ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьрчу суьдхочо харц 5 миллиард сом кхачийна "Симбиозна"


Бачаев Iалуна, Нохчийчоьнан арбитражан кхелан кхелахочунна дуьхьал бехктакхаман дов айдина, яздо Интерфакс-о, Талламан комитетан векало Петренко Светланас еллачу информацина тIе а тевжаш.

2010-чу а, 2012-чу а шерашкахь, шозза, харц сацам тIеэцна цо - кхачийна коммерцин "Симбиоз" ассоциацина, цуьнан арз толлуш, Iедалан долара 5 миллиард сом, дуьйцу Петренкос.

Оьрсийчоьнан конституцино къастош долу кхелан принципаш а, кхеле болу тешам а галбаьккхина Бачаевс шен харц сацамашца, боху Талламан комитетан векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG