиг бахьанехь яхначу гурахь протестийн болам гIаьттира ГIалгIайчохь. Дараш доцуш бирзина иза.

Карарчу беттан 9-чу дийнахь Галайн-ЧIожан кIоштахь бан болийначу белхан "некъан карта" дийцаредина Нохчийчоьнан министрийн кабинето.

Цуьнца а догIуш, лаьмнашкара дахар аттачу даккхархьама 250 инвестицийн проект кхочушйийр ю 2020-гIа шо тIедале. Ярташкара хьелаш тодан хьажор ду, хьаькамаша бахарехь, 3,7 миллиард сом, айдинчу гIуллакхо бахархошна лур бу 1700 белхан меттиг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG