ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчашкара хуьлучу тIекарлонах а бовлуш …


Саидов Тимур

Цхьа а жамI доцуш, цIеххьана бирзина Магасера гулам

Нохчийчоьнца доза къастош, шайн мехкан урхалло куьг таIийначу бертанна резабоцу гIалгIай цIеххьана бевлира гуламе – иштта гора хилларг Къилбаседа Кавказ шайн тергонехь латточу эксперташна.

Евкуров Юнус-Бека а, цуьнан гоно а дехха къамелаш дира къомаца. Кху беттан 16-чохь ГIалгIайчоьнан парламенто тIечIагIдира нохчашца доза декъарх долу документ.

Митинго, шен йолаяларца а санна, цIеххьана ерзарца а цецбаьхна нах. Лидерша "хьал цхьалхадаллалц" латта чIагIонаш еш хиллехь а, дIабахана цара майданашка гулбина хилла бахархой.

Нохчашка болчу цабезаман сеанс

Мухха а делахь а, кхидерг доцуш, гуламо карлаяьккхина гIалгIаша шайн хила деза бохуш далхочу лаьмнашкара схьабевллачу нехан, орстхойн, проблема.

Орстхой беха шина республикан дозанца, дехьа а, сехьа а. БогIу уьш "нохчий", "гIалгIай" аьлла политикан, административан гурашка яздинчу вайнехан шина а къоман декъа. Цу тIе, орстхой шаьш а бац къастабелла бевлла, муьлхачу къомах бу уьш – нохчий я гIалгIай. Республикаша дозанаш вовшашца мухха а декъарх а буьсу цхьаболу орстхой – дехьа, вуьйш – сехьа.

ГIалгIайн оппозицин лидерша, дерг ма-дарра довза деза, нохчий тIех сов гезбахар дирзина цхьана цIийх долу ши къам вовшашка чекх а хьоьжуш. Иштта хьаьвзинчу оппозиционераша шайн карах даьхна шаьш нохчашкара – Кадыровх баккхийбеш боцчу нохчашкара – шайна юкъ-кара нислуш хиллачу тIекарлонех.

Историн Iилманан докторна Д. СаIидна гарехь, Магасехь гулам вовшахтухуш, лидерша шаьш иза хIоттабо бехира шайн мехкан латта Нохчийчоьнан доладерзор цатайнийла гайтархьама, амма дирзира дерриг а "нохчашка болчу цабезаман сеанс" а хилла.

"Къайлахьош а доцуш, гуламхоша шайгахь мел йоккха гамо ю нохчашка гайтаро, нохчийн къам сийсаздеш къамелаш даро ант эккхийтина вайн юкъаметтигна. Цхьа лар йоцуш дуьсур а дац иза", элира "Кавказ.Реалиига" историн говзанчас.

Митинг ша-шах йирзина, ткъа иза Евкуровн гоно тида тарло оппозицина тIехь ша толам баьккхича санна. Тарло жигархошна тIеIаткъамаш бан.

Кадыров а вуьйлира ГIалгIайчуьрчу хиламна юкъа. Цуьнан нах арабевлира гуламехь нохчашна лийначаьрца къестамаш бан – Нохчийчохь а санна, "бехкенаш" бехказбуьйлуш яьхна видеош лела хIинца яьржина.

Протестхоша йитина майда, амма ца йитина къерахилла

ГIоьртина ду ГIалгIайчуьра хьал. Шина а республикан векалш а, могIархой а хьийза архиваш луьстуш, картанаш хьаладохуш. Амма цхьа а вац хууш, муьлхачу историн муьрера, заманара хила деза и тайпа тоьшаллаш.

ГIалгIайчоьнан пачхьалкхан архиван а, меттигерчу гуманитаран Iилманийн талламан институтан а белхахошца цхьаьнакхетта Евкуров. Хьаькамаша нахаца къамелаш до, довзуьйту царна дозанах дерг. Бакъду, ма-аьлла шера дIа ца боьду и болх.

Оппозици Дуьненаюкъара гIалгIайн къоман гулам вовшахтоха дагахь ю (кхайкхийна тIедогIучу шеран ГIадужу-беттан 30-гIа де).

Хинболчу къоман гуламе ван магош ду муьлххачу а кехатца лаам къадийначу стагна. Барамо йийцаре йийр ю ГIалгIайчоьнан латта а, доза а къастош лела еза кеп, мах хадор бу меттигерчу Iедалан, пачхьалкхана тIедожор ду мехкан куьйгалхо халкъе харжамашкахь къаставайтар.

Евкуровн администрацино гойту ша форуман декъа йогIур йоцийла. Ткъа цо къобалбеш боцу барам лигитимехь хир бу ала а дац.

Майданашкара дIаяхна, мохь беттачуьра сецна проблема, амма ца яьлла иза юьстах. Керлачу сибате йоьрзуш ю протест, Iедалца кхин а чIогIа гамлур ю гIалгIайн оппозици.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG