ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Лачкъийна дIа а вигина, кисана наркотик а кхоьссина..."


Шелан кIоштан кхело Гериев Жалавдина тоьхначу ханна реза ца хиллачу адвокаташа аппеляци йинера. Низамо ма бохху, керла, шолгIачу тIегIанера кхел, ю йоьдуш. Шинарийдийнахь Соьлж-ГIалахь, Iуьйрана йолаеллачу кхелан процесс сарахь бен чекх а ца елира. Цуьнан чулацамах дийцира адвоката Мусаев Iалавдис.

Мусаев: «Хьалха санна, йола а елла и процесс, хьалха санна, ерза а йирзина. Кхелан сацам белла сацам бу. Иза бакъонца чIагIбан йиш яц. Аппеляци тIехь оха иза ма-дарра яздина. Цунна дуьхьал ала хIума дац церан».

Гериев Жалавдин гIуллакх журналистийн тидамехь хилла ца Iаш, цуьнан терго къайлахчу сервисо еш хилар а гучудаьлла. Дукха хан йоццуш, кхеле пурба а дехна, цунна тIекхаьчнера ФСБ-н ши белхахо.

Дийцарехь, царна хаа лууш хилла Гериевс бинчу журналистан балхах. Ала догIу, махкахь тIаьхьарчу заманахь хаамийн гIирсаш а, журналисташ а тидамеъцна кхобу ФСБ-но.

Адвоката Мусаев Iалавдис даредира, Гериев Жалавдина тIе а оцу хуькматера нах кхаьчна хиларх.

Мусаев: «Тахана цуьнга дош делира. Цо элира, шена кхел кхайкхийча, ша волчу ФСБ-н ши белхахо веанера, аьлла. Оха хIинца толлуш ду уьш хIунда бахана цунна тIе».

Кхелан кхарел хьалхарчу дийцаршкахь Гериев Жалавдин агIоно дехнера кхелахо Горбовцов Дмитрий коьртехь волчу коллегех ша ца теша, иза хийцахьара, аьлла. И арз юха а терго а ца еш дитарна реза вац адвокат Мусаев Iалавди.

Мусаев: «Лелачу низамашца, тхо ца теша шух, аьлла, арздича, кхелхочун ша дIавала а йиш ю, ца лаахь - ца вала а йиш ю. Низам ду-кх иштта. Цунна дуьхьал довла йиш яц вайн».

Шинарийдийнахь кхел хьочу Горбовцов Дмитрийс дихкира видео яьккха. Иштта, дихкира журналисташна процессан чоьнаш чохь хила а.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832

XS
SM
MD
LG