
Кху деношкахь Нохчийчохь Хоси-юртахь цхьана пена тIе исламан пачхьалкх тобан симболш ехкинера цхьаммо. Иза зулам а хетта, и йоза динарг лохуш бара республикера ницкъаллин структурийн белхахой. Ткъа хIинца хаамаш баьржина цара цу гIуллакхана бехке волу кхо жимастаг лаьцна аьлла.